Нохчийчоьнан дахарехь хиллачу коьртачу хиламех цхьаъ бу Нохчийн Республикин Конституци тIеэцар. Оцу хиламан 14 шо кхачар даздарна кечамбар ду республикехь дIахьош. Кечамбарехь дакъалоцуш ю кхочушдаран Iедалан ерриге органаш, цу юкъахь – муниципальни кIоштийн администрацеш.

Ламасте дирзина ма-хиллара, оцу хиламна лерина коьрта даздарш бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь дIахьо: халкъан гуламехь дакъалоцу республикин ерриге кIошташкарчу бахархоша а, луларчу республикашкарчу хьешаша а.
Нохчийн Республикин бахархой – тайп-тайпанчу динийн а, къаьмнийн а векалш – хIокху 14 шарахь а, Нохчийчохь тIом чекхбаьккхина а, кхидIа, Россин Федерацин юкъахь, республикин хиндерг къастийна а долу, и де билгалдаккха вовшахкхета.
Оцу дийнахь массара а дагалоцу халкъан баьчча хилла волу Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, дукха баланаш лайначу нохчийн лаьтта тIехь машар хилийтархьама шайн дахар ца кхоийнарш а.
Нохчийн Республикехь дехаш долчу халкъийн ламасталлин спортан ловзарийн турнираш а, конкурсаш а, Нохчийн Республикин Конституци йовзуьйтуш юккъерчу дешаран учрежденийн дешархошца цхьаьнакхетарш а, дуккха а кхидолу гIуллакхаш а дIахьур ду бекарган 23-чу дийнахь.
А.СУЛИМАНОВА
№21, пIераска, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2017 шо