ТIепаза байначеран гергарчарна генетически паспорташ дIадаларна лерина цхьаьнакхетар хилира дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнан актови залехь.
Цигахь дакъалецира инарлин Лебедь Александран цIарах йолчу маслаIатдаран миссин тIепаза байнарш лахаран тобанан куьйгалхочо Тегаев Ризвана, Россин Пачхьалкхан Думин депутатан А.Делимхановн гIоьнчас Гунаев Ширванис, республикин Юкъараллин палатин декъашхочо Алхотов Iумара, официальни кхечу наха.
Цхьаьнакхетар дIахьош яра «ТIепаза байнарш лахар» организацин Нохчийн региональни юкъараллин председатель Кагирова Тамара.
Цо дийцира тIепаза байначеран гергарчеран ДНК-н анализаш гулъярехь тIаьхьарчу масех шарахь дуккха а белхаш дIабаьхьна хиларх лаьцна.
– Уггаре а хьалха суна баркалла ала лаьа хIара гIуллакх дIахьош тхуна гIо-накъосталла деш схьабогIучу инарлин Лебедь Александран цIарах йолчу маслаIатдаран миссин а, Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон суьдан медицинин экспертиза яран бюрон а, иштта Республикин юкъараллин а, экономикин а кхерамазаллин советан а, Россин Федерацин талламан комитетан Нохчийн Республикехула йолчу талламан комитетан талламан урхаллин а векалшна. Уьш бахьана долуш, дуккха а нахана гIо а хилла, тIепаза байначеран Iовжийна дегнаш жимма синтеме а далийна. Иза а доккха хIума ду вайна тахана, – элира Кагирова Тамарас.
Цигахь гулбеллачарна боккха кхаъ хиллера шайн байначеран генетически паспорташ дахарх. Кхин доккха хIума дацахь а, шайн гергарчийн чарх карор а, иза бусалба дино ма-бохху лаьтте кховдо аьтто хиларе сатийсам кхоллар а совгIат лорура цара.
ТIепаза байначеран гергарчеран ДНК-н анализаш гулъярехь тIаьхьарчу масех шарахь белхаш бина организацис. И анализаш схьа мел эцначарна генетически паспорташ делла.
Дуккха а дийцира гулбеллачара Нохчийчохь тIеман кампанеш йолуш хIаллакбинчу кIентех лаьцна.
Юкъараллин «ТIепаза байнарш лахар» организацин векалша ДНК-н паспорташ дIасадекъаран гIуллакх Нохчийчохь дIахьо 5-гIа шо ду.
Делан къинхетамца, оцу анализашца хIинцале 25 стаг карийна, аьлча а, церан чархаш карийна. КхидIа а дIахьош ду оцу декъехь гIуллакхашдар.
Цхьаьнакхетар дерзош, тIепаза байначеран гергарчу нахана кхузткъе итт сов генетически паспорт дIаделира.
Вай билгалъяьккхинчу организацис тIепаза байначеран гергарчу нахана шайн тароне хьаьжжина гIо-накъосталла до. Организацин адрес иштта ду: Нохчийн Республика, Соьлжа-ГIала, Маяковскийн урам, 92, Зорбанан цIа. (e-mail: kagirova@mail.ru); телефонан номер: +7(928) 087-91-19
Хь.БАХТАЕВА
№22, шинара, бекарг (март) беттан 21-гIа де, 2017 шо