Россин Федерацин Юкъараллин палате нохчийн векал хаьржина

Бекарг (март) беттан 2-чу дийнахь Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь дIаяьхьира пленарни кхеташо. Цигахь дийцаре дира «Нохчийн Юкъараллин палатера Россин Юкъараллин палате векал харжаран» гIуллакх. Оцу кхеташонехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолу департаментан директор Абазов Рустам, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Гражданийн юкъаралла кхиоран а, адамийн бакъонаш ларъяран а советан председатель Алиев Тимур, Нохчийн Республикин Профсоюзийн федерацин председатель Солтагереев Хьусайн, коммерцин йоцучу организацийн, хаамийн гIирсийн векалш.

Кхет ашо дIайолийра республикин Юкъараллин палатин председатела Батаев ГIайрсолтас, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатера Россин Юкъараллин палатин векал харжаран гIуллакх дийцаре дийриг хилар а хоуьйтуш. Юкъараллин палатин декъашхошна юкъара ши кандидат билгалваьккхира – Солтаев Мансур а, Сайдулаева Яха а.

Къайлах кхаж тасарехь, Россин Юкъараллин палатин нохчийн векал хаьржира Палатин къинхьегаман юкъаметтигийн а, социальни зIенийн а, предпринимательствон а гIуллакхашкахула йолчу комиссин куьйгалхо Солтаев Мансур.

Пленарни кхеташо чекхйолуш, Республикин Юкъараллин палатин председатела Батаев ГIайрсолтас билгалдаьккхира Солтаев Мансур меттигерчу Юкъараллин палатехь жигара къахьегначарах цхьаъ хилар.

Солтаев Мансура баркалла элира шена тешам баларна. «Россин Юкъараллин палатин векал харжарца тIедоьжначу жоьпаллах кхеташ, ас сайн ницкъ кхочург дерриге а дийр ду шун тешам ларбархьама», – элира цо.

М.ЮНУСОВ

№21, пIераска, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: