ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Пачхьалкхан театрально-концертийн залехь даздаран хьолехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана лерина йолчу Къилбаседа Кавказан V-чу «Берийн пелаг» цIе йолчу конкурсан толамхошна совгIаташ дар.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Жамалдаев Шаид, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хожа-Баудди, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, «Наша школа» газет диллинарг а, куратор а волу Кадыров Хьасейн, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолчу департаментан директор Абазов Рустам, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Алиев Тимур, кхиберш.
Цхьаьнакхетар дIадолош, гулбеллачаьрга маршалла хаьттинчул тIаьхьа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Кадыров Хьасейна билгалдаьккхира, конкурсан коьрта Iалашо тIекхуьуш долу къона чкъор нохчийн къоман гIиллакхашца а, культурица а кхетош-кхиор хилар.
– Цхьана а адаман а, цхьана а халкъан а Iойла дац шен орамаш а, синмехаллаш а ца евзаш. Вайн республика ларъеш, шен дахар дIаделлачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина ю хIара конкурс. Цо нохчийн кегийрхошна къаьсттина тидам тIебохуьйтура, церан аьтто хилийта дуккха а гIуллакхаш а дира цо, – элира цо.
Кадыров Хьасейна дийцарехь, шен ден некъ хьакъ доллуш дIахьош ву Ахьмад-Хьаьжин кIант, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
– Ас даггара декъалбо конкурсан толамхой. Дешарехь шун кхиамаш хуьлийла а лаьа суна, – билгалдаьккхира Хь.Кадыровс, кегийрхой декъалбеш.
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь дикачу агIор дуккха а хийцамаш хилла хилар. Цо иштта дийцира, и тайпа мероприятеш берийн кхиарехь доккха маьIна долуш хилар.
– Боккха болх бу «Наша школа» газето дIахьош берг. Со суо а ву хIора а шарахь оцу газетан шовзткъе итт номерна язлуш. Суна баркалла ала лаьа газетан белхахошна а, цуьнан кураторна Кадыров Хьасейнна а, цара иштта болх барна, – элира И.Байхановс.
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата дийцира берашна Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна яздан хала хила дезаш цахилар.
– Иза цIеххьана хилла, гучубаьлла ондда ницкъболу хилам бара. Цо, Нохчийчохь хьовха, ерриге Россехь а террористийн зулам сацийра. Иштта, оцу хиламо оцу зуламах кIелхьардоккхуш ду тахана дерриге бусалбанийн дуьне а. Ахьмад-Хьаьжа дагахь латтор вайн къоман кхиаме хиндерг а ду, вайн къам кхетаме далийнарг а, тIеман а, машаран а мах хууш долу къам вайх динарг а ду, – билгалдаьккхира Дж.Умаровс.
Цул тIаьхьа Сийлаллин грамоташ елира конкурсан тоьллачу дакъалацархошна.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу, Къилбаседа Кавказан V-чу «Берийн пелаг» конкурсан толамхой иштта дIанисбелира.
Хенан хьалхарчу категорехь: хьалхара меттиг – Нохчийн Республика, Соьлжа-ГIалин №7 йолчу школин 7-гIа «б» класс; шолгIа меттиг – Дагестан Республика, ГIизлара, Амбарцумян Элена; кхоалгIа меттиг – Нохчийн Республика, СемаIашкара №3 йолу школа, Зарахматова Мадина.
Хенан шолгIачу категорехь: хьалхара меттиг – Дагестан Республика, Ходжа-Камаляр юьртара школа, Ибрагимова Аида; шолгIа меттиг – Нохчийн Республика, Бенара школа, Сириева Сафият; кхоалгIа меттиг – Дагестан Республика, Кчун-Казмаляр юрт, Шихмурадов Алан.
Хенан кхоалгIачу категорехь: хьалхара меттиг – Нохчийн Республика, Курчалойн-Эвлара школа, Давлетукаев Юсуп; шолгIа меттиг – Дагестан Республика, Картасказмалярски юьртара школа, Магамедханов Самур; кхоалгIа меттиг – Нохчийн Республика, Соьлжа-ГIалин №18 йолу школа, Хармуш Диана.
Конкурсан Гран-При елира Кхарачойн-Чергазийчуьрчу Кубина юьртарчу школин векална Хавцев Радионна.
I.ТЕРЛОЕВ
№22, шинара, бекарг (март) беттан 21-гIа де, 2017 шо