Ерригроссин шахматийн турниран веза хьаша – Ш.Жамалдаев

NND_0919

Кху шеран 29-чу  августехь Дона-тIерачу-Ростовехь дIаяьхьира Ерригроссин берийн шахматийн IV турнир. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу цу турнире Россин а, кхечу пачхьалкхийн а регионашкара 230 дакъалацархо веанера.

Турнирна кечам а бина, иза дIаяьхьнарг Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Ростовски областехь йолу Векалалла яра. Берийн къийсадаларшка хьажа ваханера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Жамалдаев Шаид. Турнире баьхкина бара  дуккха а лараме хьеший, царна юкъахь  шахматашкахула дуьненан экс-чемпионка а,  дуьненаюкъарчу классан гроссмейстер Гаприндашвили Нона а яра. Къийсадаларшкахь дакъалецира 7 шарера  14 шаре кхаччалц  йолчу бераша. Турниран коьрта совгIат-Гран-при Ростоверчу 12 шо долчу Есипенко Андрейна  кхечира. Иза Европин чемпион ву. Финалехь толам баьккхинчу 6 бераца цхьаьний  шахматех левзинчу Гаприндашвили Нонина  тIехь а толам баьккхира Андрейс.

ТIейогIу V-гIа турнир 2015-чу шеран август  баттахь Соьлжа-ГIалахь дIахьур ю.

Грозный-информ хаамийн агентство 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: