ДIадаханчу пIераскан дийнахь Ессентукехь Россин Федерацин Правительствон Председатела Медведев Дмитрийс дIаяьхьира Къилбаседа Кавказан федеральни округ социально-экономикин декъехь кхиоран гIуллакхашкахула йолчу Правительствон комиссин кхеташо.
Цигахь дакъалецира Россин Федерацин вице-премьера Хлопонин Александра, Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векала Белавенцев Олега, Россин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министра Кузнецов Лева, финансийн министра Силуанов Антона, дешаран, Iилманан министра Васильева Ольгас, къинхьегаман, социальни лардаран министра Топилин Максима, ведомствийн векалша, регионийн куьйгалхоша.
– Къилбаседа Кавказан федеральни округехь туризм а, санаторно-курортан дакъа а кхиорна дика хьелаш ду. Цундела, уггаре а доккха хиндерг долу туризман кепаш кхио аьтто бу цигахь: лаьмнийн-лыжийн, могашалла тояран, культурин-довзаран, рекреационни, иштта кхиерш а. ТIаьхьарчу шерашкахь оцу декъехь болх беш а бу оха, – элира Д.Медведевс.
Билгалдаккха догIу, дIадаханчу 2016-чу шарахь юккъерчу барамехь 3,5 миллион турист веана Къилбаседа Кавказе, и гайтам 2015-чу шарахь хиллачул а 13,4 процентана лакхара бу. Туризм кхиоран декъехь болх беш хилар хаалуш ду.
Лаьмнийн туризм кхиоран Iалашонца «Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиор» пачхьалкхан программин декъехь Къилбаседа Кавказехь кхуллуш ю туристийн кластер (кластер – цхьана тайпана долу масех хIума цхьаьнатохар). Оцу юкъайогIу массо а муьрехь болх беш йолу туристско-рекреационни комплексаш: Кхарачойн-Чергазийчуьра «Архыз», ГIебартойн-Балкхаройчуьра «Эльбрус», Нохчийчуьра «Ведучи», ГIалгIайчуьра «Армхи» а, «Цори» а, Дагестанера «Матлас» а, Каспийн хIордайистера кластер а.
Цул сов, «2011–2018-чуй шерашкахь Россин Федерацехь чоьхьара а, арахьара а туризм кхиор» федеральни Iалашонан программица нийса а догIуш, Къилбаседа Кавказехь туристско-рекреационни 7 кластер кхолла дагахь ду: Дагестанехь (туристско-рекреационни «Золотые пески», «Золотые дюны» кластераш), ГIалгIайчохь (массо а муьрехь болх бен йолу «Ингушетия» туристийн туш), ГIебартойн-Балкхаройчохь (автотуристийн «Зарагиж» кластер), Кхарачойн-Чергазийчохь (туристско-рекреационни «Экокурорт «Кавминводы» кластер), Нохчийчохь («Къоьзан Iам» курорт), Ставрополан крайхь («Кавминводы» экокурорт).
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира вайн регионехь чоьхьара а, арахьара а туризм кхиор а, цу декъехь хIинцале кхиамаш хилар а. Цо хаам барехь, 2016-чу шарахь Нохчийчохь 90 эзар гергга турист хилла, иза 1991-чу шарахь дуьйна уггаре а лакхара гайтам бу. Цуьнца цхьаьна, Нохчийн Республикин туристийн кластер кхиорехь цхьацца проблемаш хилар а хаийтира Р.Кадыровс.
– Тхо, Россин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министраца цхьаьна, жигара болх беш ду, амма дерриге а гIуллакхаш кхочушдар ца нисло. Кхин тIе таронаш оьшуш меттигаш нисло, ткъа и таронаш хьоьгахь бен яц, Дмитрий Анатольевич. Хьан тIелаца хан хилахь, со кехаташца вогIур вара, кхузахь дукха хан ца яйа, – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цхьаьнакхета а, оьшуш долу гIуллакхаш дийцаре дан а дош делира Д.Медведевс.
А.ХАСБУЛАТОВА
№20, шинара, бекарг (март) беттан 14-гIа де, 2017 шо