Зезагийн хазалла нохчийн зударийн оьздангаллех тера ю. Зударийн дуьненаюкъарчу денна лерина суьртийн гайтам схьабиллина бекарг (март) беттан 8-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу А.-Хь.Кадыровн цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексехь. Зударийн-художникийн суьртийн гайтаман цIе «Магия весны» ю. Дерриге а 70 гергга сурт ду 21 художника живопись, графика жанрашкахь диллина.
Гайтам схьабоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-службин куьйгалхочо Каримов Iаьлвис, Нохчийн Республикин Парламентан депутата Ахматов ИбраьхIима, Нохчийн Республикин халкъан артисткас, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан музыкин кафедрин доцента Мусаева Лайлаа, Нохчийн Республикин Къоман музейн искусствоведа Хаджунаева Миланас.
Россин Художникийн союзан нохчийн региональни союзан декъашхо ю нохчийн 10 художник: Даудова Фатима, Дадакаева Элита, Чимаева Эсет, Кезаева Марем, Тайсумова Тамара, Есмирзаева Лайлаъ, Исраилова Сацита, Эсуева Асет, Муртазалиева Зарета, Рассуханова Луиза. ТIекхуьуш а бу похIма долу къона художникаш. Уьш бу: Кончаева Фариза, Бахарчиева Дедика, Дадакаева Элима, Муситова Зарема, Тамхаджиева Марем, Даудова Сабина, иштта кхиберш а.
Нохчийн художникаша республикин гайтамашкахь лаьцна ца Iаш, дуьненаюкъарчу гайтамашкахь а жигара дакъалоцу. Церан суьрташ Россин гIаланийн музейшкахь а, доларчу коллекцешкахь а ду. Кхузаманан техникин гIирсашца искусствон ерриге а жанрашкахь суьрташ дохкуш говза художникаш бу вайн республикера зударий-художникаш.
Гайтамехь евзачу художникин Дадакаева Элитин 10 сурт ду, иштта, Даудова Фатимин суьртех а ду оццу барамехь суьрташ.
Искусство езархошка ала лаьа, гайтам тIебогIу оханан (апрель) бутт юккъе баххалц лаьттар бу.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№20, шинара, бекарг (март) беттан 14-гIа де, 2017 шо