ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хьаьжира дуккха а хьаштийн «Ахмат-Тауэр» комплексан а, «Грозный Молл» махлелоран-самукъадаккхаран туьшан а инвестицийн проект кхочушъярехь дIахьочу белхашка. Цунах лаьцна республикин Куьйгалхочо яздо инстаграмерчу шен агIонехь.

Билгалдаккха деза и проекташ кхочушъян йолор бахьана долуш, белхан меттигашца эзарнаш нахана кхачойина хилар. Цигахь белхаш беш бу белхан зеделларг долу меттигера говзанчаш а, иштта Россин кхечу регионашкара инженераш а. Уггаре а хала дерг – иза ша проект кхоллар дара: республика сих-сиха мохкбегочу регионех хилар тидаме а оьцуш кхолла езаш яра иза. Проект вовшахтохарна юкъаозийнера Россин а, Европин а тоьлла йолу проектийн организацеш. Цара и болх чекх а боккхур бу. «Ахмат-Тауэрехь» хIинцале а чIагIонаш а хIиттош кечбина бух а, иштта, бух боттарна беш кечам а бу. И белхаш беш немцойн фирма ю.
«Грозный Молл» махлелоран-самукъадаккхаран туш ярехь сихачу боларшца дIахьош бу кечамаш баран белхаш, цунна бух ботта меттиг хIинцале кечйина йолуш ю.
Локхалла 435 метр а йолуш, Европехь уггаре а лекха бIаргтохаран майда а йолуш хир йолу «Ахмат-Тауэр» бIов нохчийн къоман а, ерриге а Россин а дозалла хир ду, ткъа «Грозный Молл» махлелоран-самукъадаккхаран туш Россин къилбехь уггаре а яккхийчарах цхьаъ хир йолуш ю. И ши объект вовшахуттур ю гIашлошна дIасалела туьллур долчу тIайно.
– Со тешна ву, яккхийчарах цхьаъ йолу и проект билгалйинчу хенахь кхочушйина ериг хиларх, – яздо республикин Куьйгалхочо.
Дагадоуьйту «Ахмат-Тауэр» комплекс яран проект кхочушъяран белхаш дIадаханчу шеран кхолламан (январь) баттахь дIаболийна хилар. Оцу баттахь бIов ярна бух а кечбира, цуьнан бух онда хилийта чIагIонаш йогIа а йолийра. Ерриге а 65 метр кIоргалле кхочуш ю цигахь йоьгIна йолу 216 чIагIо. Цигара гIишлошъяран-монтажан белхаш жигара бан болийна асаран (июнь) баттахь.
«Ахмат-Тауэр» комплекс 102 гIаттах лаьтташ хир ю. Иштта кхузахь хир ю лаьтта бухахь йолу 1 200 машенна дIахIуттийла а. Комплексана юкъагIур ю бIаьргтохаран майда, резиденци, апартаменташ, садаIаран чоьнаш, ресторанаш, банкетийн залаш. «Грозный Молл» чохь хир ю дуьненахь евзаш йолчу фирмийн гипермаркеташ, ресторанаш, I-МАХ кинотеатр, кхиерш. Проект кхочушъяро республика инвестицешна бегIийла хилла а ца Iаш, кхуза богIучу туристийн барам лакхабоккхур бу. ГIишлошъяран берриге а белхаш чекхбаха лерина бу 2020-чу шеран чаккхенехь.
I.МУРТАЗОВ
№21, пIераска, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2017 шо