Къоман культурина беркате даьхкира чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 80-гIа шераш. Къаьсттина кхиамаш бара нохчийн къоман эстрадехь. ТIаьхьуо, сирлачу седарчех таръелла дIахIуьттур йолу цIерш гучуевлира хIетахь: Дадашева Тамара, Айдамирова Аймани, Ташаева Марем, Усманов Iимран, Даудов Рамзан, Ульбиев Хизар, вежарий ДимаевгIар, Далхадов Апти, иштта дуккха кхиберш а. Царах хIора а хьакъ ву шех лаьцна довха дош ала. Тахана суна хьахо лаьа вайна юкъара дукха хьалхе дIавахана, къеггина похIма долуш хилла иллиалархо Далхадов Апти. Леларца, духарца, ойланца бакъволу артист вара иза.
Нуьцкъала аз дара цуьнан. Вайн лерса хьоьстура цо. Шийлачу шовданийн декарца йохье дуьйлучу зевнечу озаца ладогIархойн дегнаш ир-карахIиттош, ойла тIома йохуш, доккхачу дуьненан чолхе некъаш довзаре кхойкхуш, дахаре болу безам чIагIбеш, беркатечу кханенах тешош яра артистан илли аларан кеп.
Иллиалархо вара аьлла дуьтучохь доцуш, муьлхха илли моноспектакле хьалакхачо говзалла йолуш артист вара иза. Дукха а адамаш гуллора цуьнан концерташка. Халкъана, махкана дукхавезаш иллиалархо вара Далхадов Апти. Амма оьмар дукха йоца хиллера цуьнан.
Далхадов Апти дуьнен чу ваьллера 1957-чу шеран бекарг (март) беттан 8-чу дийнахь, Юккъерчу Азехь. 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан рожо махках даьккхина халкъ цIадерзаза дара.
Бакъду, вайнахана цIаберза гечо даьллачу мIаьргонехь шен виъ кIант марахьарчийна дай баьхначу лаьтта цIа йирзира Аптин нана Шумисат. ТIехь хIусамда воцуш, деа бераца йисинчу зудчун ойланаш шийла, Iер-яхар гIийла хуьлу, цу хенахь муххале а. Цунна ца лиира виъ кIант эцна шен дай баьхначу Йоккхачу АтагIа хьалаяха. Шех а, шен веа кIантах а цхьанна бала ца беш, мехах хIусам лаьцна Соьлжа-ГIалахь сецира иза.
Атта дацара доьзал хене баккха. Амма бакъйолу нохчийн зуда ша хиларе терра, яхь дIа ца луш, Шумисата кхебира шен доьзал, нийсархойх ца хьоьгуьйтуш, тIехь да цахилар цхьана мIаьргонна царна дага ца доуьйтуш. Деша а дешийтира, шена ца юуш а, ца молуш а. Соьлжа-ГIаларчу №9 йолчу школа-интернатехь доьшуш вара Далхадов Апти. Бераллехь дуьйна зевне аз а, хьаьъна синкхетам а болуш вара иза. ГIалахь Iер-вахар хиллехь а, нохчийн къоман оьздачу гIиллакхийн гурашкахь хьалакхиъна вара.
Хаза, товш, са сирла долуш кIант вара. Школехь доьшуш волуш кхоллабелира цуьнан иллешка безам. Цхьана а кепара хало йоцуш, цуьнан семачу лерсино схьалоцура цкъа хезначу иллин мукъам, юха и дIаала хьуьнар а хуьлура кIантехь. Школехь доьшуш волчу муьрехь цо жигара дакъалоцура школин исбаьхьаллин самодеятельностехь. Советийн Iедало лерринчу тидамехь латтош дара бераш кхетош-кхиор а, жимачохь дуьйна церан похIма муьлхачу агIор зазахеца хьаьгна ду билгалдаккхар а.
Гуш дара Далхадов Аптин зевне аз а, сцени тIехь массо а хIуманал хьалха оьшуш долу тамехь куц-кеп а хилар. Хьехархоша дегайовхо кхобура кIантах гIараваьлла иллиалархо хирг хиларх. Церан сирла сатийсамаш эрна ца хилийтира Аптис. 1974-чу шарахь кхиамца юккъера школа чекхъяьккхина а ваьлла, Соьлжа-ГIаларчу музыкальни училище деша воьду жима стаг.
Цу муьрехь ерриге а Къилбаседа Кавказехь музыкальни кхерчех тоьллачарах цхьаъ бара кIант деша хIоьттина Соьлжа-ГIалара училище. Москвахь, Ленинградехь, Киевехь,Тбилисехь боккхачу кхиамца консерватореш чекхъяьхна, мукъамийн исбаьхьа Iилма кIорггера девзаш, лаккхарчу корматаллица болх беш хьехархой бара кхузахь. Царах цхьаъ вара Апти ша Iамочу тобане дIаэцна Земсков Виктор. Дукхах йолу хан шен студенташца йоккхура цо. Лерина терго йора хIора студентан, къахьогура аз корматаллин тIегIане доккхуш, репертуар хоржуш, мукъамийн Iилманан баххаш довзуьйтуш. Коьртачу декъана классикин репертуар яра хьехархочо студенташна Iамошъерг. Уьш Чайковскийн, Мусоргскийн, Даргомыжскийн, Рубинштейнан, иштта кхечеран романсаш, ареш, опершна юкъара кийсакаш яра. Хьехархочун лаамна я цIархазмана лелош хIуманаш дацара уьш.
Дешарца, мукъамийн баххаш Iаморца дика ларош схьавогIуш вара Далхадов Апти. Муьлхха а романс говза кхочушъян корматалла яра цуьнгахь. Амма амал аьрхо яра кIентан, нохчийн кхехкаш долу цIий кIеж тийса доьлча, са карзахдалаза ца дуьсура, къаьсттина къомах хьакхалуш дерг аьлча. Ткъа хьехархочунна массо а студент ша аьллачунна тIетайна, шен когакIело хилла IадIан веза моьттура. Цунна моьттурш Аптица чекх ца довлура.
Цундела шолгIачу курсехь дуьйна жимачу стеган хьехархочуьнца йолу юкъаметтиг шелъяла юьйлира. 1976-чу шарахь Далхадов Апти эскаре гIуллакх дан воьду. Эскарехь а хазахетарца тIеийцира мукъамийн училищехь дешна вайн махкахо. Иза дIаязвира бIаьхойн ансамбле. Эпсарийн ЦIийнехь кест-кеста хуьлучу концерташкахь жигара дакъалацаро, дукха хан ялале, гIараваьккхира иза. Царна юкъахь ша хьалакхиъна волуш санна, Далхадов Аптис говза дIаолура Лещенкон, Леонтьевн, Гуляевн, Хилан репертуарера иллеш. Цуьнгахь долчу похIмех а, зевнечу озах а самукъадолура салтийн а, эпсарийн а.
1988-чу шарахь эскарера Соьлжа-ГIала цIавирзира иза. Музыкальни училище юха а деша дIахIоьттира. ХIинца Мазаев Iаьлви вара цуьнан хьехархо. КIорггера хаарш долуш, шена хуург мало йоцуш нохчийн кегийрхошна дIадала хьаьгначу адамех цхьаъ вара хьехархо. Цо воккхаверца тIелецира Далхадов Апти. Шен семачу Iуналлехь латтийра къона артист, пхьеро огу тIулг санна, цуьнан хьуьнарийн массо а агIо шаръеш, тоеш. Мазаев Iаьлви Москвахь йижарийн ГнесинагIеран цIарах йолу музыкин-хьехархойн институт чекхъяьккхина лаккхара корматалла йолуш хьехархо вара. Иза дика кхетара Аптин башхачу озан таронех а, уьш яккхий хиларх а. Цундела мукъа хан ца юьтуш, Iаьлвис дешарна тIетаIийра кIант. Карладаьккхира хьалха Iамийнарг.
Болх дIаболийра керлачу говзаршна тIехь. Гуьржийн композитор Палиашвили Захарий кхелхина а цхьа бIе ах бIе шо ду. Делахь а, цуьнан «Даиси» цIе йолу опера хIинца а шен мехалла яза, дуьненан муьлхачу маьIIехь евзаш, хазахетарца хIоттош ю. Далхадов Аптина керла болх бара «Даиси» оперна юккъера Цангалын куплеташ. Говзанчаша Iаламат чолхе лоруш ю уьш кегийрхошна Iамо а, дIаала а. Амма иза дика ларийра цаьрца, уьш гуьржийн маттахь уьш кхочуш а еш. ХьошалгIа баьхкинчохь концерте нисбелла гуьржий а цецбохуш, дIаэлира Аптис Цангалын забарийн куплеташ.
Далхадов Аптис италхойн эшаршлакхархочун Кутуньо Тотон а, французхойн эшаршлакхархочун Дассен Джонан а репертуарера эшарш дукха говза дIалоккхура цхьана дашна гал ца волуш. Иза данне а дац вайн махкарчу авторийн иллеш Аптин репертуарехь дацара бохург. Соьлжа-ГIалара музыкальни училище чекхъяьккхина валаза, 4-чу курсан студент вара иза, Сочехь хIора шарахь дIахьош хиллачу Советийн иллийн фестивалехь, 1980-чу шеран аьхкенан чаккхенехь, цо дакъалоцуш. Ши илли дара Аптис цигахь дIааьлларг. Гамзатов Расулан дешнаш тIехь Френкель Яна мукъам баьккхина «ГIаргIулеш», Мамакаев Эдуардан дешнаш тIехь Димаев Iелас мукъам баьккхина «Нана-Даймохк». Жюрин декъашхой а, ладогIа гулбелларш а цецбохуш дIаэлира вайн махкахочо и ши илли. Къоначу артистан толам хилла Iаш яцара и мехала киртиг.
КIант кхиийначу, иза схьаваьллачу къоман кхиам бара иза. Нохчийн къоман культурин исторехь дуьххьара кхаьчнера вайн махка иштта мерза кхаъ. 1980-чу шарахь Сочехь хиллачу фестивалан жюрин декъашхочо, гIараваьллачу композитора Лундстрем Олега тIахьуо эр ду, Бернес Марка дIааьлла «ГIаргIулеш» илли цуьнан говзаллин тIегIане кхочуш дIаала артист кхин хир вац моьттуш вара ша, амма Далхадов Аптин похIмано доза доцуш хазахетар ди суна и илли дIааларца.
Иштта, Аптин хьуьнар а, похIма а довха дешнаш ца кхоош, воккхаверца хьахийна Ленинградера гIараваьллачу иллиалархочо Захаров Сергейс. Цу муьрехь эстрадин жанрехь иштта кхиамийн лакхене кхаьчна артисташ вайн кхин а бара ала хала ду. Цуьнан хьехархо хиллачу Мазаев Iальвис урх ца малъеш, низаман гурашкахь артист латтавар хила там бу оцу бахьанийн цхьа дакъа. Сочерчу фестивале Далхадов Апти вигинарг а, цига вахийта иза кечвеш цуьнца къахьегнарг а Мазаев Iаьлви вара. «Нана-Даймохк» иллина кечамбеш дукха суьйренаш яйъина студентаца хьехархочо. Артистан цкъа а атта ца хуьлучу новкъахь Далхадов Аптин дог-ойла сирлачу кханенах тешийнарг а, ша шех цуьнан бIоболийтинарг а Мазаев Iаьлви вара. Цо кхин а иллеш кечдира къоначу артистаца. Царах ду гIалгIайн поэтан Яндиев Джемалдин дешнаш тIехь Мазаев Iаьлвис мукъам баьккхина «Со гIайгIане велахь…», «БIаьрхиш» цIе йоллу иллеш, Эдилов Хас-Мохьмадан дешнаш тIехь даьккхина «Ломарчу юьртахь хIоллам лаьтта» цIе йолу илли а. Далхадов Апти музыкальни училище чекхъяьккхина волучу муьрехь, вежарша ДимаевгIар вовшахтуьйхира вайн республикехь дуьххьарлера вокальни-инструментальни ансамбль «Ичкерия».
Шайца болх бан кхайкхира иза оцу тобан куьйгаллехь хиллачу Димаев Iелас. Оцу ансамблехь дIаболийра Аптис шен болх. Советийн композиторийн дуккха а иллеш дара цуьнан репертуарехь. Уггаре а хьалха цIе яккха хьакъдолуш ду Дикаев Мохьмадан дешнаш тIехь даьккхина «Нохчи ву со!», Гешаев Мусан дешнаш тIехь даьккхина «Сан Соьлжа-ГIала», «КIайн розанаш», Энди Вильямсан «Филинз», иштта дуккха кхидолу иллеш. А.Далхадовца цхьаьна ансамблехь болх беш бара: Ташаева Марем, Мейсигов Башир, Шабанова Светлана, иштта дуккха а кхиберш. Къаьсттина вайн махкарчу кегийрхоша езаш тIеоьцуш тоба яра иза.
КIезиг бацара царна юкъахь леррина Далхадов Аптин озе ладогIа богIуш берш а. Иллиалархочун ницкъ кхочура илли нохчаллин хотIах ца дохош, къомо йоIбIаьрг санна ларъечу оьздангаллин гурашкахь сацо, хьовсархойн дегнашка цуьнан маьIна, чулацам дIакхачо. Цундела артист дукхавезара, цуьнца ларам бара, урам-новкъахь вогIуш цунах бIаьрг кхетча доккха ирс хетара.
Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 80-гIа шераш балхана «чувоьллачохь» тIехлилхира цуьнан, ур-атталла шен доьзал кхолла а ца ларош. Массо а хIуманал коьрта хетара Аптина ша беш болу болх – ладогIархойн самукъадаккхар.
Бакъду, мел кхиамийн зIаьнаршлахь ша хиларх, цкъа а дог-ойла хийцаелла, куралла даг тIе йоьссина вацара иза. Воккха артист хилла, тамехь куц-кеп дIахIоьттинехь а, амал аганарчу беран санна йисинера цуьнан.
Адам дукхадезарна, дерриге а дуьне маракъовла кийча вара къона артист. Шен кхиамехчул ша нохчи хиларх дозалла дечу кIентех вара Далхадов Апти. Дайн орамаш Нажи-Юьртан кIоштарчу Бена хьалагIерташ дара цуьнан, дехой Жалкхехь Iаш хиллехь а. Амма цуьнан амалехь дацара цкъа а тайпа-тукхамаш къестор. Иза вуьззина нохчи вара. Нохчийн нанас нохчийн дена вина, ша схьаваьллачу къоман лазамаш, сингаттамаш, гIайгIанаш, хазахетарш, халахетарш сица луьттуш, цIийца лозуш, дика мел дерг массо а бусалба стагана хила лууш. Халкъе, махке болчу безамо хаддаза нур дагош, даима серладохуш дара Далхадов Аптин юьхь-сибат. Велакъажарца дара даима а вистхилар.
Цуьнан башхачу иллеша Iамавора иштта хила, Даймохк беза, ненан сий дан, нохчийн массо а йоI, нанас дена йина йиша санна, ларъян а, лара а. Цундела, массарна мерза кхаъ хилира чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 80-чу шерийн юккъехь ерригсоюзни телеканалехь дIаяьхьначу «Шире круг» музыкальни передачехь Аптис дакъалацар. Кавказера артист наггахь а кхойкхуш передача яцара иза. Бакъду, Апти хьакъ вара муьлххачу а, ур-атталла Евровидени а кхайкха. Шен оьмар жимма а еха хиллехь иза цига кхаьчна хир а вара.
КIезиг хан ехна веана хиллера Далхадов Апти хIокху дуьнен чу. Цо Iаламат чIогIа хала ловра ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчу къинхетамза хьаьвзина бохамаш. Нанна юххера гена-м ца волура иза оцу буьрсачу деношкахь. 1996-чу шеран хьаьттан (август) беттан 6-чу дийнан суьйранна, даима санна, настарш лозуш йолчу шен нанна когаш чубахка довха хи дан вахара иза Соьлжа-ГIалин йистошца Iуьллучу 6-чу микрорайонехь лаьттах кхехкаш хьаладуьйлучу дарбанечу хин хьостане. Мелла а довха хи эца дагахь, гено дIакхевдича, ког а шершина хи чу воьжна хиллера Апти. ТIекхаьчначу адамаша хи чуьра хьалаваьккхина, госпитале вигира. Амма лоьрийн ницкъ ца кхечира цунна гIо дан.
Кхехкачу хино тIех чIогIа вагийна хилла иза. 1996-чу шеран хьаьттан беттан 8-чу дийнахь Жалкхехь лаьтте верзийра иза шен верасаша. ДIатийра Нохчийчоь шех йоккхайийна зевне аз. Амма Далхадов Аптин исбаьхьа аз иза вевзаш хиллачеран иэсехь, дегнашкахь даха дисина.
А.ГАЗИЕВА
№21, пIераска, бекарг (март) беттан 17-гIа де, 2017 шо