Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой!

aaaaaaaa_cff79fe5416fe15c5bed4d7c975812c0

Декъалдо шу Нохчийн Республикин Конституцин денца!

Бекарг (март) беттан 23-гIа де Нохчийн Республикин халкъана башха де ду. Дейтта шо хьалха хилира халкъан кхоллам къастийна мехала хилам – референдум. Цигахь тIеийцира республикин Коьрта закон. Бала-гIайгIанаш дукха лайначу нохчийн халкъан историн керла агIо схьайиллира цо. Зилал дехьа дисира дуккха а бIешерийн дохаллехь вайна тIаьхьара ца довлуш хилла Iазапаш, тIемаш, къизаллаш, къелла, гIайгIанаш.

Къизачу тIемаша, терроризмо гIелбина нохчийн мохк баьчча оьшуш бара. Цунна оьшура кегарий дIабаккха, бакъонаш хьешар сацон доьналла, хьуьнар, хьекъал долу баьчча. Иштта баьчча хилла дIахIоьттира вайн Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. И бахьана долуш хIаллакбаран тохар дира дуьненаюкъарчу терроризмана а, динан экстремизмана а.

Республика денъяран а, когахIотторан а, кхиоран а некъ хьалха биллира цо халкъана, халкъо иза къобалбеш тIе а ийцира. Ахьмад-Хьаьжа кхеташ вара Россин бакъонийн хьаьрме юха ца дирзича, закон коьрта лоруш хьал ца хилча, цIий Iенор сацалург цахиларх. Цо юкъадаьккхира референдум дIаяхьа езаш хилар а, цигахь Нохчийн Республикин Конституци тIеэца езаш хилар а. Иштта гIулч яккха дукха хьалхе ду бохуш политикаша дIахьедарш деш хиллехь а, Ахьмад-Хьаьжа чIогIа тешаш вара шен халкъах, цуьнан хьекъалх, кхетамах, хьикматах. Иза цу тIехь гал а ца велира. Дукхах болчу бахархоша дерриге а халкъан референдумехь кхаж тесира сийлахь-йоккхачу пачхьалкхана – Россина юкъахь дахарехьа, Нохчийн Республикин Коьрта закон тIеэцарехьа. Оцу бакъдолчо юьхь йолийра кIорггерчу политикин а, социально-экономикин а кризисехь хилла республика меттахIотторан.

Цул тIаьхьа оццул шераш дIадевлча, вай юх-юха а чIагIло иза беккъа цхьаъ бен боцу нийса некъ хилла хиларан ойланехь. Цо таро елира халкъана юкъахь хилла галморзахаллаш дIаяха, масийтта декъе екъаелла хилла юкъаралла цхьаьнатоха, машар хиларе, республикин экономика кхиоре, бахархойн дахар тодаларе кхача.

Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Конституцийн коьртачу принципех куьйгалла а оьцуш, мехкан уггаре а исбаьхьа меттиг йина дIахIоттийна вай вешан республика. Кхул тIаьхьа а вайх дозуш дерг дерриге а дийр ду вай нохчийн махкахь машар хилийтарехьа.

Хьомсара махкахой!

Лаьа шун ондда могашалла, доьзалехь ийман, беркат хуьлийла, стигал даима а маьрша хуьлийла.

№23, еара, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: