Вайн лулахой болчохь

Субтропикийн стоьмаш

БУРУ-ГIАЛА. Ткъе итт шо хьалха Горски пачхьалкхан аграрни университетехь шатайпа стоьмийн дитташ кхиорна лерина 400 квадратни метр теплицаш ехкира. Сочин, Батумин, ГIирмин ботанически бошмашкара деана синтарш дара уьш. ХIинца, хIора а шарахь, оранжерейхь ах тонна гергга стоьмаш – манго, Японера хьаьмцаш, апельсинаш, инжир, нараш, кхиберш – гулбан таро хуьлу студентийн. Амма коьртаниг иза ца лору дешаран заведенехь: коьртаниг цитрусан диттех дерг довзар, тропикийн ораматашна тIехь талламан белхаш бар хета. Масала, цигахь лимон а, грейпфрут а иэяр бахьанехь таро хилла лимонан «пандероза» аьлла керла сорт кхио. Жимма къаьхьо а йолуш, шен барамца йоккха ю иза, цхьаъ ах кийлане дIа а кхочуш.

Карарчу хенахь университетан Iилманан белхахой а, студенташ а гIуллакх деш бу хурмин шело ловш йолу сорташ кхиорна тIехьажийна. Иза шеран цхьана муьран йохаллехь кхиаре а кхочу.

Хир ю агробизнес-инкубатор

МАЙКОП. ХIокху шарахь Адыгейхь оцу Iалашонна 218 миллион соьман барамехь ахча къастор билгалдина, шена юкъахь федеральни бюджетера 187,6 миллион сом а долуш. Оцу ахчанан чоьтах уггаре а хьалха ян билгалдина зIакардохнан фабрика, зIакардохнна урс хьакхаран цех. Дикка харжаш йина хила декхар ду уьстагIийлелоран дакъа кхиорна, сихха кхуьуш болчу стоьмийн пхи гектар беш йилларна, инфраструктурин цхьамогIа объекташ ярна. Регионан экономика кхиоран министерствехь чIагIдарехь, хинйолчу агробизнес-инкубаторна лерина йина теплични комплексана котельни, тIеялийна электросерлонан, хин, газан сеташ, биллина некъ. ГIуллакх дан юьйлаелла хасстоьмашна консерваци яран цех, 5 эзар квадратни метр теплицаш, шурех гIуллакх даран цех, шелонца кхачойина йолу склад.

И ерриге а объекташ гIуллакх дан буьйлалуш болчу фермерша шайн кара дIаэцна. Билгалйинчу планаца инкубаторехь иштта гIуллакх деш хир ю теплицаш, зIакардаьхни, бежанаш, уьстагIий кхиоран кегий цехаш, ткъа иштта хасстоьмаш кхиоран а, шурех, жижигах гIуллакх даран а производствош.

ГIумкийн культурин кIира

ХIИНЖА-ГIАЛА. Дагестанехь дIадаьхьира гIумкийн поэзин, театральни, музыкин культурин кIира. Иза дерзош регионан пачхьенан поэзин театрехь хиллачу суьйренехь республикин Композиторийн союзан председатела, Дагестанан искусствийн хьакъволчу гIуллакххочо Фаталиев Рамазана дийцира гIумкийн корматаллин музыкин историх лаьцна. Цигахь къамелаш динчара билгалъяьккхира композиторийн Дагиров Набин, Шамасов Казбекан, Шамасова Дженнеитин, Джафарова Аидин кхолларалла. Церан цхьайолу произведенеш цхьаьнакхетаре гулбеллачарна йовзийтира меттигерчу филармонин солисташа Гунашева Аминас, Россин хьакъ йолчу артисткас Арбуханова Умразията, Дагестанан халкъан артисткас Мусаева Светланас, кхечара.

ДIадаханчу шарахь гIуллакх дан йолаеллачу «Дагестанан халкъийн поэзин, театральни, музыкин культурин кIиранаш» аьлла йолчу проектан коьрта Iалашо лору регионехь Дагестанан халкъийн меттанаш, музыка, театральни культура Iалашъярна, кхиорна, шуьйра йовзийтарна тидам тIебахийтар.

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

№21, пIераска, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: