ХIокху деношкахь Устрада-ГIалин Культурин цIийнехь цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин юкъараллин «Ийман» организацис. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчас, «Некъ» телерадиокомпанин директора Шахидов Адама, динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директоран заместитела Эльмерзаев ИсмаьIала, Устрада-ГIалин къедас Даскаев Юнуса, республикин «Даймохк» газетан культурин отделан редактора Эльдерханова Зайнапа, зударийн «Ийман» организацин председателан заместитела Муртазалиева Зулихана, кхечара.

Нохчийн зудчун сий-ларам боккха хилар билгал а доккхуш вистхилира Шахидов Адам: – Нана дел а кхузза еза лерина ю. Мел сийлахь ду цхьа йоI мукъане а доьзалехь хилар. Ийманехь, ламаз-мархица, гIиллакхца, оьздангаллица 3 йоI кхиийначунна ялсамане хир ю, аьлла ма ду. Нохчийн зудчун духарх лаьцна аьлча, вайн нохчийн зударийн духар цкъа а ца хилла маьттаза. Оьздачу духарца а, нахана юкъахь лела хаарца а къаьсташ хилла нохчийн зуда даима а. Вайна хаа деза хиджаб хIора а зудчунна Дала тIедиллина фарз хилар. Мел дика хета урам-новкъахь оьзда духар дуьйхина йоI йогIуш-йоьдуш гича.
Динца а, духарца а нисъелла йоцчу йоIах жоп цуьнан дас дала дезаш хи- лар юха а дагадаийтира шен къамелехь Эльмерзаев ИсмаьIала: – Зудабер сийлахь а, деза а ду. Хан-зама яларца дуккха а хIума хийцало. Амма цхьа хIума дицдан йиш яц адамийн: «Адам, цуьнан ийман, собар зерхьама луш ду вайна Дала дика а, вуон а. Ваша йишица, да йоIаца, хIусамда хIусамненаца дика хила везаш ву. Бусалба дин шен йоIана довзуьйтуш, иза хьоьхуш хила веза да. Иза цунах жоьпалле ву. Тахана цо цунна дин ца хьехахь, кхана догIун долчу къематдийнахь шен йоIах жоп дала дезар ду цуьнан. Олуш ду-кх: «Дика хIусамнана нисъялар – ах дин кхочушхилар ду». Мел доккха хIума ду иза. Зуда дин лелош хилар бахьана долуш я цуьнан бахам, хазалла бахьана долуш ялайо. Дин лелош йолу йоI ялийча, доьзал беркате а, ийманехь а кхуьур бу».
ТIекхуьучу мехкаршна хаза хьехар а деш, йистхи- лира Эльдерханова Зайнап: – Вайна массарна а хаьа, зудабер сийлахь дуйла. Ткъа иза, кхана хIусамнана а, доьзалан нана а хилла дIахIотта езаш ю.
Нохчийн зуда доьналла, яхь, эхь-бехк хиларца евзина кху дуьненна. Дукха халонаш тIехIиттина вайн халкъана. Кхин хIумма а ца хилча а, вайн халкъ махках доккхучу хенахь, Казахстане боьдучу новкъахь вайнаха лайна халонаш тоьар яра. Тхан ден-ненан 10 доьзалхо вара. ХIетахь дукхахболчарна санна, гIело гина а дара тхо, амма, яхь, эхь-бехк, гIиллакх-м дара тхоьгахь. Тахана а, иштта хила везар аьлла хета суна хIора а.
Нохчийн йоIах дерг аьлча, цуьнан мах лаккхара хилла бу даима а. Хийлазза некъаца го дIасадоьлхуш цхьадолчу зудабераша гIиллакх лардеш цахилар. Мел халахета и тайпа сурт гича. Цигон санна, сагIа деха дIахIоьттина вайн къомах стаг гича дегIах цIе йолу. Ма эхь ду иза! Шаьш махках баьхначу хенахь, оццул хала зама шаьш токхучу хенахь, цкъа а сагIа дехна ма дац вайнаха. Хийрачу махкахь оццул хала даьккхинчу 13 шарахь, цара лардина сий лардан хьовса дезар-кх вай тахана. Дуьненан бахамо Iехийна стаг гича, дагадогIу: «Дуьненан бахам бу хьан, амма синан къоьлла ю хьоьгахь, иза дIаер а яц», олий.
Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначу мехкаршна хаза хьехарш диначул тIаьхьа, царна юкъахь конкурс дIаяьхьира, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахарх лаьцна хаттарш деш. Царна нийса жоьпаш деллачарна совгIаташ деш дIаяьхьира конкурс. Цул тIаьхьа зала чохь болчу мехкаршна йовлакхашца совгIаташ дира.
З.ЛОРСАНОВА
№20, шинара, бекарг (март) беттан 14-гIа де, 2017 шо