ГIо оьшург тесна ца вуьту

Хан яьллачу гражданийн а, заьIапхойн а социальни хьашташ уьш бехачу хIусамашкахь кхочушдаран пхи отделени а, социально-медицинин хьашташ кхочушдаран леррина йолу цхьа отделени а чуйогIу Соьлжан кIоштарчу бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран дуккха а агIонаш чулоцуш йолчу (комплексни) туьшана (КЦСОН).

15

Социальни хьашташ кхочушдар дIахьо уьш бехачу хIусамашкахь хаддаза а, билгалбинчу цхьана муьрехь а. И декхарш кхочушдеш ву социальни 85 а, медицинин 7 а белхахо. Коьртачу декъана цара Iуналла деш берш шайна тIехь хаддаза леррина терго латто езаш болу заьIапхой, буобераш, хан яьлла баккхий нах бу. ДIадаханчу шарахь, масала, туьшехь цара хьашташ кхочушдеш вара къанвелла 460 стаг, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархойх йисина 7 зуда, тылан 16 къахьегархо. Алссам терго ян езачарах дара 15 буобер. Оцу тобанна юккъехь вара Iуналла дан стаг воцуш висина 45 вахархо, шайн хьашташка хьажар чIогIа оьшуш волу 23 вахархо, 353 заьIапхо, шайна юкъахь бераллехь дуьйна заьIапхо волу 77 стаг.

И терахьаш довзуьйтуш туьшан куьйгалхочо А.Газмагаметовас тидам тIебохуьйту социальни белхахошна тIехь дерг доккха дукъ хиларна. Иза къаьсттина хьакхало бахархой бехачу хIусамашкахь деш долчу гIуллакхех. Социальни белхахошна тIехь дара, нагахь дIадахана шо схьалаьцча, хIусамашкахь кхача кечбар, кхачанан сурсаташ эцар, уьш оьшучу меттигашка дIакхачор, хIусамашкахь цIано латтор, хасбошмашкахь дан дезарг дар. Кхин а масане ду уьш, ков-кертахь дан дезарш. Социально-медицинин отделенин коллективо и тайпа хьашташ кхочушдеш стохка 104 стаг вара. Дийнна схьаэцча, дIадаханчу шарахь туьшан белхахоша 508 стеган социальни хьашташ кхочушдира. Кхачанан сурсатийн 3 680 тIоьрмиг дIасабекъна материальни гIо деш.

Ткъа Даймохк ларбархочун де, Толаман де, Иэсан де санна долу денош тIекхочуш дIахьора Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархойх бисинчу зударшна, тылан къахьегархошна, дахаран чолхечу хьелашкахь болчу доьзалшна тайп-тайпана совгIаташ дар, кхачанан сурсатийн тIоьрмигаш далар. Билгалдаха хьакъ ду туьшан психологаша деш долу гIуллакхаш а. Цара шен-шен хенахь дIахьо социально- психологин декъехь консультацеш яр. Царна юкъахь хуьлу доьзалийн чоьхьарчу юкъаметтигех хьакхалуш долу гIуллакхаш а. Хаддаза гIо до цамгаро лаьцна цIахь Iохкуш болу дархой Iалашбеш болчу церан гергарчарна. Царна хаа лууш долчу гIуллакхех лаьцна хаамаш сихха дIакхачор, ткъа иштта социальни, медицинин, психологин, юридически гIуллакхаш къасторехь гIо дар шайна тIехь долу социальни мобильни бригадаш а ю учрежденехь гIуллакх деш.

Боккха тидам тIебохуьйту туьшан куьйгалло коллективехь белхахой ийманехь, оьзда кхетош-кхиоран гIуллакхашна. Кест-кеста хуьлу уьш болчохь кIоштан къеда У.Бахаев, кIоштан къанойн кхеташонан декъашхо А.Гаев. Тайп-тайпана тематика йолуш хуьлу иштта цхьаьнакхетарш. Жигара дийцаре до кегийрхой кхетош-кхиорах, доьзалехь дений-нанний, берашний юккъехь йолчу юкъаметтигех, царна тIехь латто езачу тергонах, терроризмаца, экстремизмаца латтош болчу къийсамах лаьцна долу гIуллакхаш. Даима а чулацаме хуьлу и къамел, цара беш болу хьехамаш.

Материал кечйинарг – Л.АБУБАКАРОВ

№20, шинара, бекарг (март) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: