Билгалдаьккхира Аслаханов Асламбекан 75 шо кхачар

Бекарг (март) беттан 11-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «София» даздарийн цIийнехь билгалдаьккхира Россин бакъонаш ларъяран органийн а, лерринчу службийн а белхахойн ассоциацин президентан Аслаханов Асламбекан 75 шо кхачар.

575f9b5e52d960.29865148

Аслаханов Ахьмадан Асламбек Нохчийчохь а, Россехь а вевзина ца Iаш, кхечу дуккха а пачхьалкхашкахь вевзаш а, лоруш а ву. Вовза а, лара а хьакъ а ву иза. Россин Президентан хьехамча, Россин Пачхьалкхан Думин депутат, Россин Федерацин Советан Федеральни Гуламан декъашхо, юридически Iилманийн доктор, профессор, милицин инарла-майор, самбохула дуьненан 9-зза чемпион, дзюдон дуьненаюкъарчу классан мастер ву иза.

Мероприятехь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин могашалла Iалашъяран министра Скворцова Вероникас, Къоман медицинин палатин президента Рошаль Леонида, аккредитацехула йолчу федеральни гIуллакхаллин куьйгалхочо Херсонцев Алексейс, Россин МЧС-н статс-секретара Артамонов Владимира, Россин Банкан куьйгалхочун заместитела Торшин Александра, иштта, артисташа, журналисташа, юбиляран гергарчара.

Шен къамелехь Р.Кадыровс билгалдаьккхира Ахьмадан Асламбек Россехь а, дуьненахь а лоруш нохчийн халкъан сийлахь кIант хилар.

– Шен Даймехкан дуьхьа къахьега луучарна бIаьрла масал ду Ахьмадан Асламбек. Цо нохчийн халкъан а, Россин а дуьхьа даима а къахьегна. Уггаре а халачу муьрехь, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентах Кадыров Ахьмад-Хьаьжех теша а тешна, цо арабаьккхина некъ къобалбинарг а Ахьмадан Асламбек ву. Нохчийн махкахь экстремизмаца а, терроризмаца а къийсам латто безар къобалдинчарах цхьаъ а ву Асламбек. Цундела иза вайн халкъан дозалла ду, – элира цо.

В.Скворцовас дийцарехь, Асламбеках чIогIа дозалла до Россехь.

– Оха сих-сиха дуьйцу Асламбеках лаьцна. Цунах лаьцна дуьйцучу хенахь тхан кхетамехь турпалаллин, догцIеналлин, доьналлин, майраллин васташ кхоллало. БIаьхо хила атта дацахь а, дозалла ду иза. Россин могашалла Iалашъяран министерствехь Асламбек массарна а вевза. Массара а дозалла до цунах. Иштта, Россин дуьхьа цо къахьегарна, баркалла а боху, – дийцира Россин могашалла Iалашъяран министра.

Цул тIаьхьа, кхиболу хьеший бист а хуьлуьйтуш, нохчийн эстрадин а, хореографин а коллективийн концертан программа гайтира.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Россин МЧС-н статс-секретара В.Артамоновс министран В.Пучковн цIарах совгIатана тапча, ткъа республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс «Нохчийн Республикин Сийлахь гражданин» цIе елира А.Аслахановна.

И.АДАМОВ

№20, шинара, бекарг (март) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: