ГIирма «цIайирзина» кхо шо кхачар билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалахь

Бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь ГIирма а, Севастополь а Даймахка «цIайирзина» кхо шо кхачар гуламца а, спортан фестивалаца а билгалдаьккхира республикин пачхьенерчу А.-Хь.Кадыровн цIарахчу Сийлаллин аллейна хьалхарчу майданахь. Цигахь дакъалоцуш бара эзарнашкахь нах: политикин а, юкъараллин а организацийн векалш, Iеламнах, хьехархой, студенташ, дешархой, патриотийн тайп-тайпанчу клубийн жигархой, бахархой, хьеший.

И гIуллакх вовшахтоьхнера къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн а, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу а министерствоша.

Гулбеллачарна хьалха ГIирма а, Севастополь а Россех схьакхетаран хьокъехь бистхилларш а, бистхила луурш а дукха бара. Цаьрга хIоранга а леррина ладоьгIна ца Iаш, сих-сиха шайна хетарг довзуьйтуш бара майданахь гулбелларш. Кхузахь билгалдаккха догIу гулбеллачаьргахь Нохчийчоьнан а, Россин а байракхаш хилла ца Iаш, В.Путин а, А.-Хь.Кадыров а, Р.Кадыров а тIехьволу суьрташ а, иштта, политикин партийн а, агитацин а йозанаш тIехь долу баннерш а хилла хилар. Уьш, ма-дарра аьлча, тIех дукха хиларна, гулбеллачарел а дукха хеталора.

– Росси хIинца меттахIотта а, кхиа а йолаелла. Цунна дуьхьал кхайкхийна экономикин а, политикин а санкцеш елахь а, цуьнан чIагIалла гIелъелла яц. ГIирма а, цуьнца цхьаьна Севастополь а Россех схьакхетта хилар – Россин Президентан В.Путинан арахьара политика нийса хиларан билгало ю. ГIирмахой ирсе а, маьрша а баха а, цара шайн республикин дуьхьа хьанал къахьега а лаьа суна, – элира республикин Парламентан депутата I.Нагаевс.

Цул тIаьхьа вистхиллачу политикин «Единая Россия» партин Нохчийн Республикехула йолчу отделенин кхо- чушдаран комитетан куьйгалхочо В.Зайналабдиевс гIирмахой декъал а беш, 2014-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь хиллачу хиламах лаьцна дийцира.

– Тахана кхозлагIа билгалдоккхуш ду вай ГIирма а, Севастополь а Россех схьакхетаран де. Кхо шо хьалха, ГIирмин Республико а, Севастополь гIалано а Россин Федерацица пачхьалкхашна юкъара барт бар бахьана долуш, цу шиннах Россин Федерацин керла ши субъект хилира. Иза Россина историн маьIна долу хилам бу. Цундела тайп-тайпанчу субъекташкахь хIокху денна лерина даздарш дIахьо. Иза ламаст а хилла схьадогIуш ду. Нохчийн Республикин пачхье а, Къилбаседа Кавказан уггаре а хаза гIала а йолу Соьлжа-ГIала а ца Iийна хIокху кхаа шарахь цунна лерина даздарш ца деш, – элира цо.

Иштта, цо билгалдаьккхира Нохчийчоь Россин къилбан дозанаш «лардархо» хилар а, нохчийн халкъ, кхачам боллуш йолу шен пачхьалкхалла ларйина ца Iаш, Росси ларъян а кийча хилар а, цуьнан Президентан В.Путинан политикина реза хилар а.

В.Зайналабдиевл тIаьхьа дош делира Новр-ГIаларчу килсан иеромонахе А.Марченкога. Цо дIадийшира ХIинжа-ГIалин а, Соьлжа-ГIалин а Епископ волчу Варлаама гуламан дакъалацархошка дина дIахьедар.

Республикин Юкъараллин палатин куьйгалхочо ГI.Батаевс а, Профсоюзийн федерацин куьйгалхочо Хь.Солтагереевс а, Юкъараллин «Ламан Аз» организацин куьйгалхочо I.Динаевс а, Юкъараллин «Къурайшийн тIаьхье» организацин куьйгалхочо С.-Хь.Сайдаевс а, кхечара а билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс кхо шо хьалха, 2014-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь, ГIирмаца а, Севастопольца а пачхьалкхашна юкъара барт баран хьокъехь сацам уггаре а хьалхарчеран могIарехь къобалбина хилар.

Масала, ГI.Батаевс иштта элира: «Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна а, халкъана а хаьара ГIирмин халкъаш боьхачу политикин ловзаршна юкъаийзо долийний. Цундела, уггаре а хьалха, Р.Кадыровс а, нохчийн халкъо а къобалбира гIирмахоша шайн республика Россех схьатоха бина сацам.

Гуламан официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа нохчийн эстрадин артистийн концерт хилира. Цул сов, мелла а дехьуо, спортан фестиваль а яра дIахьош: шахматех а, жIаккех а ловзар, куьг латийтар, иштта дIа кхин а.

«Ночные волки» клубан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин а, республикин ДОСААФ-н а векалша оцу хиламна лерина автомотохахкарш дIадаьхьира.

И.ИСЛАМОВ

№22, шинара, бекарг (март) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: