«Яздархо а, зама а» аьллачу литераторийн Дуьненаюкъарчу симпозиуме кхайкхина, вахана, Белоруcсехь вара со дӀабаьллачу беттан шолгӀачу кӀирнах. Симпозиуман пленарни дакъа доладалале хьалха, Книгийн дуьненаюкъара гайтам а схьабиллира Минскехь чиллин (февраль) беттан 8-чу дийнахь, шена чохь 31 пачхьалкхера дакъалацархой а болуш. Дуккха а мероприятеш яра гайтаман хьаьрмахь вовшахтоьхна. Царах цхьаъ – белоруссин зорбано бина некъ литературин-исбаьхьаллин кепехь бовзийтар. Иза 500 шеран йохаллехь схьабеана некъ бу, болийнарг Скорин Франциск а волуш – белоруссашна юкъахь хьовха, малхбалерчу славянашлахь а жайна дуьххьара зорбане даьккхинарг. Ӏилманча а, Ӏилмадаржорхо а (просветитель) волчу цунна ша дечун маьӀна дика хууш а хилла, хиндерг гуш а хилла. Поэт, дарбанча, ботаник, астроном санна ша вовзийтий, вийцийтий йозанехь тоьшаллаш а дитина Скоринас. Цо лелийначу чорхан бустамашца йина зорбатуху чарх а яра Минскехь. Хьовсархошна гойтура – цунна тӀехь масех минотехь, зорбанан кепе ялайой, арахоьцуш йолу кехатан агӀо.

Скорин Франциска дуьххьара зорбатоьхна жайна Инжил дара. Ма-дарра аьлча-м, цуьнан хенахь, изий бен, кхин хуьлийла а дацара. Коьртаниг кхин ду – жайнаш сихий, алссаммий дан а, даржо а таронаш цигара схьа юьйлаялар. ХӀетталц куьйга яздеш, даржош хилла долу муьлхха жайна а чорха тӀехь дан доладар доккха хӀума хилла оцу заманахь. Дуьнен тӀехь хилларг-лелларг а, Ӏилма а жайнашца (книгашца) арахьара чу дан а, чуьра арадаккха а доладаларо керла юкъаметтигаш йоьзна, хилларш – шорйина. Цундела ду Скорин Франциск айвина вийцар а, хӀокху муьрехь Белоруссехь дийриг дерриге а цуьнан цӀарца дозар а. Масала, ас а нохчийн матте яьккхина цуьнан байт. Белоруссин меттан денна леринчу даздаршкаххьий, Дуьненаюкъарчу «горгачу стоьлеххьий» дакъа а лаьцна, стохка гурахь цигара цӀавирзинчул тӀаьхьа дара иза. И байт, лакхахь хьахийначу симпозиуман литературин-исбаьхьаллин декъехь къамел деш, 31 пачхьалкхерчу векалшна хьалха нохчийн маттахь дӀа а йийшира ас. Ала дашна, «Российская газето» а, Минскерчу Книгийн гайтам вовшахтохархоша а, цхьа башхалла санна, билгалдаьккхира: «Впервые на одной из площадок Скорин Франциск зазвучал на чеченском языке», – аьлла.
Белоруссехь а, цул арахьа а хӀокху шарахь дан леринчу даккхийчу гӀуллакхех хьалхарниг дара и гайтам дIабахьар. Коьрта гулам тӀейогӀучу гурахь хила беза – Скорин Франциска дуьххьара зорбатоьхна 500 шо кхачар билгалдоккхуш, Белоруссин меттан денна леринчу даздаршца цхьаьна. Ишттачу гуламашкахь дакъалацар, муьлххачу а къоман литературин кхолламехь санна, вайна а Ӏаламат мехала ду. Ишттачу майданашкахь керланиг девзина ца Ӏа. Цигахь керла уьйраш тасало, уьйраш доттагӀалле йоьрзу, вовшах лаьцна дийца а, вовшашна тӀехӀитта а (эшахь) чӀагӀонаш кхоллало. Яздархойн уьйраш беркате хуьлу къаьмнашна юккъера уьйраш чIагIъярехь а, хӀунда аьлча, яздархочуьнгара цӀений, нийсий, дийнна къомана мехалий хила хьакъдерг долу дела. Оцу кеппара книгех а, литературех а, адамийн дахарехь исбаьхьаллин белхаша лелочу маьӀнех а лаьцна, къамелаш дира ас цигарчу журналисташна хьалха а, Книгийн гайтамера арадевлла, кхечу меттигашкахь тхаьш вовшахдетталуш а, Белоруссин литературин классик Колас Якуб ваьхначу (хӀинца цуьнан цIарах музей йолчу) хӀусамехь а, литераторийн симпозиуман коьртачу – пленарни декъехь а.
Вистхила ца хӀуттуш, со ийзалуш Ӏийнарг еккъа цхьа меттиг яра – Белоруссин Яздархойн союзехь хиллачу «горгачу стоьлехь» цхьаьнакхетар. Яздархо мелла а паргӀат хила веза меттиг ю-кха и – «шайчарна» юкъахь, «хийранаш» боцчохь. Амма цигарниг кхин хьал дара. Белоруссерчу журналийн коьрта редакторш бара шайн белхан зеделларг тхуна довзуьйтуш, коьрта долчунна, тӀаьххьарчу беттанашкахь шайн зорбано шорйинчу къаьмнийн юкъаметтигех, цара маша бузуш диначу гIуллакхех дуьйцуш. ХӀусамдайша шайн къамелашкахь а, тхох цхьаболчу хьешаша дуьйцург а, дукха хьолахь, шайн цӀахь шайна бечу аьттонех дара – литературин- исбаьхьаллин журналаш арахеца бечу аьттонех. Цу хьокъехь дийца сан хӀун дара? Журналаш арадовлуш дац шайн, аьлла, вистхилла цхьа а воцуш, соьгара ишттаниг хезнехь, хӀун хетар дара вайн республика дикачу агӀор хьехош Ӏачарна? ЮьхькӀам боцу хӀума чуьра арацадаккхар бен дарба дац.
Бакъду, Россин Яздархойн союзан 1-чу секретара Иванов Геннадийс цигахь дийцинчух цхьа масал-м далор дара ас. Иттех шо хьалха «Родная Ладога» журнале хӀоьттина хилла, арахеца таро йоцуш, дӀакъовла гергга долу хьал. Амма цхьа «Хьенех» орцахваьлла, боху, журналана – таро йолу цхьа спонсор. ХӀетахь дуьйна, шен рожах ца духуш, арадолуш а ду иза. Оцу «Хьенеха» шен цӀе а ца тухуьйту журнала тӀе, иза мила ву редакцехь а ца хаьа, цхьа стаг воцчунна. Тамашийна дац и?
АХМАТУКАЕВ Адам
№21, пIераска, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2017 шо