КхидIа а кхиор бу республикин некъийн бахам

Нохчийн Республикехь долу автомобилийн некъаш Къилбаседа Кавказан федеральни округехь тоьллачарах лара мегар ду аьлла, мах хадийра Некъийн федеральни агентствон куьйгалхочо Старовойт Романа бекарг (март) беттан 17-чу дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.

1 полоса - Iедалера хаамаш

«Некъийн бахам кхиорехь а, тоьллачу хьолехь латторехь а Нохчийн Республикехь дечух масал эца мегар ду. Къилбаседа Кавказан федеральни округ вай схьаэцча, Нохчийн Республикин автомобилийн некъаш уггаре а тоьллачарах ларалуш ду. Ткъа 2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь биначу талламашка хьаьжча гучудолу республикехь федеральни трассаш кхачам боллучу тIегIанехь латтор 68 процентана хилар», – элира Старовойт Романа.

Иштта, цо билгалдаьккхира 2017-чу шарахь республикера автомобилийн некъаш кхиорна хьажош долу федеральни бюджетера ахча 2016-чу шарахьчул а шозза алсам хирг хилар.

«Итон-Кхаьллана а, цигара дIа Хьачарахь ян йолийначу «Ведучи» курортана а тIебоьдучу некъана къаьсттина тидам тIебахийта лерина тхан агентствос хIокху шарахь. Тхо кхеташ ду и объект доккха маьIна долуш хиларх а, цундела цунна тIебоьду некъ дика ца хилча, цунах кIезиг пайда оьцур бу, кIезиг пайда бер бу», – элира Р.Старовойта.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Росавтодорера гIо-накъосталла ца хиллехь, республикин некъийн бахам таханлерчу тIегIане кхаьчна хирг цахилар.

«Шун агентствона юкъайогIуш йолчу подразделенеша чIогIа дика болх бо республикехь. Шайн декхаршца дика ларош ю уьш. Цундела оха дийриг, шуьгара гIо-накъосталла хилар бахьанехь деш ду. Динарг дуккха а ду, иштта дукха кхиамаш а бу. Делахь а, Росавтодоран гIоьнца бен чекхбаккхалур болуш бац тхоьга, масала, «Кавказ» (М29) федеральни трасса шорбаран болх», – элира Кадыров Рамзана.

Цул тIаьхьа Росавтодоран куьйгалхочо республикин Правительствехь Къилбаседа Кавказан федеральни округан некъийн бахаман проблемашна лерина кхеташо дIаяьхьира.

Цигахь дакъалецира ре спубликин Премьер-министра А.Эдельгериевс а, вице-премьера, автомобилийн некъийн министра А.Тумхаджиевс, транспортан а, зIенан а министра Р.Черхиговс, иштта, Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу субъектийн правительствийн а, профилан министерствийн а векалша.

«ХIокху федеральни округехь вехаш 10 миллион сов вахархо ву. Кхузахь федеральни маьIна долу автомобилийн 13 некъ бу. Церан йохалла 2 500 километр ю. Хууш ма-хиллара, Россин Президента Путин Владимира тIедиллина 2018-чу шеран чаккхенехь федеральни маьIна долу некъаш кхачам боллучу тIегIанехь хилийтар. Цуьнца нийса а догIуш, карарчу шарахь хIокху федеральни округерчу некъийн бахам кхиоран Iалашонна 15 миллиард сом хьажо лерина», – билгалдаьккхира Старовойт Романа.

Нохчийн Республикин некъийн бахам кхиорна лерина 171,3 миллион сом хьажор ду. Иштта, Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итон-Кхаьлла некъана реконструкци яйтарна, 200 миллион соьман барамехь йолу трансфер хIинцале схьахьажийна республике. Ярташкара некъаш тодайтарна кхитIе а 7 миллион сом доуьйтур ду.

Цул сов, республикехь уггаре а деха ларалуш долчу тIайна реконструкци ян «Платон» системин оператора 330 миллион сом хьажор хилар а хаийтира цо.

Дуьйцург Терк хинна тIехула долу Соьлжа-ГIала – Ищерски некъа тIера тIай ду. Цуьнан йохалла 296 метр ю.

Билгалдаккха догIу оцу тIайна хIинццалц (тIай схьадиллина 60 шо кхочуш доллушехь) ремонт я реконструкци йина цахилар. ТIаьхьарчу масех шарахь, дохарна кхерам хиларна, оцу тIайна тIехула яккхий машенаш дIасалоьлуьйтуш яцара.

И.АДАМОВ

№22, шинара, бекарг (март) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: