Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос даздаран хьолехь схьа а йиллина, дIахьош ю «Къона говзанчаш» (Word Skills Russia) региональни II-гIа чемпионат.
Чемпионат схьайоьллучохь дакъалецира Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствон отделан хьаькама Л.Золотоевскаяс, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Ш.Ахмадовс, Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министран заместитела Х.Ибахаджиевс, Нохчийн Республикин стратегин дIадолорийн агентствон векала Д.Бугаевс.
Чемпионатехь студенташа шайн хаарш а, хьуьнарш а къевсира хIокху номинацешкахула: «Сварочные технологии», «Кирпичная кладка», «Автомеханика», «Преподавание в младших классах».
Къийсадаларш дIахьош дара Нохчийн технологин техникуман а, Нохчийн автотранспортни техникуман а, гIишлошъяран-техникин техникуман а, Соьлжа-ГIалин хьехархойн колледжан а къинхьегаман майданашкахь.
WorldSkills – иза Дуьненаюкъара болам бу. Цуьнан Iалашо ю белхан говзаллийн сий лакхадаккхар а, студентийн корматаллин дешаран кхиор практикехула чIагIдар а. «Къона говзанчаш» чемпионата белхалойн корматаллин сий лакхадаьккхина ца Iаш, говзанчаш ца тоьаш йолу меттигаш билгалъярехь а доккха дакъалоцу. Профильни СУЗ-на я дешаран кхечу заведенешна а юкъахь гергарло таса некъаш а досту.
Техникин говзаллаш даима а оьшуш ю экономика а, промышленность а кхиорехь. Чемпионатан къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Цуьнан жамIаш газетан рогIерчу номерехь довзуьйтур ду.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№19, пIераска, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2017 шо