Бекарг (март) беттан 12-гIа де, 1936 шо. Хьалха-МартантIехь вина Магомаев Салавди, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь, цул тIаьхьа Лаккхарчу партийни школин журналистикин факультетехь.
Журналистикехь хьалхара гIулчаш яха волавелира 1955-чу шарахь, хIетта Алма-Атахь нохчийн маттахь арадала доладеллачу «Къинхьегаман байракх» газетехь. 1957-чу шарахь Даймахка цIавирзичхьана, «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь къахьоьгу (литсотрудник, гочдархо, корреспондент, коьртачу редакторан заместитель волуш). 1990-чу шерашкахь «Грозненский рабочий» издательствон директоран заместитель а, зорбанан, хаамийн министран заместитель а волуш белхаш бо.
2004-чу шарахь дуьйна юха а «Даймохк» газетехь ву (жоьпаллин секретарь).
Журналистикин хьаьрмахь цо биначу белхан лаккхара мах хадош, С.Магомаевна совгIаташ дина «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» сийлаллин цIерш яларца а, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца а.
«ХIетахь догIа мела хуьлура» книгин автор волу Магомаев Салавди Россин яздархойн а, журналистийн а союзийн декъашхо ву.
Бекарг (март) беттан 14-гIа де, 1939 шо. Грозненски кIоштан БердакIел юьртахь вина Махмаев Жамалди, берийн яздархо, Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо.
1944-чу шарахь нохчийн къам махках доккхуш 5 шо а кхачаза ву иза. Бераллин а, кхиаран а шераш Казахстанехь чекхдевлира. Литературе болу безам школехь доьшуш волуш дуьйна гучубелира кIантехь. Цуьнан дуьххьарлера стихотворени зорбатуьйхира «Казахстанан пионер» газета тIехь иза 6-чу классехь доьшуш волуш. Вайн къам шен махка цIадирзича нохчийн литература а, мотт а кIорггера Iамо волавелира иза. Цо чекхъяьккхира хьехархойн училище а, хьехархойн институт а. Белхаш бина Грозненски кIоштан «Заветы Ильича» а, цул тIаьхьа «Ленинан некъ» а газеташкахь. 1970-чу шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де кхаччалц ша виначу юьртарчу юккъерчу школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш къахьийгира. «Маликат», «Маликат школехь», «Со – Соскин Солса ву», «Мамин сурт», «Самукъане абат», «Сан кегий доттагIий», «Некъан абат», «Аьттан бер», берашна леринчу кхечу а книгийн автор.
Хьехархочун, поэтан Махмаев Жамалдин хьаналчу къинхьегаман лаккхара мах хадош, цунна совгIаташ дина «Знак почета», А.-Хь.Кадыровн цIарахчу орденашца, «Хьехархо-методист», «Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъволу хьехархо» цIерш яларца.
Кхалхар хилла 2014-чу шарахь.
Бекарг (март) беттан 15-гIа де, 1912 шо. Дагестанан Хасавюьртан кIоштарчу Осман-Юьртахь нохчичун-ахархочун доьзалехь вина Бейбулатов Ирбайхан, Советийн Союзан Турпалхо.
1935-чу шарахь Соьлжа-ГIалара хьехархойн училище чекх а йоккхий, виначу юьртахь дIаболабо хьехархочун болх. 1941-чу шеран асаран (июнь) баттахь Советийн Эскарехь гIуллакх дан волало. 1942-чу шарахь чекхйоккху Буйнакскера тIеман-гIашлойн училище. 1943-чу шеран кхолламан (январь) баттахь дуьйна Даймехкан тIамехь дакъалоцу къоначу эпсаро.
Оццу шеран эсаран (октябрь) баттахь Ирбайхана куьйгалла дечу батальоно дакъалоцу Мелитополь гIала фашистех паргIатъяккхарехь. ГIалин урамашкахь хиллачу тIемашкахь цуьнан бIаьхоша хIаллакйо мостагIчун 7 танк а, 1 000 сов фашист а. Ирбайхана ша йохайо 1 танк, хIаллакво 18 мостагI. Мелитополь гIала паргIатъяьккхира, и паргIат йоккхуш шен дахар дIаделира нохчийн кIанта Бейбулатов Ирбайхана. Цигахь гайтинчу хьуьнаршна Советийн Союзан Турпалхочун цIе елира И.Бейбулатовна 1943-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 1-чу дийнахь (веллачул тIаьхьа). Цул хьалха цунна совгIат динера ЦIечу Седанан орденца а.
ДIавоьллина ву Мелитополь гIаларчу Кировн цIарахчу паркехь.
№19, пIераска, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2017 шо