Дукха хан йоццуш Нохчийчохь тIеман «Чаборз М-3»-н халачу некъашкахула лелачу машенан официальни презентаци хилира.

Устрада-ГIаларчу «ЧеченАвто» заводехь вовшахтесна ю Нохчийн автопроман керлачу маркин машен. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Цо довзийтира машенна «Чаборз» цIе тилларан бахьана: – Ча – хьуьнхахь уггаре а ницкъ болу экха ду, борз – майра а, доьналле а лоруш ю. Иштта ю вайн «Чаборз» маркех йолу транспорт а. Дуьненаюкъарчу дешаран туьшо инжинирингови «Ф-МоторСпорт» компаница цхьаьна кечйина ю оцу машенан керла проект.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, оцу техникин конструкци атта а, цуьнца цхьаьна дуккха а функцеш кхочушъеш а, халачу некъашкахула атта чекхъялалур йолуш а ю.
Дозанал арахьа арахоьцучу оцу тайпанчу машенийнчул 2,5 сов нуьцкъалла йолуш йина ю иза.
Кадыров Рамзана заводан кертахула хаьхкира керла машен. Цу чу кхо стаг а хаало, кхин 250 килограмм мохь а бахьало. Аренашкахь а, лаьмнашкахь а, хьаннашкахь а, гIамарийн аренашкахь а хахка таро ю иза.
Ткъа коьртаниг, и тайпа транспорт бIаьхой шайн герзашца халачу некъашкахула дIасабига лерина ю. Хьуьнхахь я лаьмнашкахь болчу террористашна дуьхьал къийсам дIакхехьа хьашт хир ю и тайпа техника.
– Шемахь болчу тIемалошна террористашна дуьхьал тIом бан оьшур ю аьлла хета суна уьш. ТIекхача халадолчу меттигашкахь хуьлу уьш, царна тIе кхочу некъаш хала хуьлу, ишттачу меттигашкахь доккха накъосталла хир ду Нохчийчохь ечу машенех», – элира Р.Кадыровс.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, Россехь тIеман техника а, кхиболу гIирсаш а арахецарна тIехь цхьа а халонаш яц, делахь а, и тайпа тIеман-траспортан техника яцара царна юкъахь.
– Дозанал арахьарчу говзанчаша бен еш яцара хIинццалц иштта машенаш, цундела дIадаханчу шеран гуьйранна омра дира ас, нохчийн махкахь уьш вовшахтаса, аьлла. Оцу балхана тIехь леррина тидам а латтийра ас. Тахана вайна гуш ю вуно дика техника. Ас айса таллам бина «Чаборзан» дуьххьарлерчу машенна, хахка атта а, дуккха а функцеш йолуш а ю иза. Иштта, тIеман кеп хилла а ца Iаш, спортан-туристийн хьашташна лерина моделаш а арахеца дагахь бу говзанчаш, – дийцира республикин Куьйгалхочо.
И тайпа машенаш арахецар экстремальни садаIар хазахетачарна кхаъ хир бу.
– Суна хаьа и тайпа машенаш тайп-тайпанчу меттигашкахь оьшург хирг хилар. Церан мах а лакхара бац (дозанал арахьарчу моделашца буьстича), цуьнца цхьаьна лакхара дикалла йолуш а ю уьш. ХIинцале а Къоман гвардис а, Оборонин министерствос а шайна и тайпа транспорт оьшуш хилар хаийтина. Ас баркалла боху нуьцкъаллин декъехула волчу сайн гIоьнчина, отрядан куьйгалхочунна Мартынов Даниилна цо кхочушйиначу проектана», – элира Кадыров Рамзана.
– ТIеман «Чаборз» машенан мах 1,5 миллион сом бу, дозанал арахьарчу цу тайпанчу машенийнчул дуккха а лахара бу и мах (гражданийн хьашташна вовшахтеснарш кхин а йорах хир ю). Цхьана баттахь 30 «Чаборз» машен арахеца аьтто бу», – хаийтира Р.Кадыровс.
Карарчу хенахь «ЧеченАвто» завод «Чаборз М-6» (6 меттиг йолу) машен арахеца кечамаш беш ю. Дуьненаюкъарчу дешаран туьшо презентаци йира «Чаборз М-6» машенан а. Цу тIехь 6 бIаьхо дIасавига таро хир ю шайн герзашца. 130 км/ч чехкалла йолуш а, 4 метр еха а, иштта 1,5 тонна кира дIасадахьалуш а хир ю иза. Цул сов, «Чаборз М-6» машенна «Корд», «Печенег» пулеметаш а, иштта гранатометаш а тIехIитто таро хир ю. Проектан куьйгалхоша дийцарехь, дуьххьарлера машен хIокху шеран аьхка кийча хир ю.
Хь.БАХТАЕВА
№20, шинара, бекарг (март) беттан 14-гIа де, 2017 шо