Хууш ма-хиллара, Нохчийн меттан де ду тIекхочуш. Цуьнца доьзна вайн республикин дешаран а, культурин а учрежденешкахь, школашкахь дуккха а цхьаьнакхетарш а, конкурсаш а, яздархошца суьйренаш а дIахьо. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн меттан а, литературин а институто Нохчийн меттан денна лерина бечу кечамах дерг хаар Iалашо йолуш, оха интервью ийцира оццу институтан нохчийн меттан а, литературин а кафедрин заведующигара Навразова Хьавагара.

– Хьава, вайна ма-хаъара, Нохчийн меттан де ду тIекхочуш. Хетарехь, аш къаьсттина кечам бо оцу денна. Нохчийн меттан де шайн кафедро даздарх лаций дийцахьа.
– ХIора а шарахь Нохчийн меттан денна лерина даздарш чекхдевллачул тIаьхьа, оцу дийнахь дуьйна вукху даздаршна кечам бо. Оха оцу цхьана дийнахь билгалдаьккхина ца Iа ненан меттан де. Майрра ала йиш ю, Нохчийн меттан денна лерина болх оха дийнна шарахь а бо. Нохчийн меттан а, литературин а институте деша бахка лаам болу студенташ алсамбийларехь, тхуна тхайн белхан жамI го. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь къаьсттина алсам хуьлу кхуза деша богIу студенташ. Нохчийн матте а, литературе а безам берш алсамбовлийта вайн республикин школашкахь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш болчу хьехархошца зIе латтайо оха. Тхаьш зIе латтош болчу нохчийн меттан хьехархошка а, яздархошка а, поэташка а, оха вовшах мел тоьхначу конкурсехь толамаш баьхначу дешархошка а, студенташка а кхойкху оха тхаьш кечдечу оцу даздаршка.
– Школашкахь нохчийн мотт хьоьхучу хьехархошца зIе латторехь хIун болх дIахьо аш?
– Ламаст хилла дIахIоьттина ду, хIора а шарахь шозза цаьрца республикин Iилманан-практикин семинар дIаяхьар. Ишттачу семинарашкахь билгалъяьккхинчу темина лерина къамел до. Масала, дIадаханчу шарахь хиллачу семинарехь оха йийцаре йира «Вайн школашкахь дешархошна хьоьхуш йолу нохчийн меттан книгаш муьлхачу хьолехь ю?» цIе йолу тема. Книгийн (учебникийн) авторша дакъалецира цигахь. Оцу книгаш тIехь кхачаме дерг а, кхачамбацарш а, шайна товш дерг а, ца товш дерг а цаьрга ала таро хилира нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн. Книгийн хьокъехь церан кхолладеллачу хаттаршна жоьпаш делира книгийн авторша. Оцу балхо дикка гIо до кхачамбацарш дIадахарехь. Ишттачу гIуллакхна тIехь дакъалаца лаам болу хьехархой дукха хуьлу. Масала, дукха хан йоццуш оха дIаяьхьначу семинарехь 300 гергга хьехархочо дакъалецира. Цара дийцарехь, ишттачу семинарех цара боккха пайдаоьцу. Оцу семинарехь йийцаре йиначу темин цIе «Таханлера урок» яра. Таханлера зама сиха хийцалуш хиларе терра, цуьнца цхьаьна адамаш а ду хийцалуш. Школашкахь урок яларехь а керла лехамаш бу. Оцу семинаран гурашкахь, вайн республикерчу школашкарчу тоьллачу хьехархошка къоначу хьехархошна мастер-классаш ялийтира оха. Нохчийн меттан а, литературин а институтан студенташа а дакъалецира цигахь. Масала, оха доьшучу хенахь, дешархошна нохчийн мотт а, литература а хьеха хьехархо ца хуьлура. Суна хьехнарг Умхаев Iамади вара. Ткъа тахана, дерриге а хийцаделла. Нохчийн мотт Iамо а, иза хьеха а таро а ю, хьелаш а ду. Суна билгалдаккха луур дара, иштта семинараш Нохчийн меттан денна лерина хилар.
– Нохчийн меттан денна лерина дешархошца олимпиадаш, конкурсаш вовшахтухий аш?
– Цкъа хьалха, школашкахь дешархошна юкъахь олимпиада дIахьо оха. Тоьлларш вовшах а тухий, царна юкъахь юха а олимпиада дIахьо. Цигахь билгалволу нохчийн маттехула а, литературехула а кIорггера хаарш долу дешархо. Дешархошна къаьсттина хазахеташ ю сочинени язъяран а, шаьш язйинчу байтан а конкурсаш. Вайн нохчийн яздархой Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, Рашидов Шаид, кхиберш кхойкху оха кест-кеста. Цаьрца дIахьош йолчу кхоллараллин суьйренашкахь дакъалаца лаам болу студенташ къаьсттина дукха хуьлу. Иштта, Ненан меттан де тIекхачале, вайн яздархойн цIарах йолчу музейшка буьгу студенташ. Масала, дукха хан йоццуш, Олхазар-КIотарахь Сулейманов Ахьмадан цIарах йолчу музейхь хилира тхан студенташ. Вевзаш волчу яздархочо дуьненан бахам лехна цахиларх а, шел тIаьхьа дуьненахь яха дика цIе а, лар а йитина хиларх а кхийтира уьш. Йоккхачу АтагIахь Пахаев Мовлдин цIарах йолу историн музей ган а, экспонатех бIаьрг тоха а ирс хилира тхан студентийн. ХIора а шарахь оханан (апрель) баттахь нохчийн меттан а, литературин а кафедрехь студенташца Iилманан-практикин «История и культура народов в зеркале языка» цIе йолу конференци дIахьо.
– Вайнехан меттанийн лаборатори схьайиллина, бохуш хезнера тхуна. Дийцахьа цунах лаций?
– Университетан ректоран Халадов Хож-Ахьмадан дIадолорца вайнехан меттанийн лаборатори схьайиллина дIадаханчу шарахь. Цуьнца доьзна, иштт а, дIадаханчу шарахь Гуьржийчохь хилира тхо. Вайна ма-хаъара, нохчийн мотт вайн махкахь Iамийна ца Iа. Кхечу мехкашкахь бехачу нохчаша вайн мотт муха Iамабо, цара иза муха буьйцу хааран Iалашонца дахара тхо цига. Тхо кхийтира, кхечу мехкашкахь бехачу вайн нохчаша ненан мотт Iалашбеш а, иза кIорггера Iамош а хиларх. Вайн яздархойн книгаш а, цхьацца материалаш а яьхьира оха царна. Цунах хаза кхаъ а хилира царна. ХIокху институтан уггаре а тоьлла студенташ бигира оха. Студенташа хазахетарца къамелаш дора цигарчу нохчашца. Оха цигахь даьккхинарг иттех де бен дацара, амма, оцу йоццачу хене хьаьжча, вайн студенташа дуккха а хIуманах пайда а ийцира. Хан билгалъяьккхина яцахь а, тIейогIучу хенахь Иордане даха ойла а ю тхан.
– Нохчийн меттан а, литературин а институте деша бахка а, цул тIаьхьа нохчийн мотт хьеха а лаам болчу кегийрхошка хIун эр дара ахь?
– ХIорамма а даима шен даг чохь латто деза: нохчийн мотт – иза, уггаре а хьалха, вайн ненан мотт хилар а, иза вайна хаа безаш хилар а. Хийлазза хеза кегийрхошкара «Со юрист хир ву (хир ю), «Со экономист хир ву (хир ю), «Со дизайнер хир ю». Дийца а ца оьшуш, вайна хууш ду хIора а говзалла оьшуш хилар. Делахь а, нохчий баккъал а нохчий бийриг нохчийн мотт бу. Ас студенташка даима а олуш ду иза. Цхьаболчара олуш хеза: «Нохчийн мотт бийца, нохчийн мотт хьеха хала ду». Мел халахета иштта къамел хезча. Бийца атта а, хьалдолуш а бу вайн ненан мотт.
З.ЛОРСАНОВА
№21, пIераска, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2017 шо