«Зударий базбеш, яздер вай могIанаш»

ХIокху деношкахь А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь дIаяьхьира Зударийн дуьненаюкъарчу денна лерина «Зударий базбеш, яздер вай могIанаш» цIе йолу поэзин суьйре. Библиотекин Iаьнан бешахь даггара йийшира зударшна лерина байташ. Нохчийн бевзаш болчу поэташа а, иштта исбаьхьаллин дешан къоначу говзанчаша а дийцира дахарехь зудчо дIалоцуш ерг йоккха меттиг хиларх а, дуьнен тIехь долу дерриге а хазаниг а, сийлахьниг а зудчуьнца доьзна хиларх а лаьцна.

47 1

Дезачу денна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара яздархой, поэташ: Ибрагимов Канта, Яричев Iумар, Мамакаев Эдуард, Юсупов Руслан, Борхаджиев Хожа-Баудди, Саиев Iумар, Ахматукаев Адам, Бухадиев Муса, Асхабов Iабдул-Iазиз, Гакаев Iарби, Айдамирова Машар, Джабраилова Азман, къона поэтессаш: Халикова Асет, Петирова ПетIамат, Виситаева Тумани, Исраилова Луиза, Соьлжа-ГIаларчу лаккхарчу дешаран заведенешкара студенташ, иштта поэзиезархой, библиотекин дуккха а книгашъешархой.

Гулбеллачара шайн къамелашкахь билгалдоккхура тIекхуьуш долу чкъор кхетош-кхиорехь нанас маьIне меттиг дIалоцуш хилар. Даггара а, безамца а дара оцу суьйренан дакъацархоша мел олу дош, дагах кхеташ яра нохчийн поэташа нанна а, зудчунна а лерина дIаешна байташ. Иштта, кхузахь иллеш элира вевзаш волчу иллиалархочо Эбиев Илеса.

Поэзин суьйренехь гулбеллачеран иштта хьажа аьтто бара «Зударийн безаман серло» цIе йолчу книгийн- иллюстрацийн гайтаме а. Цигахь яра зударех а, церан дахарх а лаьцна йолу книгаш а, суьрташ а, статьяш а.

Цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначара билгалдаккхарехь, чIогIа самукъане дIаяхара суьйре. Поэзин а, музыкин а бакъдолу доккха совгIат хилира цунах зударшна. Иштта, дезачу денца зударий декъал а беш, вистхилира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта.

Цигахь коьрта тидам тIебахийтира поэзехь кхуллуш долу зудчун вастана, дийцира массо а заманахь зударшна лерина байташ язйинчу поэтех лаьцна.

I.МУРТАЗОВ

№20, шинара, бекарг (март) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: