Хууш ма-хиллара, хIора шеран бIаьстенан юьххьехь шахьаршкара урамаш а, майданаш а, аренаш а дIацIанъеш белхи бар ламаст а хилла схьадогIуш ду республикехь. Цигахь дакъалоцу тайп-тайпанчу тIегIанашкарчу хьаькамаша, пачхьалкхан а, пачхьалкхан йоцучу а организацийн белхахоша, студенташа, дешархоша, бахархоша.

Оцу тайпа белхи дIабахьар республикин куьйгаллин тIегIанехь «юкъадаьккхина» делахь а, нохчийн халкъан амалшца догIуш а, азаллехь дуьйна вайн юкъараллехь лелла а гIуллакх ду. Делахь а, и гIиллакх шайн дай бехачу муьрехь лелаш хиллехь а, тахана, дIакхехьа цалуурш а хаало. Оцу хьокъехь республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а вистхилира хIокху деношкахь.
«Хьешаша вайн мохк хаза а, цIена а бу, аьлча хазахета вайна. Амма вайн мохк хазбарехь а, цIанбарехь а дакъалаца-м ца лаьа. Мохк-м хIунда буьйцу, ур-атталла шайн керташкахь долчун а доладан доьналла долуш бац цхьаболу нах. Иза я Исламаца а, я нохчаллица а догIуш дац. Цул сов, шаьш нуьцкъала гIаланийн, яртийн урамаш цIандан арадаьхна, бохуш аьрзнаш деш берш а хаало. Вай цаьрга цIена Iе а боху, ша санна волчу стага цIанйина меттиг цIена латтае а боху. Шен ков-керт а, шен куп а, урам а, юрт а, кIошт а, республика а цIена латтор хIора а нохчичун декхар ду боху-кх ас», – элира цо.
Амма, бакъду, белхешкахь дакъалаца реза боцурш мел белахь а, реза берш, аьлча а, шаьш цIанъеш ерш шайн каппаш а, урамаш а, ярташ а, кIошташ а, шайн мохк а хиларх кхеташ берш дуккха а бу. Царах цхьаберш шайн берийн берашца а богIу белхех.

– Советийн Союз йолчу хенахь а бора хIокху тайпана белхи. Пайдехь а, хаза а ламаст ду аьлла хета суна вайн республикехь и хIинца а лаьтташ хилар. Вай декхарийлахь ду хIара мохк цIеналлехь Iалаш а бина, тIекхуьучу чкъурана дIакховдо. Иштта декхарийлахь ду вай царна а хIара мохк цIеналлехь Iалашбан Iамо. Дийцарх хIинцалерчу бераша хIума атта дIа ца лоцу… Царна гайта дезаш ду дерриге а. Цундела, сайга хIокху белхех кхайкхича, чуьрчу кIентан кIант а валийна ас сайца. Цо тахана хIокху белхехь къахьоьгучу сох а, кхечарах а масал оьцийла лаьа суна, – элира Соьлжа-ГIалахь дIахьочу белхехь дакъалаца араваьллачу Исаев Умалта.
Республикин куьйгалло кхайкхам а бина дIахьош белхи белахь а, шайн дакъалаца йиш ца хилча, шайгарчу тароне хьаьжжина, белхех бахначарна яа-мала хIума а, куьйгех дохка каранаш я кара лаца бел мукъане хилийта хьовсуш берш а хаало. Ма цIена, ма хаза гIиллакх ду иза.
Иштта, хIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIахьош болчу белхешкахь, республикин пачхьенан мэраца Хучиев Муслимаца цхьаьна, дакъалецира Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама.
Пачхьенна юккъехь ян йолийначу дукхахьаштийн «Ахмат Тауэр» комплекса тIера «Минутка» автостанцина гуонахарчу майдана тIекхаччалц йолу меттиг дIацIанъярехь шаьш дакъалаьцначул тIаьхьа, Делимханов Адама кхайкхам бира соьлжагIалахошка.
«Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца республикехь дIахьош белхи бу. Соьлжа-ГIала масех декъе екъна ю. Шайн-шайн каппашкахь бечу белхешкахь дакъалаца 16 эзар веккъа цхьа соьлжагIалахо араваьллехь а, ара цабевлларш а бу. Цаьрга, арадовла, белхешкахь дакъалаца, аьлла кхайкхам бу-кх сан», – элира Делимханов Адама.
Билгалдаккха догIу белхи цхьаьна Соьлжа-ГIалахь а, цунна гуонахарчу ярташкахь а дIабаьхьна Iаш цахилар. Теркан а, Шелковски а кIошташкарчу Ставрополан крайн дозанашца Iохкучу шахьаршкахь а, лаьмнашкарчу Веданан, Шаройн кIошташкахь а кхечанхьа а дIахьош бу уьш.
Белхешкахь бийриг а бу дукха болх: диттийн гуонаш ахкар а, новкъа долу генаш дIахедор а; некъийн а, татолийн а йистош цIанъяр; хила ца езачуьра нехаш дIакхуьссийлаш дIаяхар, гIишлойн пенаш а, ков-керташ а йилар; иштта дIа кхин а.
И.ИСЛАМОВ
№20, шинара, бекарг (март) беттан 14-гIа де, 2017 шо