Яздархочун новкъахь хьалхара гIулч

Масех де хьалха Зорбанан цIийнехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистан, политикин Iилманийн кандидатан Баширов Сайд-Мохьмадан дуьххьарлера «Чеченская рулетка» книга йовзийтар. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров ШахIрудди, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель Батаев ГIайрсолта, иштта, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ, бевзаш болу нохчийн яздархой, журналисташ, республикин кхоллараллин интеллигенцин векалш, кхиберш. Цхьаьнакхетар дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.

– Яздархочо сурт ма-дарра дIагайта деза, массо а хестош яздича цунах туьйра хуьлу. ХIора а яздархочун коьрта Iалашо хила еза долуш долу хьал нахана довзийтар а, изза гIалаташ цаьрга цадайтар а. Оцу Iалашонца язйина ю Сайд-Мохьмада шен дуьххьарлера «Нохчийн рулетка» книга. Книгин автор, вийца а ца оьшуш, вайна массарна а хIора дийнахь телеканалехь гуш, вевзаш ву. Нохчийн а, оьрсийн а меттанаш цхьатерра шера а хууш, говза журналист Сайд-Мохьмад тахана яздархо санна вевзина вайна, – элира К.Ибрагимовс.

– Сайд-Мохьмада шен книга язъяр, цу книгина иштта цIе тиллар, шен цхьа кIорггера маьIна долуш, тIекхуьучу чкъуре кхайкхам бар санна ду. Баьхкинчу хьешашна юкъахь книга йовзаза цхьа а вацара. Массара а цхьабосса хестийра цуьнан книга а, цуьнан беркате дIадолор а. – Сайд-Мохьмад суна вевза ткъе итт шо сов хан ю, делахь а, тахана кхечу, керлачу агIор вевзи суна иза. Цуьнан книга автобиографически лара мегар ду. Оцу книгин «Нохчийн рулетка» цIе цхьа мIара чукхоьссина хIума санна тиллина ю, и цIе хезча и хIун ду хаа тIаьхьавалийта. Иза нохчийн къомах а, цуьнан кхечу къаьмнашца хиллачу юкъаметтигех а лаьцна язйина ю. Цу тIехь буьйцуш бу вайн устазаш а, бIешерашкахь яха шайн сийлахь цIерш йитина турпалхой а, царна юкъахь зударий а. Суна дика хета иза оьрсийн маттахь язйина хилар. Нохчийчохь лаьттинчу бохамашна берриге а бехк вайн ца хиллийла хуур ду иза ешначарна, – элира Минкаилов Эльбруса.

Нохчийн Республикин халкъан артиста Межидов Сахьаба иллеш олуш дерзийра книга йовзийтар.

М.ВЕГИЕВА

№22, шинара, бекарг (март) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: