«Массарел хьекъале» телевизионни, гуманитарни хIора шеран олимпиадин схьакъасторан хьалхара тур хилира Нохчийн пачхьалкхан университетехь. Иза вайн республикин школийн дешархошна юкъахь дIахьош ю. Олимпиада юкъара а, юккъера а дешаран программийн буха тIехь хIоттош ю историн, литературин, обществознанин предметашкахула долу хаарш зуьйш. Школашкарчу 10-чу классийн дешархой бу олимпиадин дакъалацархой. Дешархой кхаа турах чекхбовлу. Хьалхара тур схьакъасторан ю, юха – ахфинал, тIаккха финал хуьлу. Цкъа хьалха схьакъасторан турах чекхбевлла дакъалацархой ахфинале бовлу.
«Массарел хьекъалениг» олимпиада иза нохчийн телевизионни викторина ю, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадион компанис гойтуш ю. Иза Россин федеральни каналехь евзаш йолу «Умники и умницы» гуманитарни хаарш зеран ловзаран кеп санна ю. Олимпиадин толамхошна Нохчийн Республикин ВУЗ-шка деша баха аьтто беш ю «Массарел хьекъале» олимпиада.
Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствоца а, Нохчийн пачхьалкхан университетаца а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетаца а, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпаница а цхьаьна кхочушъеш ю «Массарел хьекъале» олимпиада. Иза дIаяхьаран коьрта Iалашо ю дешархойн хьуьнарш, кхоллараллин таронаш гучуяхар а, цаьргахь Iилманийн къайленашка кхачаре марзо кхоллар. Ишттачу проекташкахь билгалбовлу, дукха хьолахь, Iилманан декъехь хьуьнарш долу кегийрхой. Схьакъасторан тур дIаяьлча телехьовсархойн аьтто хир бу олимпиадин финалисташ бовза.
З.ХИЗИРОВА
№22, шинара, бекарг (март) беттан 21-гIа де, 2017 шо