Нохчийчуьрчу модин «Firdaws» цIийнан куьйгалхочо Кадырова Iайшата бусалбанийн духаран шен коллекци гайтаме яьккхира Москвахь дIадаьхьначу «Mersedes Benz Fashion Week Russia» Модин кIиранехь.

Хьовсархойн гайтаме яьхна яра нохчийн къоман хотIехь кечйина йолу синкъерамехь юху 45 коч. Бархатах, шипонах, дарих, французийн бойнах йина, дезачу тIулгашца кечйина яра уьш.
Модин гайтамехь дакъалоцуш бара Францин модин индустрин векалш Сильви Эбель (Французийн модин институт), Паскаль Моран (Французийн лакхарчу модин федераци), Iамаркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкара дизайнер Карим Рашид, модин а, бизнесан а «ISEM» школин бухбиллархо, Испанехь гIараевллачу книгийн автор Ковадонга О’Ши, Испанин люксан ассоциацин президент, принцесса Орлеанская Беатрис, Шанхайн модин кIиранан коьрта вице-секретарь Сяолей Лу, Россин гIарабевлла болу кутюрьеш, гIарадаьллачу «Мода VOGUE» журналан Iамаркахь а, Россехь а болу редакторш, Россин Федерацехь болу Кувейтан, Катаран, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн, СаIудин Iаравин, кхидолчу мехкийн векалш, Россин гIарабевлла артисташ, иштта дуккха а кхиберш.
Дуьненаюкъарчу критикаша хIинцале лаккхара мах хадийна I.Кадырован коллекцин, цо кечдина долу бусалбанийн духарш Модин кIиранахь уггаре а къеггина дагахьдоцург дара, аьлла.
Гайтаман дакъалацархойн «Firdaws»-н духаршца бала хилар ца гойла дацара. Дукхах болчара билгалдоккхура гайтаме яьккхинчу коллекцина юкъара коч эца шайн-шайн лаам хилар.
Модин мэтр ларалуш волчу гIараваьллачу дизайнера Зайцев Вячеслава хьала а гIаьттина тIараш диттира къоначу дизайнеран Кадырова Iайшатан белхаш гойтучу хенахь. Москвахь премьера хиларца декъалйира иза В.Зайцевс, цуьнан коллекци исбаьхьа хилар а, «Mersedes Benz Fashion Week Russia» Модин кIиранан уггаре тоьллачу а, къеггинчу а гайтамех цхьаъ хилар а билгалдоккхуш.
Iайшат йовза а, цуьнца къамел дан а лаам хилар гойтуш бара цхьаьнакхетаран хьеший. Цуьнга хIинцале а цхьаьна болх баран хьокъехь хабарш кхехьийтина Россехь йолчу Бахрейнан, Катаран векалаллаша а, иштта, Москварчу «Rodery» ювелирни цIийно а. Билгалдаккха деза «Firdaws»-н коллекци гайтарехь дакъа мел лаьцначу йоIаршна тIехь «Rodery»-с йина йолу ювелирни хIуманаш хилла хилар. Цу кеппара дIайолийна ала мегар ду цхьаьна болх баран юьхь.
Дагадоуьйту Кадырова Iайшата кечдинчу духарийн коллекци дуьххьара хIокху шеран бекарг (март) беттан 1-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Firdaws» Гранд-Холлехь гайтина хилар. Кхузахь гайтаме яьккхина яра нохчийн къоман хотIехь кечйина йолу синкъерамехь юху 35 коч. Модин гайтаман хьешаша а, хьовсархоша а лаккхара мах хадийра цигахь гайтинчу духарийн коллекцин.
А.ХАСБУЛАТОВА
№22, шинара, бекарг (март) беттан 21-гIа де, 2017 шо