«Куьглатийтархой, хьалхадовла» цIе а йолуш, армрестлингехула йолу схьайиллина турнир дIаяьхьира хIокху деношкахь Соьлжан кIоштан Эна-Хишка (Серноводск) юьртарчу №2 йолчу юкъарадешаран школехь. Зударийн Дуьненаюкъарчу дезачу денца йоьзна яра и мероприяти.
Турнир, Соьлжан кIоштан администрацица цхьаьна вовшахтоьхнарг яра Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство. Иштта иза вовшахтухуш гIо дира кегийрхойн юкъараллин-патриотийн «Ахмат» боламан Соьлжан кIоштахь йолчу филиалан декъашхоша а. Мероприятехь дакъалоцуш бара Соьлжан кIоштарчу школашкара а, колледжера а, техникумера а хьехархой а, дешархой а, кегийрхойн юкъараллин-патриотийн «Ахмат» боламан Соьлжан кIоштахь йолчу филиала юкъара кегийрхой а, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон Соьлжан кIоштахь йолу векал Ибрагимова Малика а, кхиберш а. Оцу турнирехь къовсалуш вара тайп-тайпана йозалла а, хенаш а йолу 90 сов стаг.
Турниран жамIашкахула куьг латуьйтуш хьалхара меттиг яьккхира Эна-Хишкарчу (С ерноводскерчу) аграрни-техникин колледжан студента Кагиров Хьамзата, шолгIа меттиг Эна-Хишкарчу №2 йолчу юкъарадешаран школин дешархочунна Музаев Iимранна елира, ткъа кхоалгIачу меттехь оццу школин дешархо Магомаев Iабдул-Малик вара. Турниран толамхошна Соьлжан кIоштан куьйгалхочун Сийлаллин грамоташца а, мидалшца а совгIаташ дира.
Билгалдаккха деза, кхечу кIоштан куьйгалхочо Ханариков Мусас гIо-накъосталла а деш, «Ахмат» боламан Соьлжан кIоштахь йолчу филиалерчу кегийрхоша а, школашкарчу а, дешаран кхечу заведенешкарчу а дешархоша а, студенташа а жигара дакъа а лоцуш, тIаьхьарчу хенахь дуккха а мероприятеш дIа а яьхьна, дIахьош а хилар. Цара гIо до кегийрхой кхетош-кхиорехь а, уьш могаш хилийтарехь а.
I.ТЕРЛОЕВ
№21, пIераска, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2017 шо