Даггара баркалла

Шеко йоццуш, Дала адамашна еллачу махбоцучу хазнех цхьаъ бIаьрса ду. Цуьнан хама бан а, мах хадо а хуур дац иза лахделча я дIадаьлча бен. Хьуна массо а маьIиг евзачу хьайн чохь, дахкарла яханчу Iуьйранна некъах тилларг санна, я хьоме, гергара аматаш озах бен ца къасталуш висича, хаьа, муьлхачу исбаьхьаллин да хьо хилла. ТIаккха вайн ерриге а ойла а и исбаьхьалла юхакарон йолчу Iалашоне йоьрзу.

ывимкп

Далла бу хастам, дукха хьолахь и дан корматалла Дала адамашна елла. Хийла бIаьрзаллин боданехь висинарг серлоне ваьккхинчарах ву Соьлжа-ГIаларчу Ш.Эпендиевн цIарахчу республикин больницин офтальмологин отделенин коьрта лор, Нохчийн Республикин хьакъволу лор Митаев Илес. Дукха бу цуьнан беркате куьг бахьанехь кху дуьненан серлонан марзо юхагинарш.

Царах ю Шелковски кIоштарчу Оьрза-ГIалара яхархо Тимерсултанова Зараъ. Цо дехнера тхоьга оцу говзачу лоьрана даггара баркалла алар.

Нохчийчохь мостагIий баьржича, маьрша даха луу халкъ а, цунна гIаролехь лаьтта кIентий а хIаллакьхуьлучу 2000-чу шерийн юьххьехь, Оьрза-ГIалин чоьхьарчу гIуллакхийн отделан белхахо волу Зараан цхьаъ бен воцу кIант вийна, цхьана Делан мостагIчо байлахь йитира хIара. Хеназа дIакъаьстинчу кIентан муьлхха а нана санна йилхина, 14 шарахь бIаьрхин дуьраллехь лаьттина кхуьнан бIаьргаш кхоладуьйладелира. Кхин дан амал доцуш йисича бен ца яхара лоьрашна тIе.

– Дерриге а Делера дуйла хаахь а, яла ирс хиларе сатуьйсура ас, – боху цо, – амма Илесан говзачу куьйгаша, хIара дуьне юхагайти, юха а Мохьмадан суьрте хьажа а, и кхиъна меттигаш ган а таро хили. Шен нене санна, даггара хьаьжира Илес соьга, куьг лаьцна, дуьххьара ког боккхуьйту бер санна, экама ларъеш, хьаьстина бен дош ца олуш, дарба дира цо суна. Дела реза хуьлда иза виначунна, кхиийначарна, волучарна. Шен вешица, офтальмологин декъехь лаккхара хаарш долчу Сосламбекаца дага а волуш, сан галдаьлла бIаьрса дика меттахIоттий. Дела реза хуьлда, шайн къоман лазамна юкъ йихкина, шайн хаарш а, говзалла а, корматалла а ца кхоош къахьоьгучу вежаршна МитаевгIарна Илесана а, Сосламбекана а. Иштта цомгашчаьрца хьастабелла, кIеда-мерза болуш, царна дарбадарна орцахбевлла, цкъа а гIел ца луш я кIорда а ца деш къахьоьгучу хIокху отделенин кхиболчу белхахошна а – лоьрашна-офтальмологашна Метаева Яхитина, Исаева Маринина, лакхарчу медйишина Чупалаева Iайдатна, процедурийн медйишина Бахаева Хадиштана, доцца аьлча, цхьа а къаста а ца веш, 40 стагах лаьттачу офтальмологин отделенин берриге а белхахошна.

Лараме Илес, хьоме йижарий, Дала могашалла а, адамалла а ма эшайойла шуна. Дала чекх ца долу дуьненан ирс а, кхин а кIорггера корматаллин говзаллин лакхене кхача аьтто а бойла шун. Оьрза-ГIалара Тимерсултанова Зараъ санна, даггара шуьга болчу ларамца, баркаллин дош ала лаам болуш хуьлда шу долчу кхочу лазархой.

Т.САРАЛИЕВА

№21, пIераска, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: