ПохIме журналист, яздархо Дашаев ШаIрани цIеххьана кхалхар чIогIа халахетта дуккха а шерашкахь цуьнца цхьаьна болх биначу «Даймохк» газетан редакцин белхахошна. Дала гечдойла цунна. Дала декъала войла иза! Дала ийманца собар а, собарца ял а лойла цуьнан гергарчарна, халахетаран дакъа мел кхаьчначарна. Баккъал а оьзда, гIиллакхе, эхь-ийман долуш, дика стаг вара ШаIрани.
Тахана тхуна, цуьнан накъосташна, Iаламат хала ду цунах лаьцна дош ала. Дог Iийжош, бIаьрг белхош карлаюьйлу цуьнца яьккхина мерза хан… «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан редакце балха 1983-чу шеран аьхка веара Дашаев ШаIрани. Цул хьалха кхечу редакцешкахь (кIоштийн газетийн) дуккха а шерашкахь белхаш бина, доккха зеделларг долуш журналист вара иза. Цунна дика хаьара нохчийн а, оьрсийн а меттанаш. Муьлххачу а темина тайп-тайпанчу жанрашкахь материалаш язъян говза вара иза. Къаьсттина дика, чулацаме нислора цо язйина публицистикин а, критикин а статьяш. Иза шен корматаллица кхечарех къаьсташ хилар ца гуш ца дуьсура редакцин куьйгаллина. Цундела дукха хьолахь цунна тIедуьллура мелла а жоьпаллин а, сихха оьшуш йолу а материалаш кечъяр. Шена тIедиллинарг шен хеннахь а, лаккхарчу дикаллица а кхочушдора цо. Дахаро иштта Iамийна вара иза.
ШаIрани бераллехь дуьйна дуккха а халонаш евзина а, дахаран чолхаллех чекхваьлла а вара.
Ш.Дашаев дуьнен чу ваьллера 1940-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 15-чу дийнахь. 1947-чу шарахь Алма-Атаний, Талгараний юккъехь Iуьллуш йолчу Веселая жизнь юьртарчу школе деша вахара. Цуьнан бералла а циггахь чекхделира. ВорхI класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа Алма-Ата гIала гергара нах болчу схьакхелхира ДашаевгIеран доьзал: ненанана, нана, ненайиша, ШаIрани (цIерадаьхначу шарахь да а кхелхина, кхин йиша-ваша доцуш, ненахошца висина вара иза). Кхузахь дIаболабелира цуьнан ахбIе шарал тIехъиккхина болу къинхьегаман некъ.
Ялхийтта шо дара иза йоккха бел кара а лаьцна, бетон кегочу гIирсана улло дIахIуттуш. Иза а халла дийцина ваханера цига болх бан, «хьаькамаша» жима ву, бохуш, дIа ца оьцура иза.
Ма-дарра аьлча, шолгIачу классера дуьйна схьа лара безаш бара цуьнан къинхьегаман некъ – колхозашкахь берашна а дукха хуьлура бан белхаш: стерчий я говраш тIехуий, я юьхь лоций, лоьхкуш. Цхьа а де а каникулашкахь мукъа доккхийла ца хуьлура… Ма-дарра аьлча, тIамал тIаьхьарчу шерашкахь колхозашкахь Iаьнна юккъехь бен мукъа денош хуьлуш а дацара.
1957-чу шарахь «Алма-Ата-Промстройра» балхара дIа а ваьлла цIавирзина масех де далале меттигерчу колхозе балха вахара. Прицепщик (тракторна тIаьхьатосуш долчу нахарна тIехь), слесарь, счетовод белхаш бо цо.
Къинхьегамна юкъах а ца волуш, болх беш болчу кегийрхойн суьйренан школехь цхьайтта класс чекх а яьккхина хьехархойн институтехь дийшира цо, тIаьхьуо КПСС-н ЦК-н Лаккхара партийни школа а чекхъяьккхира. Финотделан белхахочун, хьехархочун, радион корреспондентан, Хьалха-Мартан кIоштан «Ленинская правда» (хIинца «Маршо») газетан редакцехь кехатийн а, юьртабахаман а отделийн заведующин, редакторан заместителан, редакторан, цул тIаьхьа Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу газеташкахь кхиамца белхаш бира.
Шовзткъе цхьайтта сов шарахь болх бина ШаIранис. Цунах ткъе итт шо сов – газеташкахь болх барна дIаделла: «Ленинская правда» – «Марта» – «Маршо» (Хьалха-Марта), «Ленинизман байракх» (ТIехьа-Марта), «Ленинец» (Шуьйта), «Вести Грозного», «Нохчийн латта», «Ленинан некъ» – «Даймохк» газеташкахь шен къинхьегаман хазна йитина цо.
«Журналистикехь кхиар сан шозза хилла, – дуьйцура Ш.Дашаевс. – Дуьххьара Хьалха-Мартан кIоштан «Ленинская правда» газетехь, шолгIа – республикин «Ленинан некъ» (хIинца – «Даймохк») газетехь».
Шен дагалецамашкахь а, цхьайолчу зорбатоьхний, тохазий йолчу говзаршкахь а уггаре а хьалха ШаIранис хьахош а, хестош а верг шен дуьххьарлера редактор Магомаев Хасмохьмад вара.
Ша миччахь хилча а, шена гуонахарчаьрца тарлуш, оьшучунна гIо-накъосталла дан кийча волуш, чекхваьлла ШаIрани. Массаьрца а кIеда-мерза, гIиллакхе, оьзда вара иза. Цундела белхан накъосташа а, юххерчара а даггара лоруш а, сий деш а вара.
Зорбанца йолу зIе ца хадош, бакъдуьнена дIаваха Дашаев ШаIрани. КIоштан газетан агIонаш тIехь «Ойла» рубрикехь кест-кеста араюьйлура цуьнан кIорггера чулацам болу статьяш. Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь республикин литературни-исбаьхьаллин «Орга», «Вайнах» журналаш тIехь зорбатухура цуьнан башха дийцарш. Царах дукха долчарна тIехь дуьйцура вайн республикехь дукха хан йоццуш хиллачу къизачу тIамах, нохчийн халкъ цунах ца духуш, яхь дIа ца луш, чекхдаларх, ненан маттах, культурах, гIиллакх-оьздангаллех лаьцна. Цуьнан кхоллараллин белхаш нохчийн халкъан оьзда гIиллакхаш, Iадаташ марздеш, диканиг хьоьхуш бу.
Ша дерриге а дахарна хаьржинчу корматаллехь шовзткъе цхьайтта шарахь болх барца, нохчийн журналистика кхиорна ШаIранис йоккха хазна юкъайиллина.
Тхуна, цуьнан накъосташна, цкъа а вицлур вац ШаIрани. Тхан иэсехь даиманна а ваха висина иза цIена нохчи, гIиллакхе, оьзда, хьекъале стаг, тешаме доттагI, накъост санна.
ХIун дер тIаккха, вайх массарах дуьсур долуш ду-кх хIара маьлхан дуьне. Дала даьхкина ду-кх вай дерриге а…
БЕЛХАН НАКЪОСТИЙ
№21, пIераска, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2017 шо