Вевзаш волу дирижер Хван Ын Сок – вайн пачхьенехь

I.Шахбулатовн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан театрально-концертийн залехь Къилба Корей пачхьалкхан Сеул гIалин симфонически оркестран коьртачу дирижеран Хван Ын Сокан концерт хилира. Иза Соьлжа-ГIала веана хиларх хаза кхаъ а хилла, цуьнан концерте хьовса баьхкинчара зал юьзнера.

Хван Ын Сок Соьлжа-ГIала веана хиларх лаьцна дош а олуш вистхилира Россин Федерацин халкъан артист, Нохчийн Республикин симфонически оркестран коьрта дирижер Хлебников Валерий: – Таханлера де вайн оркестрана историн маьIна долу де ду. Доккха дозалла ду гIараваьлла вевзаш волу Хван Ын Сок дирижер волуш концерт ялар. Билгалдаккха луур дара Нохчийн Республикин симфонически оркестраца Хван Ын Сока цкъа репетици бен йина цахилар. Цо гойту иза «бакъволу» дирижер хилар. Симфонически оркестран декъашхошна а хаза кхаъ бу, зеделларг долчу дирижераца цхьаьна концерт яла йиш хилар. Со тешна ву таханлера концерт шуна хазахетарг хиларх а, еххачу хенахь иза шун иэсехь лаьттарг хиларх а.

Цул тIаьхьа дIайолийра концерт. Европин а, Россин а, Нохчийчоьнан а гIарабевллачу композиторийн говзарш хазийтира оркестро. Масала, «Симфония №40» а, «Маленькая ночная серенада» а (В.Моцарт), «Танец маленьких лебедей» (П.Чайковский), «Попурри на тему чеченских мелодий» (Р.Паскаев), серенада Смитта (Ж.Бизе).

Хьовсархоша тIараш деттарца хоуьйтура и хIора а говзар шайна хазахеташ а, самукъадаларца цуьнга шаьш ладугIуш а хилар. Симфонически оркестран солисташа: Шахбулатова Марияс а, Умаев Iамирхана а, Оразова Айгуляс а оперин вокалехула шайн хьуьнарш гайтира. Церан аьзнаша цецбаьхнера хьовсархой.

Концерт чекхъяьллачул тIаьхьа Нохчийн Республикин культурин министран хьалхарчу заместитела Милькиев Рустама Дааев Хожа-Баудин цIарах «За развитие культуры ЧР» билгало елира Хван Ын Сокана.

З.ЛОРСАНОВА

№22, шинара, бекарг (март) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: