Дийцира Шаройн кIошт кхиоран гIуллакхех лаьцна

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствос Шаройн кIоштахь кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира Шаройн кIошт кхидIа а кхиоран гIуллакхаш.

И кхеташо республикин лаьмнийн кIошташ кхиоран программа кхолларехула долу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочушдаран гурашкахь дIаяьхьна яра. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министран заместитель Букулов Руслан, Нохчийн Республикин юьртан бахаман министран заместитель Усманов Iийса, акционерни «Россельхозбанк» юкъараллин регионехь йолчу филиалан директоран хьалхара заместитель Гагаев Ислам, Шаройн кIоштан администрацин куьйгалхо Магомедов Рамазан, Россин Сбербанкан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин а, Нохчийн Республикин Правительствон жимачу бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу комитетан а векалш, предпринимательш.

Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша дийцира лаьмнийн кIошташ кхиоран программа кхочушъярехь Iедало еш йолчу тергонах лаьцна, иштта, жимачу а, юккъерчу а бизнесана кредиташ даларан таронех а, кредиташ оьцучеран декхарех а, предпринимательшна гIо-накъосталла дарх а лаьцна.

Дийцаре дина долу дерриге гIуллакхаш а, дакъалацархоша довзийтина долу шайна хетарш а тидаме оьцур ду республикин лаьмнийн кIошташ кхиоран программа вовшахтухучу хенахь. Ламаст хилла дIахIоьттина оцу программина юкъаяхначу лаьмнийн кIошташкахь и тайпа цхьаьнакхетарш дIадахьар а, меттигерчу бахархошца дага а бовлуш, Нохчийчоьнан лаьмнийн дакъа кхидIа кхиорехь дан дезарш билгалдахар а.

Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца республикин лаьмнийн кIошташ кхиорехь а, юхаденъярехь а хIинцале а динарг дуккха а ду. Оцу юкъайогIу Итон-Кхаьллан, Шуьйтан, Шаройн, Нажи-Юьртан, Веданан, ГаланчIожан, ЧIебарлойн кIошташ. Цигахь меттахIоттийна экономика а, социальни дакъа а. ТIеялийна электросерло, газ, хи, мобильни зIе а. Керла тIайш а техкина, токхамаш хилар бахьанехь зенаш хиллачу бахархошна цIенош а дина. Делахь а, лаьмнийн кIошташ кхиоран программин гурашкахь цигахь бан лерина болх кхин а алсам бу.

I.МУРТАЗОВ

№22, шинара, бекарг (март) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: