Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь Iилманехула а, дешарехула а йолчу Советан хьалхара кхеташо дIаяьхьира хIокху деношкахь. Иза дIахьош хиллачу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Тагаев Султана билгалдаьккхира Iилма а, технологеш а кхиор республикин социально-экономикин декъехь дикачу агIор хийцамаш барехь коьртачу некъех цхьаъ хилар а, иза республикин куьйгаллин лерринчу тидамехь хилар а.

Карарчу хенахь республикехь болх беш дешаран лаккхара пхи заведени а (царах шиъ – динан Iилма Iамош), пачхьалкхан Iилманан ши учреждени а (Нохчийн Республикин Iилманан академи а, Россин Iилманийн академин Хь.Ибрагимовн цIарах йолу Iилманан-талламан комплексни институт а) ю. Республикин дешаран лаккхарчу заведенешкахь кхочушъеш ю бакалавриатехула, специалитетехула, магистратурехула, аспирантурехула (цуьнан тайп-тайпанчу дакъошкахула) йолу программаш.
С.Тагаевс билгалдаккхарехь дешаран лаккхарчу заведенин я талламан туьшан Iилманан эвсараллин коьртачу билгалонех (гайтамех) ду цигахь аспирантура а, докторантура а хилар. Иштта, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь Iемаш 170 аспирант ву, Нохчийн пачхьалкхан университетехь – 138, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан-техникин университетехь – 61, Россин Iилманийн академин Iилманан-талламан комплексни институтехь – 19.
Нохчийн Республикин Iилманан академехь болх беш 156 а (академикаш а, декъашхой-корреспонденташ а цхьаьна), Iилманан-талламан комплексни институтехь болх беш 177 а Iилманан белхахо ву. Царах 209 белха- хо Iилманан даржаш долуш ву, царна юкъахь Iилманийн 88 доктор а волуш.
«ДIадаханчу шарахь вайн вузашкахь Iилманан тайп-тайпанчу дакъошкахула чIагIйина кандидатан а, докторан а 27 диссертаци. Оццу вузашкахь, гIарабевллачу Iилманчаша а, говзанчаша а дакъалоцуш, дIаяьхьна Iилманан 32 конференци (дуьненаюкъара, ерригроссин, регионан). Иза республикин экономика кхиорехь пайдаэца езаш йолу Iилманан йоккха тIаьхье ю. Кхочушдаран Iедалан органаша Iилманан-экспертан балхана юкъаозо еза иза», – элира Тагаев Султана.
Шен докладехь цо билгалбехира нохчийн Iилманчийн баккхий кхиамаш. Цуьнца цхьаьна, Iилманан а, лаккхарчу дешаран а декъехь йолу цхьамогIа проблемаш а йийцира С.Тагаевс. Масала, дуьненаюкъарчу реферативни баххашкахь вайн республикин Iилманчийн йолу жигаралла а, церан белхаш бовзийтар (кхечара бийцаре бар) а ледара ду, цундела, кхечу мехкашкарчу Iилманчаша вайчеран белхех пайдаэцар (уьш бовзар) хаъал лахара ду. Тагаев Султанна хетарехь, диссертационни кхеташонаш алсамъяхар а, юкъара ца бохуш церан болх дIабахьар а оьшу вайна. Къоначу Iилманчашна а, баккхийчарна а (профессорш, хьехархой) юкъахь йоккха хан хиларна а тидам тIебахийтира цо.
«ХIинцца дан доггIуш долу гIуллакхаш ца дахь, герггарчу хенахь хаъал иэшам хила тарло вайна оцу декъехь», – элира С.Тагаевс.
Iилманан декъехь долу хьал тодаран Iалашонца еххачу ханна лерина Нохчийн Республикехь Iилма, дешар, техника, технологеш кхиоран Концепци кхолла езаш хилар хьахийра кхеташонехь.
Нохчийн Республикин Iилманан академин президента Гапуров ШахIруддис дийцира Iилманан теманаш а, юкъадалорш а цхьатерра цахилийтаран Iалашонца республикин вузашна юкъахь Iилманан балхехула йолу вовшех дагадовларан туш а, иштта, нохчийн халкъан исторехула йолу юкъара Концепци а кхолла езарх лаьцна.
«Кхо историк гуттар а къийсалур ву, шен-шена хуург а дуьйцуш. Иза бахьанехь тIекхуьучу тIаьхьенан чIагIдалазчу хьекъалшкахь ойланаш сийсор мегар дац. Истори цхьаъ хила еза – бух болуш а, бакъйолу а», – элира Ш.Гапуровс. Иштта, Нохчийн Республикин историн гIуллакххойн тидам динан-политикин хьежамашна мелла а алсам тIебахийта безаш хилар а хьахийра цо. Тидамза ца дисира археологин декъехь Iилманан белхахой кечбаран гIуллакх а.
2017-чу шарахь школашкахь дешна бовлучарна пачхьалкхан жамIашдаран аттестаци ярна кечамбарх лаьцна доклад йира Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министра Байханов ИсмаьIала.
Кхеташо ерзош Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь Iилманехула а, дешарехула а йолчу Советан секретарь политологин Iилманийн кандидат Салгириев Iела хаьржира.
А.ВАХАЕВА
№21, пIераска, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2017 шо