Цхьацца стаг хуьлу иза вовзарх хьуна кхаъ хуьлуш, хьалхе дуьйна вевзаш хилла велара олий, хеталуш. Иштта ойла кхоллаелира сан Астамиров Iумар вовзарх.
Лор ву иза. 1973-чу шарахь Махачкалара лоьрийн институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа, шарахь Соьлжа-ГIаларчу №1 йолчу больницехь болх бина, 1974-чу шарахь веара Iумар Аргунерчу больнице. ХIетахь дуьйна, кхин белхан меттиг ца хуьйцуш, кхузахь болх беш ву. Дуккха а шерашкахь хирург, травматолог волуш къахьийгира цо. 1986-чу шарахь дуьйна УЗИ, эндоскопи йоккхуш, болх беш ву. Тахана цуьнан белахна коьрта декхарш цамгар нийса къастор, аьлча а, нийса диагноз хIоттор ду.
Уллера вовзар ца нисделлехь а, кхуьнца гIуллакх деанчу наха (лоьраца хIун гIуллакх хуьлу а хаьа-кх вайна) хIара дика вуьйцуш дукха хезнера суна. Цхьана агIор, цунна дара Iумар вовза лаар а.
Лоьран амалехь коьртаниг хIун ду, хоьтту ас Iумаре. «Уггаре а коьртаниг лоьро ша цомгашчун метта хIоттор ду, – дуьйцу Iумара. – ТIаккха цо цомгашниг бен доцуш, кочара ваьлчахьана аьлла, дIавохуьйтур вац. Ша тIаьхьа ца кхуьуш хIума делахь, кхечу говзанчашна тIехьажийна а, цхьана новкъа воккхур ву. Муьлххачу лоьрана а чIогIа там хуьлу ша хIоттийна дагноз нийса хилча, цомгашчун лазарна тIаьхьакхиъча. Лоьро ша шена тIехь баьккхина рогIера жима толам хуьлу цунах. Цамгарш цхьа юкъара цIе йолуш хилахь а, лазар гучудалар, кхиар, даржар цомгашчун дегIан хьоле хьожжий, бес-бесара хуьлу. Цундела лор гуттар а Iемаш хила везаш ву, цомгашчунна тIехь талламаш беш а, литература йоьшуш а. Собаре хилар а оьшу, чIогIа собаре. Цомгашниг-м дукха хала а ца хуьлура. Цунна улле бевлларш хуьлу хала. Хьан сихалла а, шаьш валийнарг санна волчу цхьаьнга хьожуш хьо валлар а, цхьа а хIума гуш ца хуьлу уьш. Делахь а, царех а кхета гIорта веза. Юха а оьшу, ахь хьо цомгашчун а, цуьнан гергарчийн а метта хIоттор, адамаллех ца вухуш, са тоьхна, церан гIуллакхе хьажар. Иштта бу-кх лоьран болх…».
Шега ладегIа кIордор доцуш, цIеначу нохчийн маттахь, шайн балхах Iумара дуьйцуш, гIеххьа цецволий Iа. Цуьнан къамелехь «со»-«ас» ца хаало, дуьйцуш дерг юкъарчу лазамех хуьлу. Куьцана доцуш, ша-шаха къамела юкъа халкъан кицанаш, гоьбевллачу нехан хьекъале аларш далоро, цо дуьйцург хьо кхетош а, дагах хьакхалуш а хуьлуьйту.
Кхин а тайра суна нохчийн маттах, нохчийн гIиллакх-оьздангаллах йолу Iумаран ойланаш.
– Сайга хоьттуш хилча, хIора доьзалехь хуьлуьйтур дара ас нохчийн маттахь долу газет, деккъа нохчийн маттахь иза хиларна, – дуьйцу Iумара. – Нохчийн маттахь газет доьшуш ца хилча, нохчийн маттахь книга йоьшуш ца хилча, ненан мотт муха хуур бу вайна. Ас иштта аьлча, хьо тешар вуй-м хаац, нохчийн яздархойн наггахь а книга ца йитина ас ца йоьшуш, хьалха араевлларш-м муххале а. Цхьанна кIордийча вукхо а йоьшуш (хIусамненаца цхьаьна), доьзалехь хезаш ешна оха А.Айдамировн а, Ш.Окуевн а романаш (ца теша бахьана ца хиллехь а, гIеххьа цец-м велира со цо иштта аьлча). Белхан говзаллица хьо милла велахь а, Iер-вахар миччанхьа делахь а, нохчи нохчийн мотт хууш хила веза. Нохчийн меттана херадовларца, къоман гIиллакхашна херадовлу вай. Лор хиларе терра, суна дика гуш ду, вай вешан къоман долчунна (цу юкъахь къоман кхачанна а) херадовларо дукха цамгарш, лазаме хIуманаш деана вайна юкъа. Ойлаехьа, дайн гIиллакх а, бусалба дин а лардечу нохчийн доьзалехь наркоманица, вахош долчу маларшца йоьзна цамгарш, Iуналла доцуш дисина бераш, тесна битина баккхийнаш хуьлийла дац. Иштта, кхин а мел ду уьш…
Тхойшиннан къамел хазделлачохь, хадо дийзира, лоьре ладоьгIуш Iачу дархойх бегIийла ца хетара, кхидIа хIара сецо. Ас Iумаре ца хиттира, 40 шарахь сов бинчу белхан мах хадош, динчу совгIатех дерг. Цуьнан къамелехь гуш дара, лоьрана коьрта совгIат хеташ дерг шегара молха-дарба хиллачу цомгашчийн баркаллаш хилар. Цунна иштта баркаллаш олуш берш суна сайна а дукха бевзинера.
«Лоьрана лор хила адамалла оьшу» – далийра цо шен къамелехь. Цуьнгахь шегахь и адамалла, хьуна ма-ттов, хаалуш яра.
Хь.АБОЛХАНОВ

