Нохчийн къоман «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан редакце балха сол кIеззиг хьалха веанера Дашаев ШаIрани. Кхузахь сан уггаре а хьалха уьйр-марзо тасаеллачарах вара иза. Цуьнан коьрта бахьана дара ШаIрани массаьрца а ийна, ваза, гергарло таса хууш, даго тIеоьцуш хилар. ХIетахь, дукха хьолахь, юьртан бахамехь долчу хьолах лаьцна материалаш язйора цо. Уьш ешначунна моьттур дара иза юьртабахаман институт чекхъяьккхина ву. Оццул говза язйора цо уьш. Цунна кIорггера евзара аренашлелоран, даьхнилелоран, хишдахкаран говзаллийн къайленаш. Къаьсттина дика нислора цуьнан юьртан бахаман могIарерчу къинхьегамхойх лаьцна йолу зарисовкаш, очеркаш. Уьш йоьшуш дуккха а керланиг девзира суна ораматашлелорхойн, зIакардаьхнилелорхойн, механизаторийн чолхечу белхан хьокъехь. Цуьнан очеркаш ешча латталелоре безам кхоллабелла кегийрхой а кIезиг хир бацара вайн ярташкахь.

Ванах, юьртабахамах лаьцна санна говза яздан хаьий-те цунна политикех, литературех, культурех аьлла ойла кхоллаелира сан цхьана юкъанна. И шеко дIаелира газетан шен корреспондент волуш (собкорр.) иза болх бан волавелча. Юьртабахамехь долчу хьолал дика девзий-те аьлла дика девзаш хиллера цунна дахаран-Iеран, халкъан бахаман дерриге а дакъошкахь долу хьал. ШаIрани шен балхана охIла хилар а, ша хаьржинарг хIун говзалла ю цунна хаар а дара иза.
Мотт хаарх а, литература кIорггера йовзарх а хьан-хьаннах а хуьлуш вац бакъволу журналист, нохчийн журналист муххале а. Шен сица цхьа суй (яздан лааран суй) хила безаш ву иза. Цул сов, шен къомана чу садиллина хила везаш ву, шеца нохчалла хила езаш ву. Ишттачу журналистех цхьаъ вара ШаIрани. Ца хиллехь, дерриге а дуьненахь а цхьаъ бен доцчу, Советийн заманахь Iедало кхин дIора терго еш доцчу (коьрта лоруш дара республикехь оьрсийн маттахь арадолуш хилла «Грозненский рабочий», «Комсомольское племя» газеташ) газете балха вогIур а вацара. Нохчийн маттахь санна говза яздеш ма вара Ш.Дашаев оьрсийн маттахь а. Делахь а цунна оцу газеташка балха ваха ца лиира.
«Ленинан некъ» а, цул тIаьхьа «Даймохк» а газетана тешаме хилла чекхвелира Дашаев ШаIрани. Кхоллараллин шовкъ лахъелла ца хиллехь а, къоначарна некъ буьтуш, балхара цIахь сецира иза. Амма газетаца, редакцин белхахошца долу гергарло ца хердира. Царна бакъонца хьехамча хилла дIахIоьттира.
Иза гучуваларе сатесна Iаш хуьлура «даймохкахой». НеI йиллина, иза, вела а къежна, чоьхьа волу-кх бохуш. Тахана а иштта Iаш а ду, и хила йиш цахилар даго тIе ца дуьтуш.
С.ХАСАНОВ
№21, пIераска, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2017 шо