Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн технологически техникумехь кегийрхошна юкъахь коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьарна а, цунна профилактика ярна а лерина мероприяти дIаяьхьира.
Иза вовшахтоьхнера Адамийн бакъонаш а, маршонаш а ларъяран регионашна юкъарчу «Коалиция» цIе йолчу юкъараллин боламан а, Нохчийчоьнан МВД-н органийн а, Нохчийчохь коррупцина дуьхьал къийсам латторан юкъараллин комиссин а, иштта республикин дешаран а, Iилманан а министерствон а векалша.
Адамийн бакъонаш а, маршонаш а ларъяран регионашна юкъара «Коалиция» юкъараллин боламан куьйгалхочо Яхъяев Денис шен къамелехь билгалдаьккхира таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикехь халкъашна юкъахь вовшех цакхетар а, къаьмнийн тайп-тайпаналлица доьзна девнаш а цахилийтарехь дIахьош тайп-тайпана гIуллакхаш хиларх лаьцна.
– Вайна ма-хаъара, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана лерринчу тергонехь латтош ду терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьаран гIуллакхаш.
Уггаре а хьалха, терроризмана дуьхьал къийсам латтор а, цунах долуш долу зулам шуна дIахаийтар а ду тхуна тIехь. ХIора дийнахь бохург санна беш тайп-тайпана кхайкхамаш бу вайга харц новкъабевллачарах ларбалар доьхуш. Доьзалан дайша а, наноша а тидам латто беза шайн доьзалхошна тIехь, царна хьеха деза, бакъо а, харцо а къасто хууш кхио беза. Иштта доьзалехь а дийцича, юкъараллин белхахоша ишттачу цхьаьнакхетаршкахь а дийцича цхьаьний дикачу тIаьхьене кхочур ду вай, Дала мукъ лахь, – элира цо.
Къамелаш динчул тIаьхьа гулбеллачарна видеокийсак гайтира. Цу тIехь гойтура коррупци бахьана долуш набахте кхаьчначу жимачу стеган дахар. Цу чохь гойтучу тутмакхан ваха а, вала а меттиг яц. БIарзвелла, шен дахарх кхин дIа хIун хир ду ца хууш висина иза. Цуьнан Iуьйре а, делкъе а, буьйса а цхьабосса сингаттаме а, цхьалха а ю. Цо шен ойланаш йовзуьйту хьовсархошна, шен дохковалар а хоуьйту. Видеокийсак ерзош, цо олу: «Iехавелла, харц ког ас баьккхина хиллехь а, кхул тIаьхьа сайгара и санна дерг долуьйтур дац ас. Кхин кхуза ца кхача чIагIо йо ас. Iаламат ирча ду набахтехь доху денош».
Леррина хьаьвсира кегийрхой шайна гайтинчу суьрте, цунах масал хир ду царна.
Цул тIаьхьа и гIуллакх вовшахтоьхначара кегийрхошна церан бакъонаш йовзийтира, хаттаршна жоьпаш делира.
Хь.ДАУДОВА
№22, шинара, бекарг (март) беттан 21-гIа де, 2017 шо