СагIа доьху нах хIокху дуьненан муьлххачу а махкахь нислуш бу. Иштта, вайн махкахь а бу уьш. Дукха нах бу базаршкахула а, туьканашкахула а, нах гуллучу кхийолчу меттигашкахула а сагIа доьхуш лелаш. Уьш дукха хьолахь, дегIера ницкъ дIабалаза болу къона нах бу, тIехьаьжна, хIумма хилла а боцуш, шайна лиъча, болх а балур болуш. Амма оцу сагIадехарх шайна болх а бина Iаш бу уьш.
Нохчийн къомана юкъахь сагIа доьхурш цкъа а хилла бацара. Амма, оцу заманера дукхахдолу хIуманаш хIинца дац. СагIа доьхуш нохчи гича, хIинца цхьа а цец ца волу, и хила дезаш санна а, даима хилча санна а тIелаьцна.
Цхьаболчара шаьш сагIа дехна ца Iаш, шайн бераш а озийна оцу гIуллакхна юкъа. Берана уллехула дог Iовжоза цхьа а вер воций хууш, царах шайн ахча даккха «гIирс» бина лела и нах. Шийла елахь а, йовха елахь а, догIа дагIахь а, ло дагIахь а, жима бер кара а лаьцна, куьг схьа а даийтина Iа уьш. И бераш, юха, жимма даккхий хилча, шайна ахча ца делча, тIера бедарш а ийзош, муьшканаш а еш, хIумма а эхь ца хеташ нахана тIаьхьадовлий лела. Оцу берашна, дукха хьолахь, иштта хила деза моьтту, хIунда аьлча уьш иштта кхиийна бу.
БIаьрса доцуш а, мотт ца хууш а, меже йоцуш а заьIапхой бу хIора а Iуьйранна схьа а балабой, охьаховшош а, сарахь, тIаьхьа а богIий, дIабуьгуш а. Дийнахь сарралц шелонехь а, йовхонехь а кехата тIехь Iаш хуьлу уьш, дарбанна деза аьлла, юххе йоза охьа а дуьллий, ахча гулдеш. Амма хьо, ахча а ца луш, цхьана кхечу агIор гIо дан гIоьртича реза боцуш хуьлу.
Иштта, сагIадехарх бизнес а йина, Iаш бу и нах, баккъал гIо оьшуш мила ву, мила вац къаста а ца луш.
ГIо дан луучарна вайн республикерчу хIора а маьждига чохь ду сагIина ахча гулден гIутакхаш а, дуккха а гIоьналлин гIуллакхаш лелош йолу организацеш а. СагIина луш долу ахча а, яа-мала хIума а, ца оьшуш йолу тIеюху бедар а цаьрга дIаелчахьана, оцу организацеша баккъал а гIо оьшучарна дIасайоькъу уьш.
М.ЮНУСОВ
№20, шинара, бекарг (март) беттан 14-гIа де, 2017 шо