Воккха стаг беркат ду. Беркат ду шен цIенна, юьртана, махкана. Оцу ойланехь чIагIло вай царах ирс эца, церан хьикматечу къамеле ладогIа аьтто баьлча. Iасанан юьхьиг яйн лаьттах а Iуьттуш, сих ца луш, тем беш, ладугIучунна ойла ян хан луш, цара деш долу къамел, олуш долу хIора дош хьан иэсехь даха дуьсу. ТIорказ чу дIадиллинчу дешин-детин меха карадо хьуна цара дийцинарг, цхьа мур дIабаьлча я дахарехь цхьа чолхе киртиг тIехIоьттича. Делахь-хIета оцу баккхийчу нахах, нохчийн къанойх ирс эца деза-кх вай, нохчий а, нах а хилла хIокху дуьненахь даха лууш делахь.
Баккхийчу нехан вайна дийца, вайна довзийта дуккха а ду: дайн Iадатех, нохчаллех, гIиллакхах, доьналлах, оьздангаллах, эхь-бехках, дуккха а кхечунах лаьцна. Дахаран Iилманийн хазна ю вайн къаной. И хазна дIаер йолуш ю, доккха байттамал а хуьлуш. Вайна доккха байттамал хир ду тахана царах ирс ца эцахь, уьш тергал ца беш, царна тIехдуьйлуш, дахаран хьашташна тIаьхьадаьзна лелахь. Иза иштта хирг цахиларе сатуьйсу вай. Сатуьйсу, сатийса меттиг хиларна. Вайн ирсана, таханлерчу къоначарна юкъахь а шортта бу, АлхьамдулиллахI! дайшна зеделларг довза хьаьгна, къоман гIиллакхаш, ламасташ, яьхь-юьхь ларъян лууш берш. Цундела, вайн ярташкахь, шахьаршкахь кест-кеста го воккхачу стагана гуо бина, цуьнга ладугIуш лаьтта кегийрхой. Кест-кеста хеза: «Воккха-Дада, дийцахьа»…
Хьастаха а нисвелла со ишттачу метте. Воккха-Дада ву жIайхойн лохачу гIантахь, шен кетIарчу туьркийн диттан IиндагIехь хиъна Iаш. Кегийрхой бу цуьнан къамеле ладоьгIуш лаьтташ, воккхачу стага дуьйцург, гIамаро хи санна дIахудуш. Цуьнга цхьана кхиазхочо хотту:
– Воккха-Дада, дийцахьа, вайн дайша божабер муха кхиош хилла?
– Доьзалехь божабер гучудаьлча дена тIемаш довлу, олуш кица ду вайн. Иза иштта дан а ду. ХIунда аьлча, божабер дуьнен чу даьлча, дена хаьа шен хIу шена тIехь хедар доций, шен тIаьхье хир юй. ТIаккха цунна ша хьоьгуш долу къа эрна ца хета. Баккъал а, иза эрна ца хилийта, шен доьзалхо халкъан гIиллакхаш девзаш, лелош, лардеш, эхь-бехк, стогалла, доьналла долуш, цхьана дашца аьлча, нохчалла долуш кхион веза цо. Иза ден декхар ду.
… Хьалха заманахь дас шен кIант ворхIара валлалц шен мостагI санна кхиош хилла. Хьоьстуш ца хилла, качвеш ца хилла. ВорхIара ваьлча, пхийттара валлалц шен лай волуш санна, болх бойтуш лелош хилла. Цунна къинхьегаман чам бовзуьйтуш хилла дечиге вуьгуш, але вуьгуш, асара вуьгуш, даьхни Iалашдойтуш. КIентан дегI дахчош хилла ирхонаш йохуьйтуш. Доьналла, собар, стогалла шен махке, халкъе безам кхиош хилла. Пхийттара ваьлча, оцу дерриге а зерех чекхваьлла шен кIант, накъост санна лелош хилла, шеца цхьаьна дикане-вуоне вуьгуш, цунна нахаца лелон еза юкъаметтиг йовзуьйтуш…
Пхийтта шо кхаьчча бералла чекхйолу. Иза баккхийчеран дарже волу. Воккхачун декхарш тIелаца деза, хьуьнар долуш хила веза иза оцу хене кхаьчча. Цо хIинца шен юкъ йоьхку. Доьзална, юьртана, махкана тIедеанчу диканан а, вуонан а дакъа кхочу цунна. Уггаре а дезаниг а, жоьпаллениг а ду цо пхийттара ваьллачул тIаьхьа шен дашах а, ша лелочух а нахана а, Далла а хьалха жоп дала дезаш хилар. Цхьа а ламаз, цхьа а марха, цхьа а фарз дита бакъо яц цуьнан пхийтта шо кхаьчначул тIаьхьа.
КIентан пхийтта шо кхаьчча, цунна Далла хьалха а, халкъана хьалха а долу къонахчун (шен) декхарш а, баккхийчеран (воккхаллин) декхарш а тIедожар хоуьйтуш, уьстагIа а боьй, сагIа доккхуш гIиллакх хилла нохчийн. ХIинца а вайн цхьаболчу доьзалшкахь лардеш ду и гIиллакх. Массара а лардеш хила дезаш а дара. ХIунда аьлча, иштта дIа ца хаийтича, шен бералла чекхъяьллий, шена тIехь баккхийчеран декхарш дуй, ша юкъ ехка еза хан тIекхаьчний ца хууш берш дукха бу тахана. И церан бехк а бац, тхан, баккхийчеран бехк бу. Царна (къоначарна) шаьш диканехь-вуонехь хила дезий,шаьш дегара дукъ схьаэца дезий ца хууш, уьш ткъе итт шаре бовлу.
… Ламазан хан хIинца а гена хиларна, вайн кIелдуьсуш кхин гIуллакх а цахиларна, хьалха заманахь пхийттара бевллачу нохчийн кIенташна тIеоьгуш хиллачу кхечу декхарех лаьцна а кIеззиг дийца лаьа суна, дIаваха луучунна паргIато а луш.
Вайн дай баьхначу заманахь дукха тIемаш лаьттина Нохчийчохь. Делахь-хIета, муьлхха а жима стаг тIемало хила Iама везаш хилла, шен доьзал, кхерч, юрт, мохк мостагIех ларбархьама. Амма пхийтта шо кхаьчнера аьлла тIемалошна юкъа дIаоьцуш ца хилла кIант. ХIонце а, мостагIашна дуьхьал тIом бан а боьлхучу бIаьхоша шайца воуьйтуш ца хилла лерринчу зерех чекхваьлла воцу жима стаг. Иза тIемалочун декхарш кхочушдан кечвеш, тайп-тайпана къийсадаларш, хьуьнарш зер дIахьош хилла. Ишттачарах зер хилла, масала, шен гIодаюкъал стомма цIулла дечиган серийн цIов цкъа тур тоьхна хадор. И цIов хадийначунна бен бакъо луш ца хилла тур лелон. ЦIулла серийн цIов нахана а гуш хадон безаш хилла. Мел ницкъ, говзалла, куьйган сихалла оьшу иштта серийн цIов хадон, мел ира хила деза жимачу стеган тур!
Оцу зерах чекхваьллачу кIанта дакъалаца дезаш хилла кхин цхьана къовсамехь а. Ши жима стаг, настарийн голанех ши кохьар а йихкина, хьалхавалар къовсуш, водуш хилла. Буса а, дийнахь а ца соцуш, вада везаш хилла и шиъ кхаа юьртах чекхваллалц. ХIуъа хиларх, тIаьхьа жIаьла даларх, я цхьамма герз, я мохь тохарх, орца дахарх, юхахьажа йиш ца хилла. Юхахьаьжнарг са кIезиг а, кхеравелла а лоруш хилла. Оцу зерах чекхваьллачунна секхаIад а, тIаьхьуо, топ а лелон бакъо луш хилла.
ХIинца, зама а, хан а хийцаяларца, вайн къомана юкъара дIадевлла и зераш. Хан-зама дIаяьллехь а жимачу стагах бIаьхо варан, иза вахчоран гIиллакхаш дIатаса ца деза. Церан меттана юкъадало мегар дара тахана дахарехь оьшур долу керла зераш, мехкан юкъарчу кхеташонехь дага а девлла, цхьа барт а бина.
Вуьшта, божаберан пхийтта шо кхаьчча, цунна баккхийчеран декхарш тIеоьгуш хилар хоуьйтуш долу мехала гIиллакх вайн наха дIатосуш хилар дийнна халкъана а иэшам боцуш хуьлийла дац, – дерзийра Воккха-Дадас шега диначу хаттарна жоп луш дина къамел. Цуьнан Iодика а йина, дIабахара кегийрхой, юха а цуьнга ладогIа сатесна а болуш.
Кегийрхошна цул хьалха цкъа а, цхьамма а дуьйцуш хезна гIиллакхаш дацара Воккха-Дадас дийцинарш. Царах цхьаберш хIинц-хIинца бен пхийттара бевлла а бацара. Царна хаа а ца хаьара шайна баккхийчеран декхарш тIеэгнийла а, шаьш шайн дайшца цхьаьна юьртарчу, махкарчу диканехь хила дезийла а. Ловзуш лела хан дIаяьллера церан. «ГIодаюкъ ехкар» бохучу дешнийн маьIнех тахана кхеттера уьш.
Хьаххийначуьра аьлча, Воккха-Дадас олуш ма-хиллара, кхиазхо иза пхийтта шо кхачаза долу божабер (зудабер) ду. Бер дацахь а, кхиъна ваьлла лоруш вац иза. И санна долу дика хIуманаш, гIиллакхаш дика девза оцу къаночунна. Цунах беркат, ирс эца Воккха-Дада волчу юх-юха а богIур бу кегийрхой, шайца кхин бераш а далош. Иштта хила дезаш а ду. Ца хила йиш а яц.
Хь.САИДОВ
№22, шинара, бекарг (март) беттан 21-гIа де, 2017 шо