Вампилов Александран «Воккхаха волу кIант» – Нохчийчохь

Хетарехь, драматург Вампилов Александр ца вевзаш берш дукха хир бац, аьлча а цуьнан говзарш ца евзаш берш. Хьовсархойн шуьйрачу гуонна иза вовзар хилира 1976-чу шарахь режиссера Мельников Виталийс яьккхина «Воккхаха волу кIант» («Старший сын») исбаьхьаллин фильм гучуяьлча. Вайн махкара тоьлла киноартисташ фильмехь дакъалоцуш хиларал сов, цуьнан чулацам хьовсархойн тидам шена тIеийзош бара, милла а ойлане ваккха ницкъ кхочуш, адамалле, къинхетаме, уьйр-марзоне кхойкхуш.

фывумыкп

Самукъадаларца тIелецира хьовсархоша «Воккхаха волу кIант» фильм. ХIинца а хазахета цхьадолчу телеканалаша иза наггахь гайтича. Кхин хIумма ца хилча а даима а вайна дукхабезна актераш бу фильмехь дакъалоцуш. Уьш бу: Леонов Евгений, Караченцев Николай, Боярский Михаил, Крючкова Светлана, иштта кхиберш. ТIаьхьуо, Соьлжа-ГIаларчу оьрсийн драмин театран сцени тIехь режиссера Солцаев Мималта хIоттийра «Утиная охота» спектакль Вампилов Александра язйинчу изза цIе йолчу пьеси тIехь. Вайн махкахоша иза езаш тIе а ийцира. Спектакло дог-ойла ир-карахIоттийначу хьовсархошна хаа лиира похIмечу драматургах дерг а, кхийолчу цуьнан башхачу говзарех дерг а.

Вампилов Александр вина 1937-чу шеран хьаьттан (август) беттан 19-чу дийнахь Иркутскан областехь. Нана оьрси елахь а, схьавалар бурятех ду цуьнан. 1960-чу шарахь Вампилов Александра кхиамца чекхъяьккхина Иркутскерчу университетан филологин факультет. Цул тIаьхьа болх бина журналистикехь. Дуьххьара зорбане ваьлла 1958-чу шарахь «Ангара» журналан агIонаш тIехь. Юьхьанца забарийн дийцарш яздеш вара иза. ТIаьхьуо цхьана актах лаьтташ йолу пьесаш язъян волавелира, уьш зорбане йовларца, Иркутскерчу театро хIиттош яра. 1964-чу шарахь Москварчу Горький Максиман цIарахчу литературин институтан лакхарчу курсашкахь доьшуш вара къона драматург. Пачхьалкхан массо маьIIерчу театраша шайн пьесаш цу хенахь хIиттош хилла, гIарабевлла бевза драматургаш Розов Виктор, Арбузов Александр бара цуьнан хьехархой. Церан Iуналлехь язйира Вампилов Александра шен дуьххьарлера йоккха пьеса. «Прощание в июне» яра цуьнан цIе.

Драматурган башхачу кхоллараллехь тоьллачарах цхьаъ ларалуш ю «Прошлым летом в Чулимске» пьеса. Россехь наггахь а театр ца йисина оцу пьеси тIехь спектакль ца хIоттош. МаьIне а, чулацаме а говзар ю иза. ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь йоккха дегайовхо яра Россерчу театръезархойн Вампилов Александраца йоьзна. Амма дагахь доцчо хеназа вайна юкъара ваьккхира драматург. 1975-чу шеран хьаьттан (август) беттан 17-чу дийнахь Байкал Iома чохь луьйчуш, цIеххьана схьатоьхначу йоккхачу тулгIено галваьккхина, хи буха озийна кхалхар нисделла цуьнан.

2017-чу шарахь Вампилов Александран 80 шо кхочуш хилар тидаме эцна, Нохчийн Республикин Лермонтов Михаилан цIарах йолу оьрсийн драмин театр ю цуьнан «Воккхаха волу кIант» пьеси тIехь изза цIе йолу спектакль хIотто дагахь. Магаданан областан театран коьрта режиссер Павлов Дмитрий ву Соьлжа-ГIаларчу театран сцени тIехь и спектакль хIоттош. Дуьххьарлера спектакль яц иза Д.Павловс Нохчийчохь хIоттошъерг. Хьалхуо, Соьлжа-ГIаларчу оьрсийн драмин театран сцени тIехь цо хIоттийнера оьрсийн поэтах Пушкин Александрах лаьцна йолу спектакль. Вайн махкара хьовсархой а, цуьнца болх бина актераш а реза хиллера Павловс биначу балхана а, лаккхарчу тIегIанехь йолчу режиссеран корматаллина а.

ПохIме режиссер ву Павлов Дмитрий. Москвахь а, Санкт-Петербургехь а хIоттийна цо масех спектакль. ХIинца Магаданан областан театран коьрта режиссер ву иза. «Воккхаха волу кIант» спектаклан репетицеш дIайолийна 2017-чу шеран чиллин (февраль) беттан 1-чу дийнахь. Теша лаьа, Театран дуьненаюкъара де билгалдоккхучу бекарг (март) беттан 27-чу дийнахь оцу спектаклан премьерех марзо эца йиш хирг хиларх. Заманан йохалла мехалла йовр йолуш яц Вампилов Александран драматурги. Вайна доккха совгIат ду цуьнан говзарш Нохчийчоьнан сцени тIехь карлаяхар.

А.ДАЧАЕВА

№21, пIераска, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: