Гацаев СаьIидан лирикехь Iалам а, адам а

Гацаев

ДIадаханчу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи, Саракаев Хьамзат, Курумова Селима, Хасбулатов Ямлихан, Дикаев Мохьмад, Кусаев Iадиз, Рашидов Шаид, Кибиев Мусбек, Окуев Шима,  Махмаев Жамалди, Сатуев Хьусейн, кхиберш. Хан яларца исбаьхьаллин дешан говзанчаш а хилла дIахIиттира уьш. Царах хIораннан а кхолларалла нохчийн литература кхидIа а кхиарехь мехала хилира. Церан произведенеша къоман литература теманашца, ойланашца, жанрашца, мукъамашца шорйира, исбаьхьаллин лакхарчу тIегIане яьккхира. Оцу яздархойн нуьцкъалчу тобанах вара Гацаев СаьIид а.

Гацаев СаьIид вина 1938-чу шеран 2-чу декабрехь Веданан районерчу Дишни-Ведана юххерчу кIотарахь ахархочун Асламбекан доьзалехь. Поэтан дахаран хьалхара пхи шо оцу исбаьхьчу Iаламан аьхналлехь дIадахна. Гуонахарчу хьуьнхахь декачу олхазарийн зевне эшарш, диттийн баххьаш тIехь лепа маьлхан зIаьнарш, эсалчу мохо ловзош долу диттийн гIаш – оцу исбаьхьчу Iаламан хазаллех марзо оьцуш, ша цецвийлар ду беран хенах шен эсехь диснарг, олура СаьIида.

1944-чу шарахь нохчийн къам махках даьккхича, Казахстанан Семипалатински областе нисбелла ГацаевгIеран доьзал. Цигахь чекхъяьккхина СаьIида юккъера школа.

Нохч-ГIалгIайн республика метта а хIоттийна, адам цIадерза доладелча, Соьлжа-ГIалахь 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан историко-филологически факультетехь схьайиллина нохчийн меттан, литературин, оьрсийн меттан, литературин хьехархой кечбеш йолу отделени. ХIетахь шайн доьзалца Даймахка цIавирзина волу СаьIид, йоккхачу конкурсах чекх а ваьлла, оцу отделени деша вахна. Институтан ши курс чекхъяьлча, цхьана ханна стационарехь дешарх юкъахвала дезна цуьнан. Амма институте юха а веана, иза чекхъяьккхина 1963-чу шарахь.

Масех шарахь Веданарчу  школашкахь нохчийн меттан, литературин, оьрсийн меттан, литературин хьехархочун болх бинчул тIаьхьа, Москва А.М.Горькийн цIарах йолчу Дуьненан литературин институтан аспирантуре (Институт мировой литературы имени А.М.Горького АН CCCP) деша воьду Гацаев СаьIид. Иза чекхъяьккхича, шина-кхаа шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан, литературин кафедрехь ассистент лаьттина. Цул тIаьхьа ДаьргIарчу а, тIаккха Махкат1ерчу а, Дишни-Веданарчу а школашкахь директоран даржехь белхаш бина.

Гацаев СаьIид стихаш язъян волавелла институтехь студент волчу хенахь. Исбаьхьаллин литературе, къоман барта кхолларалле шен безам бахийтинарг жимчохь, бераллехь хезна ненан эшарш а, божарша олучу назманашка ша ладегIар а дара, боху поэта. Шен поэтически корматалла кхиарехь беркате хилла лору цо нохчийн фольклор, оьрсийн, малхбален къаьмнийн лирика, Пушкинан, Блокан, Есенинан кхолларалла.

Гацаев СаьIидан дуьххьарлера стихотворени зорбане яьлла 1961-чу шарахь. ХIетахь дуьйна поэзехь а, драматургехь а хаддаза болх беш схьавеана. Цуьнан стихотворенеш кест-кеста зорбане йийлина «Орга» альманаха тIехь а, республикин а, районийн а газетийн агIонаш тIехь а. Поэтан хьалхара книга араяьлла 1969-чу шарахь. Пхийтта стихотворенех лаьтташ «Iуьйре» цIе йолу стихийн гулар яра иза. Къоначу поэтан дуьххьарлера книга и хиллехь а, цу тIера дукхахйолу стихаш исбаьхьаллица къаьсташ яра: «БIаьсте кхечи, хезий хьуна?», «Сийна, сийна Iуьйре», «Хьоме Даймохк! Дагна деза…», «ДIаIе хьайна», «Зезагаш, зезагаш тайна», кхиерш.

Гацаев СаьIидан поэтически кхоллараллин коьрта аматаш къаьсташ гучудевлира цуьнан шолгIачу книги тIехь. Иза яра 1973-чу шарахь зорбанера яьлла «БIаьстенан гIара» цIе йолу стихотворенийн, поэмин гулар.  Цу тIехь зорбатоьхна 28 стихотворений, цхьа поэмий яра, амма и гулар а, хьалхарниг а санна,  шен барамца йоккха яцахь а, цу тIера стихотворенеш лаккхарчу поэзех хиларна Iаламат мехала яра. Халкъан яздархочо Ахмадов Мусас яздо: «Оцу шина гуларна юкъаяханчу стихийн коьрта цхьа маьIна хета – Даймахке, цуьнан Iаламе болу безам. Амма и безам цхьана кепара бац, и тайп-тайпана бу шен гучубийларшца, иза бекъабелла бу Iаламан тайп-тайпаналлехь, поэтан синхаамашкахь.

Коьрта долчунна, поэтан тидамехь бIаьстенца меттахдаьлла, шовкъашца кхехка, баьццарчу «цIарца» серладуьйлу Iалам ду. БIаьстенан мелчу махах, олхазарийн эшарех, шовданийн лешарех… – Iалам денлучу хенан гIовгIанех тера бу Гацаевн стихийн мукъамаш». «Iуьйре», «БIаьстенан гIара» гуларш тIерачу стихаша а, царал тIаьхьа  муьран зорбанехь а, юкъарчу гуларшкахь а арайийлинчу произведенеша а гайтира Гацаев СаьIид литературе билггал шен исбаьхьаллин хьежамаш а болуш, шен поэтически хатI а долуш, дика къаьсташ стихан форма а йолуш веана хилар. Иза шеко йоцуш хилар гучуделира кхидIа поэтан арайийлинчу книгаш тIехь а: «Хазахетар» (1982), «Суьйренан Iеха» (1988), «Мекара цициг» (1991).  Гацаев СаьIидан араяьллачу оцу пхеа книгех хIоранна тIехь а керла произведенеш ю, юх-юха зорбатоьхнарш яц. Цуьнан архивехь даима алссам произведенеш хуьлура зорбане яха кийчча латтош, амма яздархойн союзехь а, издательствехь а башха сих ца лора кхуьнан книгаш арахеца. Гацаевна шена дола хетара, тIаьхьа а ваьлла, шен книгаш арахецахьара, бохуш лела. Мухха делахь а, и вай цIерш яьхначу пхеаннал совнаха, поэтан кхин цхьа а книга ара ца яьлла.(Нохчийн Республикин Яздархойн союзо кхушара арахецна хаьржинчу произведенийн гулар ца лерича). Масех юкъарчу гуларшкахь а, нохчийн поэзин антологи тIехь а, муьран зорбанехь а ара-м йийлина цуьнан произведенеш.

Iаламат исбаьхьа ю Гацаев СаьIидан лирика. Даймехкан тема коьртаниг а йолуш, шуьйра чулацам бу цуьнан лирикин. Ненан марзо, доттагIаллин, безаман уьйраш, адамийн юкъаметтигаш, хазахетарш, халахетарш, дегайовхонаш, деган Iийжамаш –  и берриге а синхьегамаш гайтар шатайпанчу исбаьхьаллица кхоьллинчу Iаламан суьрташца доьзна ду поэтан дукххайолчу стихашкахь.

 

Буьйса хаза, буьйса тийна.

Седа боду стиглахь раз,

Хьо со воцуш муха Iийна,

Ши бIаьрг Iаьржа сан Кавказ?

 

Со хьох ваьлла дукха лелла,

Мохехь, малхехь листина,

Ас хьан марзо кIезиг мелла.

Ахь со кIезиг хьистина.

 

Амма сан са хьоьца дара

Оццул хала чекхъэхарх,

Некъаш хьийзаш, гена арахь,

Юьхь шелоно чIечкъаярх.

 

Кхачор яц сан хьоьга марзо,

Ши бIаьрг эсала къегийна,

ДIаен ойла хьоьга ерзо

Со а хьалхе Iемина.

 

Буьйса хаза, буьйса тийна.

Седа боду стиглахь раз,

Вайшиъ цхьаьна кIезиг Iийна,

КIезиг Iийна, сан Кавказ.

 

Жимчохь дуьйна, хийрачу махкахь кхойтта шо доккхуш, ша сатийсинчу Даймахке йолу шовкъаш ю поэтан стихашкахь лаккхарчу исбаьхьалле йирзина. Даймахках лаьцна йолу поэтан стихаш, ерриге а бохург санна, авторан дахарца йозаелла ю. Ма-дарра аьлча, поэтан ерриге а лирика а ю авторан Даймахкаца йолчу юкъаметтигех лаьцна, Даймехкан Iаламан исбаьхьалла гойтуш, цаьрга болчу безамах юьзна.  Цо юх-юха а юьйцу Даймехкан хазалла, аьхналла, цуьнца йолу шен марзо. Даймохк а, цуьнан Iалам а. И ши кхетам вовшах къасталур боцуш цхьаьна бу Гацаев СаьIидан лирикехь. Даймехкан хазалла Iаламца ю, Iаламан исбаьхьалла Даймахкаца ю. Даймехкан васт Iаламан суьрташца кхуллу автора. Берахь даг чу йирзина, шен сих, ойланах дIаийна Даймехкан Iаламан хазалла, цуьнан «зевне эшарш»  исбаьхьаллин даше ерзо, «матте яло» лаьа поэтана:

Хьоме Даймохк! Дагна деза

И хьан сийна нана-лаьмнаш,

Аьзнийн цIарца йисттех юьзна

Зевне техка тийна хьаннаш,

……………………………….

Хьуьнца легаш Iаь ю сийна,

Малхо нуьре чилла бузу,

Берахь дуьйна хазчух ийна,

ХIинца майрра сан дош ловзу.

Долчун хамбо, куро яц сан,

ГIерта цунна сайн дог лало.

Беза мохк, со хир ву хьоьца,

Зевне эшарш матте яло.

 

Поэтан сапаргIатдалар,  ойла серлаялар, цуьнан самукъадалар, дог хазахетарца тохадалар винчу махкаца ду. Даймехкан цIе йоккхуш а хазахета цунна: «ПаргIате Нохчийчоь», «Сан Нохчийчоь хаза, мерза…», «Юха а Нохчийчоь…», «Шеме ю-кх хьо, Нохчийчоь…», «Со-м хьан варий, Нохчийчоь, Хьо-м сан ярий, Нохчийчоь …», «Нохчийчоьне» – иштта ю стихотворенийн цIерш а. Даймахкаца цхьаьнадало, и санна «мерза», и санна «деза», и санна «тешаме», и санна «оьшуш» хIума ца карадо поэтана шен  «Хила-м хир ду…» стихотворени тIехь а. Даймахках воккхавер поэтан ерриге а кхоллараллех чекхдолуш ду.

Адам а, Iалам а. И тема, Даймехкан тема а санна, поэтан ерриге а лирикех чекхйолуш ю. Гацаев СаьIидан Iаламах лаьцна йолчу стихотворенешкахь  ши хIоттам хуьлу: Iаламан сурт а, адаман ойла а. Iаламан суьрташ сирла, аьхна ду. Даима бохург санна, адаман ойла Iаламан суьрташца цхьаьнайогIуш хуьлу. Нагахь санна стихотворени дIайолалуш и ши хIоттам вовшашца ца богIуш гайтинехь а, тIаьхьа адаман ойла исбаьхьчу Iаламо серлайоккху, екхна хуьлуьйту, самукъане ялайо. Гацаев СаьIидан лирикехь адамна беркате ду Даймехкан Iалам, цо цатемаш байбо, дог паргIатдоккху, самукъане хуьлуьйту. Адамо зовкх хьоьгу Iаламехь, цунна синкхача хуьлий дIахIутту Даймехкан Iалам. Адамна синмарзо луш, синхьегамаш серлабохуш, дагна паргIато луш лору поэта Iалам.

Поэтан дуьххьарлера гулар «Iуьйре» схьайоьллуш, хьалхара стихотворени ю  «БIаьсте кхечи…». Цуьнан лирически турпалхо воккхаве бIаьстенах, «бIаьсте кхечи» бохуш, кхаьънаш доху цо, бIаьстенан исбаьхьаллех, ша санна, кхечара а марзо оьцийла лаьа цунна:

 

БIаьсте кхечи,  хезий хьуна?

БIаьсте кхечи сийна схьа,

Зевне йоьлуш, хезий хьуна?

Зазах яьржаш кхаьчна схьа.

Зезаг доьлу сенчу бай тIехь,

Лестош хьоьга ховха куьг,

Хезий хьуна, сенчу бай тIехь,

Хьайга лестош ховха куьг?

Кхуро тоьлла эшарш лоькхуш,

Самукъадаьлла техка балл,

Хезий хьуна, эшарш лоькхуш,

Самукъадаьлла техка балл?

ХIаваъ, сийна бIаьргаш санна,

Бешахь хьоькху мерза хIо.

Хезий хьуна, хIаваъ сийна,

Бешахь мерза хьоькху хIо?

Iалам лепа зевне – сирла,

Дети санна догу тхиш,

Хезий хьуна, Iалам сирла,

Дети санна догу тхиш?

Мерза лазам бу сан кийрахь,

Матто юьйцу тоьлла йиш.

Хезий хьуна, лазам кийрахь,

Матто юьйцуш тайна йиш?

Лаккхара поэзи ю иза. Юха-юха а еша дог догIу и стихотворени. Моссазза йийши а даг чохь хазахетар кхоллало, дог делало, самукъадаларца шатайпана айъам хаало. ХIун бахьана ду техьа и стихотворени (и санна йолу кхин лирически  произведенеш а) сел чIогIа дагах хьакхалуш, сел аьхна синхьегам кхуллуш хиларан? Жоп дала хала ду оцу хаттарна, кхачам боллуш жоп цунна дан а дуй хьовха? Бакъйолу поэзи дIайийцалуш яц, иза еша а йоьшуш, цунах марзо а оьцуш, кхета везаш ву.

Гацаев СаьIид шен лирикехь Iалам тергалдина Iаш вац, Iаламан тидам бина Iаш вац. Иза хаддаза Даймехкан Iаламца цхьаьна ву, цунна Iалам деза, цунах воккхаве иза. «Лойша эсала мох…» стихотворенехь эсала мох а, бецан тхи а, «мохехь ийало» коьллаш а «дагна марзо луш, хаза елало» цунна. «Бай тIехь техка полла санна, Сан дог техка лаьмнашкахь», – боху цо «БIаьсте хир ю…» стихотворенехь. Иштта ю цуьнан ойла «Ма ца Iийн хьо, сан дог», «Лалла хьайна некъаш мел ду» стихотворенешкахь а. Поэтан юххера юкъаметтигаш ю Iаламца, адамашца санна, уьйраш ю цуьнан Iаламца а.  Иза Iаламан Iаламаташца къамеле а волу, цаьрга хIума а хотту цо, цунна жоп а ло цара. Шен деган ойланаш а ялхайо цо Iаламе:

 

ХIай йоI, делхьа, собарде,

КIезиг олуш дош ларде.

Мила ю хьо? ЦIе хIун ю?

Мичахь ю шун горга юрт?

 

Кхана, хазчу суьйранна,

Лаахь, кхана Iуьйранна, –

Миччахь хиларх и шун юрт,

Ас хьо цIарца лохур ю.

 

Хир ду лесташ боллан га,

Хоттур ду ас хIоранга:

Евзий шуна? Мичахь ю? –

ЭхI, шун хаза горга юрт!

 

Жоп лур суна меллаша,

Жоп лур сенчу баьллаша:

«ЦIахь ю, хитIа йогIур ю, –

ЭхI, тхан хаза горга юрт!»

 

Къоман ламасташ ду стихотворенин чулацамехь. Нохчийн гIиллакх-оьздангаллица гайтина стихотворенехь лирически турпалхочун, цунна езаеллачу йоьIан васташ. И шиъ новкъахь, арахь ца девза вовшийн. Нохчийн гIиллакхашца догIуш ма-хиллара, йоI ехаш йолу юрт а лехна,  цуьнга хитIа кхайкха лерина ву лирически турпалхо. ЙоIе хитIа кхайкха цхьаъ вохуьйтуш хуьлу. «ЦIахь ю, хитIа йогIур ю», – боху «сенчу баьллаша». Iалам а къоман гIиллакхашкахь ду.

Ерриге а стихотворенех чекхдолу исбаьхьаллин васт – «горга юрт». Иза  нохчийн барта кхоллараллин васт ду. Цуьнца а билгалдолу стихотворени геннара схьадогIучу къоман Iадаташца, ламасташца хилар.

Гацаев СаьIидан кхоллараллехь гIеххьа меттиг дIалоцуш ю безаман лирика. Масала: «Безам, безам, хьо стен хьекъий?», «Безам! – бохуш, техка бецаш…», «Дашо лаьмнаш хIиттор дара»,  «Хьох тийшира…», «Мехкарий», «Вайшиннан безам а дIа йисте кхечи…»,  «И цхьа суьйре»,  «ЭхI, хьо буьйса!», «ХIай йоI, делхьа, собарде,..», «Ахь эли, безамна безам бу, аьлла…»,   «Мичахь кхиъна, мичахь лелла…», «Вайша лулахь дехира…», «БIаьргийн сийна цIе», «Со шун марзо эцна вели-теша?», кхиерш. Поэтан лирикехь безам, лакхахь вай ялийнчу стихотворенехь а санна, къоман гIиллакх-оьздангаллин гурашкахь бу. Диалогаца язйинчу шен цхьана стихотворени тIехь поэта боху:

 

– Безам, безам, хьан сурт хIун ду?

Иза муха девзар ду?

– Оьздангалла, гIиллакх со ду,

Иза, лаахь, хуьлуш ду.

Гацаев СаьIидан лирически турпалхо шен безамца цIена ву, лераме ву, къинхетаме ву. Шен безамна жоп ца луш, кхиверг хаьржинчу йоIаца а оьгIазе вац, иза ирс долуш ехийла лаьа цунна: «ГIоза лела, яха хьо, Шаро шаре яха хьо» я кхечу стихотворени тIехь:

 

Хьан бIаьргийн йовхоне со эсал кхийди,

Хир дац и кхин юха, ахь некъ дIакхеди.

ХIун дер ткъа?

Самукъне хьо йоьлуш лела.

Хьо ца гуш со-м воьлхур, сан деган эла.

Ирс хила ца кхачош, мел еха, хьуна,

Хьо ирсе юй хаарх – там хир бу суна,

ДIаIе хьо,

Самукъне хьо йоьлуш лела,

Хьо хилар – хазахетар, сан деган эла.

 

Масех поэма а, стихийн яккхий циклаш а ю Гацаев СаьIидан кхоллараллехь. ДIадаханчу бIешеран 70-гIа шераш чекхдовлучу муьрехь цхьа аьхке яккха Узбекистане вахара Гацаев СаьIид. Цигара гурахь ша цIа вогIуш дуьненан бахам ца беара поэта, амма нохчийн поэзехь гутаренна а юьсу йолу хазна –  «Юккъера Ази» цIе йолу стихийн йоккха цикл еара. Оцу цикла юккъера цхьайолу стихаш зорбатуьйхира 1981-чу шарахь араяьллачу поэтан «Хазахетар» цIе йолчу стихийн гулара тIехь. Дуьненан Iилманехь, поэзехь, философехь бух болуш шайн цIерш йолу  Фирдоуси, Бируни, Ибн Сина, Саади, Улугбек, кхиберш хьахабо поэта, церан дахарца, кхоллараллица исбаьхьаллин зIе тосуш, масала, стихотворенеш  «Хаьий хьуна, Фирдоуси…», «Хатта хьайна Саадига…», кхиерш.

Гацаев СаьIидан лирикехь дукхахйолу произведенеш философски маьIна долуш ю. Адамо дуьненахь йоккхачу хенан мехалла, Даймахкаца, Iаламца йолу юкъаметтигаш, ненан безам, йиш-вешин марзонаш, доттагIалла, кегийрхойн безаман уьйраш, къоман гIиллакхаш, ламасташ, валар-висар – и дерриге а дагадоуьйтуш, цуьнан ойлайойтуш ю поэтан стихаш. Масала: «Хала ду дуьненахь ваха…», «ГIа-буц а мархалло, мархалло зезаг а», «Дуьне – сийна, самукъа…», «Хаза хуьлу, нуьре лестий…», «Малх схьакхеташ, и дIабузуш дуьне ду», «Некъаш, некъаш, сирла некъаш…»,  «Маьлхе, хаза, екхна стигал», «Зезагийн сагатло». «Екар, екар хьо, сан йиш», «Къонахашка», «Шеме ю-кх хьо, Нохчийчоь», «Даге», «И цхьа суьйре»,  «ЭхI, хьо буьйса!», «Суьйре, суьйре, хьо стенна елхий?», «Хаза вара кхин ца хиллал», «Хьо дIаваха». Царалахь къаьсттина мехала ю стихийн цикл «Малхана гимн».

Гацаев СаьIида болх бина драматургехь. Цуьнан комедеш «Бале ваьлла нуц», «Пелхьонаш» кхиамца хIиттийна къоман театрехь. Иза автор ву Советски Союзан Турпахочух Нурадиловх лаьцна  йолчу  «Ханпашин валар» пьесин а.

Гацаев СаьIид кхелхина 2012-чу шеран 13-чу декабрехь, пIераскан буьйсанна.

Нохчийн халкъан яздархочо Бексултанов Мусас яздина: «Гацаев СаьIид нохчийн поэташна юккъехь шатайпа йозанан кеп йолуш поэт ву, массарна  а (поэзи езачарна) атта кхетар волуш. Цуьнан поэзи –  алхха цхьа бIаьсте ю, синан зовкх, хазахетар, дуьненах ца Iеба ойла. Муьлххачу а темина цо язйина стих Iаламат мукъаме а, екаш а нисло цуьнан куьйга кIелахь, хуьлда иза бIаьсте, шовда я деган синхаам.

Дешнаш юх-юха карладахарца, кхечу маьIнехь ловзадарца, церан кеп хуьйцуш, шена ма-ттов керла васташ кхуллу СаьIида, стих хазъеш, мукъаме йоккхуш, кхечу кепехь екош.

СаьIидана Дала делла похIма доккха совгIат ду вайн къомана».

Иштта дан а ду иза.

 

 

АРСАНУКАЕВ Iабдулла

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: