Белхахошна шайн балхахь хиджаб лелор доьхкуш Европин суьдо бинарг эхье сацам бу. Иштта дIахьедар дина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмехь йолчу шен официальни агIонехь.
«Масех де хьалха Европин юстицин суьдо тIеэцна эхье сацам. Цо болх луш волчунна таро ло шен белхахошна балхахь хиджаб а, стаг муьлхха а цхьа дин лелош хиларан билгало йолу духар а лелор дехка. Ма-дарра аьлча, иза динна дуьхьал къайлаха кхайкхийна тIом бу», – билгалдаьккхина цо.
Кадыров Рамзанна хетарехь, ишттачу бехкамаша бусалбанашна а, кхечу динийн векалшна а юкъахь резадацар, дуьхьалдовларан ойла кхуллур ю. «Со тешна ву Европерчу бусалбанаша шайн динан бакъонашна буьззина бехкам бан гIертарна дуьхьал ондда «ХIан-хIа» эриг хиларх! Наггахь санна цкъа а хиджабаш лелийна ца хиллехь а, хIинца уьш техкина балха, университеташка лелар бу, юкъараллехь лелар бу. Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа елла ю бакъонаш, уьш дIаяхалур яц кIалацIолашка. Со тешна ву суьдо биначу оцу сацаман хьокъехь шайн резадацар кхечу динийн векалша а гойтург хиларх», – яздина цо.
Республикин Куьйгалхочунна хетарехь Европерчу Iедалшна цхьа а дин ца деза, иза юкъара дIадала лууш ду иза, цара яржош ерг цIарматалла ю.
«Европера политикаш а, юкъараллин гIуллакххой а керла «культура» юкъайоккхуш бу. Цара тIе ца лоцу цхьа а дин, оьздангалла, эхь-бехк. Царна коьртаниг ду политикехь, дахарехь-Iерехь, доьзалехь цIарматалла яржор. Европерчу мехкийн Iедалша халкъашна ницкъаца кочатеIадо стага стаге, зудчо зудче маре дар. Оцу «доьзалшка» дIалуш ду бераш. Гоьбевллачу пачхьалкхан гIуллакххошна дозалла хета шаьш санна болчаьрца маре дар даррехь дIакхайкхор. Оцу хьолехь Европина шен коьрта мостагI хета дин, Везачу АллахIа духарна бина бехкамаш. Царна дерриге а дуьне шайх тера хуьлийла лаьа, Содом а, Гоморра а хилла дIахIуьттийла лаьа», – бохура Кадыров Рамзана.
«Нацистийн Германехь таIзарш къоман билгалонца дина. Нагахь санна шу дист ца хуьлуш Iахь, динан билгалонашца изза таIзарш дар хир дац аьлла чIагIо йойла дац», – тIетуьйхира цо.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхира Сийлахьчу АллахIа адамаш тайп-тайпана кхоьллина хилар а, вовшийн гIиллакхаш, ламасташ ларар къаьмнийн юкъаметтигаш аьхна хирг хиларан чIагIо хилар а. «Вайн дуьне дукха а агIонаш йолуш ду. Эзарнаш халкъаш, тайпанаш, ламасташ, Iадаташ ду. Иштта кхоьллина-кх Сийлахьчу АллахIа хIара дуьне. Оцо хIара дуьне хаза а, исбаьхьа а, къегина а, безаме а до. Делах тешаш долчу адамаша бIеннаш шерашкахь билггал цхьа духаран кеп лелайо. Уьш лелор я тахана а, я селхана а юкъадаьлла дац, ткъа эзарнаш шераш хьалха юкъадаьлла ду. ХIора а стеган динан кепаш ларъян бакъо хиларан вай ларам беш хиларо юкъараллехь адамашна а, къаьмнашна а юкъахь йолу юкъаметтигаш аьхна йийр ю», – тIечIагIдира Кадыров Рамзана.
С.ХАСАНОВ
№22, шинара, бекарг (март) беттан 21-гIа де, 2017 шо