Пачхьалкхана зен дина
Налогаш такхарх кIелхьарбовларан схемашна, зуламаш даран некъаца карадеана ахча доладаккхарна дуьхьало яран хьокъехь долчу законодательствон лехамаш муха кхочушбо толлуш кху шеран кхолламан-чиллин (январь-февраль) беттанашкахь Нохчийчоьнан прокуратурин векалшна гучуделира, Россин Федерацин гражданинан паспортах харц пайда а оьцуш, 2016-чу шеран бекарг (март) баттахь «Индег-Групп» ООО аьлла цхьана дийнан фирма зуламхоша схьайиллина хилар.
Дина финансийн-бахамаллин гIуллакхаш а доццушехь, оццу шеран асаран (июнь) бутт болалуш Россин Сбербанкан Нохчийн отделенехь схьайиллинчу цуьнан расчетан счеташна тIе масех дийнахь-бусий 400 миллион соьмал сов ахча диллира. Банкан операцеш дIаяхьа лицензеш йоццушехь, бина боцу тIелацамаш кхочушбина аьлла 600-л сов долчу адамийн счеташна тIе даьккхира, царна тIера иза бакъо йоцуш дIа а ийцира.
Иштта, шайн счеташна тIе «Индег-Групп» юкъаралло 1,2 миллион соьман барамехь ахча диллинчу Каурнукаева Мадинас а, Сидиева Хьавас а и счеташ схьайиллина а яцара, царах пайда а ца эцнера. Шайн долахь банкан счеташ хилар царна хиира прокуратуро таллам дIахьочу хенахь. Цул сов, пайдаэцнера Сбербанкан оцу отделенехь цхьана хенахь яртийн цхьана школин белхахошна кечдина хиллачу, амма цаэшар бахьанехь кредитан организацина юхадерзийна хиллачу банкан картех.
Россин ФНС-н Нохчийн Республикерчу урхаллин говзанчаша динчу хьесапашца, оцу кепах пайдаэцар бахьанехь пачхьалкхана зен дина 80,5 миллион сов соьмана.
Талламан материалашна тIе а доьгIна, РФ-н УК-н 172-чу статьян 1-чу декъаца уголовни гIуллакх долийна (банкаца доьзна бакъо йоцу гIуллакхаш лелор). Регионан прокуратуро шен тергоне а эцна иза.
Бакъонаш ларйина
Соьлжа-ГIаларчу вахархочо Сулумов Бауддис ша регионан прокурор волчу ваханчу хенахь дийхира шаьшшимма цхьаьна гулбина бахам хьалха хиллачу зудчо шен долаберзоран хьокъехь уголовни гIуллакх долорна дуьхьало яр бакъо йолуш ду-дац таллар.
И гIуллакх толлуш гучуделира 2016-чу шарахь Сулумовс яздинчу заявленина жоп луш дина зулам дац аьлла Россин МВД-н Соьлжа-ГIалин урхаллехь (Старопромысловски кIошт) уголовни гIуллакх доло дуьхьало йина хилар. Амма талламан материалаша гойтура йина дуьхьало бух боцуш хилар.
Цуьнца доьзна кху шеран бекарг (март) беттан 1-чу дийнахь республикин прокуроран заместитела и сацам бохийна, кхитIе а таллийта материалаш чоьхьарчу гIуллакхийн органе юхаерзийна.
Уголовни гIуллакх долийна
Регионан прокуроран заместитела Джанхотов Заурбекан дехарца Грозненски кIоштан прокуратуро дознанин органан хьаькамна тIедожийна таллам бар дололе гIуллакх толлуш хилийтина уголовно-процессуальни законодательствон талхораш дIадахар.
Прокурора оцу гIуллакхна тидам тIебахийтар бахьана дара Россин МВД-н Грозненски кIоштахь йолчу отделан дознаватела РФ-н УПК-н 6.1 статьян лехамаш ларбина цахилар а, ткъа иштта, кхиазхо зулам дарна юкъаозорна Аслаханов Адамна дуьхьал уголовни гIуллакх долийна цахилар а.
Бина лехам кхочушбеш, РФ-н УК-н 150-чу статьян 1-чу декъана тIе а доьгIна, уголовни гIуллакх долийна дознанин отделенехь.
Дешарна йолу берийн бакъо
Нохчийчоьнан прокуратуро теллина Соьлжа-ГIалина чуйогIучу муниципальни дешаран организацешкахь гражданашна дешарна елла бакъонаш муха ларйо. ЦхьамогIа талхораш гучу а даьхна.
Дешаран организацеша бераш деша тIеэцаран принципех цхьаъ ю уьш дехачу меттехь йолчу школе дIаэцарна кхачояр, билггал йолчу меттигна школа тIечIагIйина а йолуш. Дешаран организаци муни- ципальни кIоштан гIалин округан билггалчу меттигна тIечIагIъяран хьокъехь болу сацам меттигехь шаьш урхалла даран органаша чиллин (февраль) баттал тIаьхьа доцуш тIе а оьцу. Амма Соьлжа-ГIалахь тIаьхьарчу шина шарахь иштта акташ тIеэцна дац.
Цуьнца доьзна регионан прокуроран заместитела Степанов Вадима Соьлжа-ГIалин мэрина тIедиллира оцу декъехь закон талхор сацор. Республикин прокуроран лакхарчу гIоьнчас дакъа а лоцуш и лехам мэрехь бийцаре а бина, цунна жоп а делла.
Ахча бюджетехь дисира
Россин финансийн министерствон хьашташ суьдашкахь лардеш волчу федеральни казначействон Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин говзанчас Дербишев Рустама регионан прокуроре дийхира дахарна а, могашаллина а дина зен пачхьалкхан чоьтах меттахIоттор тIедожош суьдо бина сацамаш нийса хилар таллийтар. Цо иштта хаамбира оцу сацамашна ша ян гIоьртинчу дуьхьалонах гIуллакх хилла цахиларан хьокъехь.
Дехарца цхьаьна хиллачу 35 сацамна бинчу талламо гайтира 2016-чу шеран хьаьттан-товбецан (август-сентябрь) беттанашкахь ТIехьа-Мартан кIоштан суьдехь Дадаева Зулайс а, кхин 42 стага а еллачу искийн буха тIехь долу граждански гIуллакх къастийна хилар. Церан лехамна жоп а луш, суьдо сацам бира царна федеральни бюджетера 43 миллион соьман барамехь ахча дIадалийтар тIедожош.
И гIуллакхаш, законан лехамаш талха а беш, прокурор юкъа а ца озош, цунна хетарг хьесапе а ца оьцуш, къастийра суьдо. Цул сов, тIеэцна сацамаш регионан прокуратурин органашка дIа а ца бахьийтира. Цу тIе сацамаш тIеэцна законо билгалбина бух хьесапе а ца оьцуш, зен динарг билгал а ца воккхуш, цуьнан бехк тIе а ца чIагIбеш.
Ишттачу гIуллакхашкахула суьдо бина сацамаш бакъонан нор- машца галморзахбовлуш хилар, регионан суьдан практикица богIуш цахилар хьесапе а эцна, 35 апелляци язъян дийзира. Апелляцин тIегIанан суд реза хилира прокурорана хеташ долчуьнца, берриге а сацамаш боха а бира, искийн лехамаш кхочушбан буьззинчу барамехь дуьхьало еш хиларан хьокъехь керла сацамаш тIе а ийцира.
Наркотикаш кеста юхкур яц
Хьалха-Мартан гIалин суьдо къастийра РФ-н УК-н 228.1 статьян 4-чу декъан «г» пункто билгалдеш долу зулам дарна (хьалххе барт а бина, тобано баккхийчу барамашкахь бакъо йоцуш наркотикаш йохкар) Даутмерзаев Бесит бехкевеш долу уголовни гIуллакх.
Суьдан кхеташонехь билгалделира 2015-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь Даутмерзаевс, шен кIантаца хьалххе барт а бина, Хьалха-МартантIехь 1500 соьмах Эдельгериевна 034 грамм наркотик (спайс) йохкар (боккхачу барамехь ларалуш ю иза). Оццу дийнахь Эдельгериев полицин белхахоша лецира, цуьнгара и наркотик схьа а яьккхира.
Пачхьалкхан бехкевархочунна хетарг къобалдира суьдо. Динчу зуламна бехке лерира Даутмерзаев, чIогIачу рожан колонехь яккха цунна 10 шой 6 буттий хан а туьйхира. Иштта чохь яккха билггал хан тоьхна ТIехьа-Мартан кIоштан суьдо Эдельгериевна а.
Хан тоьхначу Даутмерзаевн кIант органаша лохуш ву.
ГIуда такха дезар ду
Регионан прокуратуро теллира Нохчийн Республикехь долчу ведомствошна юкъадогIуш долчу гIаролан урхаллехь пачхьалкхан хьашташна кхачоярна товараш эцаран декъехь законодательство кхочушдар муха дIахьош ду.
Талламо гайтира пачхьалкхан контракташ кхочушъярехь а, царна отчеташ хIитторехь а дуккха а барамехь талхораш хилийтина хилар. Цуьнца доьзна урхаллин даржехь волчу жоьпаллин белхахочунна дуьхьал административни талхораш даран хьокъехь 10 гIуллакх долийра.
Прокуроран акташ къасторан жамIашкахула и талхораш хилийтарна бехке волчунна таIзар дина 150 эзар соьман барамехь гIуда а тухуш.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ
№20, шинара, бекарг (март) беттан 14-гIа де, 2017 шо