Тхан рузма

Бекарг беттан 15-гIа де, 1882 шо. Соьлжа-ГIалахь вина Чермоев Тапа (Iабдул-Межед). Кавказан гоьваьлла юкъараллин-политикин гIуллакххо, нефтепромышленник, оьрсийн эскаран инарла-майоран Чермоев Орцин кIант. Дешна Буру-ГIаларчу реальни училищехь, цул тIаьхьа Николаевски дошлойн училищехь.

1901–1906-чуй шерашкахь гIуллакхдо Россин императоран Николай шолгIачун сийлаллин гIаролехь (хехь). Эскарехь гIуллакхдарх мукъаваьлча, «Алдынская нефть» шен фирма а юьллий, мехкадаьтта доккхуш, духкуш болх бо. Дуьненан хьалхарчу тIамехь дакъалоцу «Акхачу дивизин» («Дикая дивизия» – Кавказская Туземная конная дивизия) Нохчийн полкан эпсар волуш (ротмистр, полкан адъютант).

1917-чу шарахь жигара дакъалоцу Ламанхойн цхьаьнакхеттачу союзан балхахь, оццу шеран хIутосург (май) баттахь цуьнан ЦК-н председатель хоржу.

1918-чу шеран хIутосург (май) баттахь Батуми гIалахь Къилбаседа Кавказан йозуш цахилар дIакхайкхорехь а, Ламанхойн Правительство (Горское правительство) вовшахтохарехь а дакъалоцу. Оцу Правительствон председатель чIагIво Т.Чермоев. Кавказехь большевикийн Iедал тоьллачул тIаьхьа эмиграци воьду. Эмиграцехь ваьхна Францехь а, Швейцарехь а.

Кхалхар хилла 1937-чу шарахь Женевехь, дIавоьллина Парижехь.

Бекарг беттан 20-гIа де, 1938 шо. Йоккхачу АтагIахь вина Айдаев ЮшаI, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.

Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь (1962-чу шарахь дуьххьара и чекхъяьккхинчарех вара иза). Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтан Iилманан секретаран, «Комсомольское племя», «Ленинан некъ» газетийн, Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствон коьртачу редакторан, Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран Нохчийн институтан ректоран, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президентан даржашкахь.

Iилманан 100 сов белхан автор, цу юкъахь нохчийн барта кхоллараллин а, литературин а проблемех масех книга а йолуш («Эпически иллешна тIера эпосе кхаччалц», «Нохч-ГIалгIайн советски драматурги», «Дахаран куьзга», «Дахар а, дош а», «Нохчийн, гIалгIайн кицанаш, аларш», «Нохчий: историй, хIинцалера замий»). Цуьнан Iилманан лехамашкахь къаьсттина меттиг дIалоцура нохчийн драматургин истори талларо. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь «Нохчийн энциклопеди» язъярна тIехь болх беш вара.

Iилманчин кхалхар хилла 2004-чу шеран июнь беттан 1-чу дийнахь.

Бекарг беттан 23-гIа де, 1939 шо. ТIехьа-Мартан кIоштан ВаларгтIе юьртахь вина Давлетмирзаев IабдулмутIелип, актер, Россин Федерацин халкъан артист, Россин Федерацин Пачхьалкхан совгIатан лауреат.

Дешна театран, музыкин, кинематографин Ленинградерчу институтехь. 1962-чу шарахь дуьйна Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан драматически театрехь ву. 40 шарал тIехъиккхинчу актеран дахарехь Давлетмирзаев IабдулмутIелипа нохчийн театран сцени тIехь кхоьллина 100 сов васт: Лоренцо («Ромео а, Джульетта а», У.Шекспир), Печорин («Бэла», М.Лермонтов), Бож-Iела («Бож-Iела», I.Хамидов), Леонардо («ЦIий Iанийна ловзар», Г.Лорка), Фердинанд («Ямартло а, безам а», Ф.Шиллер), Сталин («44-чу шеран августехь», А.Гельман), Шемал («Маршо я Iожалла», М.Солцаев), ГIойтамир («БIешерийн боданера», И.Базоркин), иштта кхин а. Билггал а, воккха актер ву Давлетмирзаев IабдулмутIелип, Россехь уггаре а бевзаш болчу актерашца (аьр вай, И.Смоктуновский, И.Лавров, М.Ульянов…) цхьана могIаре хIотто хьакъ волуш. Цуьнан говзаллин мах хадош цхьа бакъдерг дало мегар ду: тIаьхьарчу 40 шо сов хенахь Нохчийн театран сцени тIехь хIиттийначу спектаклашкахь коьрта ролаш ловзийна цо. Оцу кепара болх бан доккха хьуьнар оьшу.

Нохчийн театран уггаре гоьбевллачу актерех цхьаъ ву Давлетмирзаев IабдулмутIелип.

№20, шинара, бекарг (март) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: