Билгалдаьккхира Хаарийн де

IMG_3675

Селхана республикин 456 юкъарадешаран школехь даздаран хьолехь дIадолийна  дешаран керла шо.

Дешархошца, хьехархошца  цхьаьна Хаарийн денна леринчу даздаршкахь дакъалецира меттигерчу Iедалан векалша, дай-наноша, юкъараллин  векалша.

Хоси-Юьртара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу, №1 йолчу юккъерачу школехь  хиллачу даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министра Байханов ИсмаIала, кхечу официальни наха. Нохчийчоьнан Куьйгалхочо  дешаран керлачу шарца, Хаарийн денца декъалбира республикин берриге  дешархой а, хьехархой а.

Хь.АБАЕВ 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: