Карара 2017-гIа шо Россехь Экологин шо дIакхайкхийна кхолламан (январь) беттан хьалхарчу деношкахь.
Цуьнан хьокъехь долчу Указана куьг яздина Россин Президента Путин Владимира. Цу тIехь билгалъяьккхина коьрта Iалашо ю юкъараллина экологи ларъяран мах хаийтар а, экологин кхерамазалла лаккхарчу тIегIанехь хилийтар а.
Iаламан тIаьхьалонаш а, гуонахара хьал а лардарна лерина, хIокху шарна, федеральни бюджетехь билгалдаьккхина 350 миллиард сом.
Къилбаседа Кавказехь экологин декъехь уггаре а коьрта проблема лору бакъо йоцучу меттигашка нехаш дIакхиссар. И тайпа меттигаш дIаяхаран декъехь дуккха а гIуллакхаш ду хIокху шарахь Россин ерриге а, къаьсттина Къилбаседа Кавказерчу, регионашкахь дIадахьа лерина. Цуьнца цхьаьна бехдина хиш цIандаран белхаш дIабахьар а, ЦIечу книги тIехь билгалъяьхначу акхаройн доладар а ду.
Иштта ерриге Россехь а уггаре а яккхийчарех ю даххийн проблема. Официальни хаамашца бакъо йоцучу меттигашкахь йиначу нехаш дIакхуьссилийн барам 20 эзар сов бу. Цундела, и тайпа меттигаш дIа а цIанъеш, дIадахьа лерина дуккха а гIуллакхаш ду карарчу хенахь вовшахтухуш.
Къилбаседа Кавказехь дIаяха езачу экологин декъерчу коьрта проблемашна юкъахь билгалъяьккхина ю мехкадаьттан даххаша бехйина майданаш дIацIанъяран проблема а. Уьш Нохчийчохь а, ГIезалойчохь а, Бурятехь а ю.
И тайпа гIуллакхаш хIинцале дан долийна. Кечйина проекташ, планаш ю, цаьрца нийса а догIуш хIокху шарахь Россин экологи кхоччуш тоян лерина бу Россин ерриге а регионийн куьйгаллехь берш.
Оха хIинца довзуьйту Къилбаседа Кавказан тайп-тайпанчу регионашкахь долу хьал а, хIокху шарахь дIадахьа лерина гIуллакхаш а.
Кхарачойн-Чергазийн Республика
Кхарачойн-Чергазийн Республикин кегийрхойн «Адыгэ Хасэ» организацин жигархочо Жужуев Амара дийцарехь, церан регионехь нехаш дIакхисса билгалйинарг 2–3 меттиг бен яц. Цул сов, даххашна утилизаци еш меттигаш цахилар а ю церан уггаре а коьрта проблема. Цо билгалдаккхарехь, гIаланашкарчу бахархойн керташкара нехаш яртийн йистошка охьаюхкуш ю. И бахьана долуш, меттигерчу бахархошна йоккха новкъарло хуьлу цунах. Цул сов, даима тамехь йоцу хьожа лаьтта уьш бехачохь.
Жужуев Амара кхин а довзийтира экологин декъехь республикехь шена ца товш дерг: «Бакъдерг дийцича нехан шайн бехк а бу иштта хьал республикехь хIоттарна. Суна дукхазза а гина, новкъахь, машен йоьдуш а йолуш, корехула шаьш меллачу а, йиъначу а мерзалгийн кехаташ охьакхуьссуш болу нах, царна юкъахь дукхахберш кегийрхой а хуьлу. ТIаккха муха хир бу мохк цIена?! Иза цIена латто луурш кIеззиг бен бац. И тайпа хIуманаш хIусамашкара схьадогIуш ду. Мел халахеташ делахь а, дай-наноша гIиллакх-гIуллакх кхоччуш цадийцар ду иза.
Кхин цхьа хIума а ду – республикехь нехаш дIакхуьссу тускарш чIогIа кIезиг ду. ГIали юккъехь а нехаш дIакхисса меттиг цахиларна, лаьтта охьакхуьссий хуьлу. Нехаш чукхисса тускарш делахьара и санна дерг хир дацара».
Иштта цо довзийтира шена мехала хетарг а: «Цхьа кхаъ а бу тхуна хила тарлуш. ХIокху шарахь Прикубанскан кIоштахь даххашна утилизаци яран завод ян лерина ду республикин куьйгалла. Дийцарехь, цхьана шарахь 40 тонна сов нехех гIуллакхдийр ду цигахь», – дийцира А.Жужуевс.
Нохчийчоь
Кхечанхьа санна дIаяккха лерина Нохчийчохь а карарчу шарахь нехашна утилизаци яран проблема.
Регионан коьрта проблемаш ю молуш долу хиш цалардар а, гIаланашна юккъехь, базаршкахь нехаш ягор а. И тайпа проблемаш герггарчу хенахь дIайохург хиларх лаьцна дуьйцу Нохчийн Республикин экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин Советан секретара Черхигов Идриса: «Вайн шовданаш, Iаьмнаш вай ца лардича, уьш лардан цхьа а вац. Вайга уьш ларлур ду вайх хIорамма а дан хьакъдолу гIуллакхаш дичхьана. Иштта, гIали юккъехь цIерш а ца летош, уьш галеш чохь гул а йина, лерринчу машенашка дIаяхьийта еза. Иза дан хIумма хала а дац.
Иштта, Шуьйтан кIоштан куьйгалхочо Чабагаев Шадида дийцира бакъо йоцучохь йина хилла нехаш дIакхуьссийлаш йолчуьра хIинцале а 350–400 КаМаЗ нехаш дIаяьхна хиларх а, бухахь йисинчарна тIе латта доьхкина хиларх а лаьцна.
Карарчу шарахь республикехь болх беш нехаш дIасаекъаран оператор хир ю яьлла хеташ ю Нохчийчоьнан Iаламан тIаьхьалонийн а, гуонахарчу хьолан а министерство. И тайпа туш кхолларца дуккха а хIума хийцалур ду, уггаре а хьалха, республикерчу нахана шайн бакъонаш евзар ю, цара уьш ларйийр а ю.
ХIинцале а хинбердийн йистош цIанъярна лерина мероприятеш вовшахтоьхна Гуьмсан кIоштахь. Цул сов, Хьалха-Мартан а, Невран а, Гуьмсан а кIошташкахь деса лаьтта латтанаш доладохуш гIуллакхаш а ду дIахьош. Цу хьокъехь хаам бина экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон пачхьалкхан экономикин тергонан департаментан директоран заместитела Абдулмуслимов Джамбулата.
Нохчийчохь хIокху шарахь кхочушдан лерина ду 32 тайп-тайпана гIуллакх. Царах 5 проект Федеральни бюджетерчу харжашца кхочушйийр йолуш ю. Царна юкъара цхьайолу проекташ: мехкадаьттан даххаш дIадахар а, БухIан-Юьртарчу Iоман экологин хьал тодар а, Iаламан хIолламийн Iалашо яр а (Къоьзан Iам, Эна-Хишкара дарбанан хиш), иштта хьаннашкахь цIеяларна дуьхьала профилактика яран гIуллакхаш а.
ГIалгIайчоь
ГIалгIайн Республикехь а бакъо йоцучу меттигашка нехаш дIакхиссарца къийсам бу дIахьош. ХIокху баттахь нехаш дIакхиссарна лерина ши меттиг ю кечъеш (и проблема дIаяьккхина йина лара мегар ду).
ГIалгIайчоьнан экологин а, Iаламан тIаьхьалонаш ларъяран а комитетан председатела Бабхоев Мохьмада дийцарехь, нехаш дIаяхаран комплекс ян йолийна. Карара бутт чекхбалале болх дIаболор болуш ю иза.
Кхин цхьа мехала гIуллакх ду ГIалгIайчоьнан Iедало вовшахтоьхна: 2016-чу шеран хьалхарчу деношкахь экологина тIехь терголатторан полици ю болх бан йолаелла. Цу юкъахь бу юкъараллин белхахой а, студенташ а, волонтераш а. Цара, Iаламан декъехь къепе талхоран хIуманаш билгал а дохуш, уьш Iедале дIадовзуьйту. Кегийрхошна юкъахь дуккха а хуьлу Iаламан инспекторш хила луурш, церан барам хIора денна а алсамболуш лаьтта.
ДIадаханчу шеран хIутосург (май) баттахь юкъадалор ду аьлла дийцина цхьа хIума а дара (иза ГIалгIайчоьнан тайп-тайпанчу хаамийн агентствийн сайташ тIехь хааделлера), массанхьа а санна долу нехаш дIакхуьссу тускарш лаьтта буха дохкучу тускаршца хуьйцур ду аьлла (дуьххьара иштта тускарш Магасехь дехкинера, цигарчу нахана и тайпа хIума та а тайнера). ХIокху шарахь ГIалгIайчуьрчу тайп-тайпанчу шахьаршкахь а хила герга ду и тайпа тускарш.
Дагестан
Дагестанехь керлачу шарна лерина даздаран денош дIа а довлале буьйлабеллера санитарни цIано ян. Цигарчу бахархоша шайн мохк цIена латторна тIехь леррина тидам латтабо.
ХIокху шеран коьртачу Iалашонех Грязевое, Ак-Гель, Аджи, Къилбан Аграхан Iаьмнаш меттахIиттор, цIандар лору цара.
Иштта, хIокху шарахь дIадахьа леринчарна юкъахь ду нехаш дIаяхаран комплексаш яр а. Дагестанерчу Сулакскан аймин (бухта) хиш цIандан а, цу чуьрчу чIерийн барам жимма алсам а боккхуш белхаш дIабахьа дагахь бу регионан бахархой. Лахарчу Казанищехь маьIданаш дохуш хIаллакдина хилла долу латтанаш меттахIиттон а ойла йолуш а бу уьш.
ГIебартойн-Балкхаройн Республика
2017-чу шарахь кхийолчу мероприятешца цхьаьна ЦIен книга юхавовшахтоха (цхьацца хийцамаш а беш цу тIехь) лерина ду ГIебартойн-Балкхаройчоьнан куьйгалла. Цу декъехь хIинцале а болх беш ю ведомствийн комисси.
Планаца нийса а догIуш, хIокху Экологин шарахь и гIуллакх чекхдаьккхина хила дезаш ду. Иштта хаам бина республикин Правительствон аграрни политикин, экологин, Iаламан а, лаьттан а декъехула йолчу комитетан председателан заместитела Шхагапсоев Сафарбийс.
Къилбаседа ХIирийчоь
«Хвостохранилище»-ш (радиоактивни, токсични даххаш дIаIалашден меттигаш) дIаяхар.
Къилбаседа ХIирийчохь и тайпа меттиг шиъ ю. Цигарчу полиметаллически рудан барам 6 миллион сов тонна хир бу. И тайпа латтанаш юхаметтахIоттош дуккха а къахьега дезаш а, харжаш ян а, хан яйа а езаш хилар хаийтира республикин Куьйгалхочо Битаров Вячеслава.
Цул сов, республикехь юкъаялийна керла программа ю: Хьалхарчу Азин пхьаьнтарш (леопардаш) Къилбаседа ХIирийчохь даржор.
Вай дуьйцучу пхьаьнтарийн тайпа Къилбаседа Кавказера ЦIечу хIордана а, Босфорера дIа Инди а кхаччалц а йолчу меттигашкахь бен хуьлуш дацара. ХХ-чу бIешарахь и акхарой хуьлу меттиг а лахъеллера. ХIинццалц Хьалхарчу Азин пхьаьнтарш тайпа Кавказехь хаалуш а дацара. ЦIечу книги тIехь билгалдаьккхина а ду и экха. Ткъа хIинца юкъаялийна и программа бахьана долуш церан тайпа дебар ду Кавказехь.
Хь.БАХТАЕВА
№21, пIераска, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2017 шо