Дугучиев Исламана лерина турнир

ХIокху деношкахь Теркан кIоштарчу ЧIуьлга-Юьртан спорткомплексехь дIаяьхьира 2004–2005-чуй шерашкарчу кхиазхошлахь Дуьненаюкъарчу чемпионна, Олимпийски ловзарийн призерана, СССР-н хьакъволчу мастерна Дугучиев Исламана лерина Схьайиллина республикин греко-римски кепара охьатохархлатарехула турнир.

DZ7T2200_2

Цигахь дакъалоцуш яра вайн республикера, иштта Ставрополера а, Пятигорскера а, Георгиевскера а командаш. Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толам баьккхира: Дакаев Илеса (24 кг.) – ДЮСШ №7, Исмаилов Ислама (27 кг.) – ДЮСШ №7, Закриев Эрзус (30 кг.) – ДЮСШ №7, Магомадов Имама (32 кг.) – ДЮСШ №3, Хакуев ИбрахIима (35 кг.) –ДЮСШ, Новр-ГIала, Газиев ИсмаьIила (38 кг.) – Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан ДЮСШ, Макрдумян Артура (42 кг.) – Пятигорск, Казаров Артема (46 кг.) – Пятигорск, Амиев Iалихана (50 кг.) – Лаха-Невре, Заураев Ислама (54 кг.) – Лаха-Невре.

Турнирехь кхайкхина вара Дугучиев Ислам а, Теркан кIоштан куьйгалхо Батаев Мамед а.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№22, шинара, бекарг (март) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: