ТIекIела шина дийнахь догIанаш ихначул тIаьхьа, стиглахь царах йисина мархаш мохо дIаса а лаьхкина, Iуьйранна дуьйна къеггина кхеттачу малхо дIасавоьдучун тидам тIебохуьйтура некъайистехь Iохкуш йолчу Iалханюьртахойн аренашкахь долчу хьолана – кенан ялташ чудерзийначул тIаьхьа бухайисинчу юьхкашна юккъехула цхьабосса хьалагIерта йолаеллачу соьналлина.
Лаьттаца гIуллакх догIуш волчу некъахочунна цо хаамбора оцу майданахь ялта шен хеннахь чуэцна даьлла хиларан, оцу майданийн дайш шайн декхарца кхиамца ларийна хиларан хьокъехь. Делахь-хIета, ялтин дараш хиларх хьалхабовла ницкъ кхаьчна церан . ХIунда аьлча, ялташ чудерзочу хенахь цуьнан дакъаделлачу гIодаца и соьналла хьалаялар бахьанехь хуьлуш долу дараш алсамдовлуш хиларна.
Изза чIагIдо Нохчийчоьнан юьртан бахаман министерствон Хьалха-Мартан районехь йолчу секторан куьйгалхочо Абдулкадиров Салавдис а.
– Бакъду иза, йоккха жигаралла гайти «Алхан-Юртовский» бахаман аренашлелорхоша хIокху аьхка, – хаамбо цо. – Районехь хьовха, дийнна республикехь а ала мегар долуш, массарал хьалха чекхдаьккхира цара 500 гектара тIехь кхиийна хилла буьртиган ялташ чудерзор. (ДоггIучуьра аьлча, хIора гектарана леринчу хьесапехь 27 центнер беркат чуийцира оцу майданашкара.) Иза ларамаза а дацара. Iалханюьртахойн аренашкахь гIуллакх дира хIинц-хIинца республике кхаьчначу «Вектор» маркех йолчу лаккхарчу эвсараллин еа комбайно.
Ерриге а районах дерг аьлча, ялташ чудерзоран юьхь дIайолош тхан аренашка яьккхинарг 24 комбайн яра. Белхаш юккъе бевллачу хенахь царна тIекхийтира Агротехсервисера кхин а бархI «Вектор». Латталелорхошна дика накъосталла а хилира царах – цхьаъ-ах эзар гектара тIера буьртиган ялта дара оцу дуьххьалдIа комбайнаша чуэцнарг.
– Ма тамаша бу оццул дукха уьш кхачийтар? – хоьтту аса Салавдига.
– Къайле йолуш хIума дац иза, я тхоьга озабезам бар а дац. Коьртаниг оцу комбайнаша бинчу балхана ахча дIадалар ду, – доцца жоп ло цо. – Ялтех паргIатъяьккхинчу хIора гектарах охьадилла 1500 сом делахь комбайнаш кийча ю шайн гIуллакх дан.
Терахьашца гойту говзанчас районан латталелорхой шайга кхаьчна лакхенаш. Юккъерчу барамехь хIора гектара тIера 24,7 центнер буьртиган ялташ чуэцна, цу юкъахь 26 центнер кIа – республикехь уггаре лакхара гайтам. Бахамийн хьаьтташка дIадерзийна I3,5 эзар тоннал сов ялта. Иза а бу районашлахь уггаре лакхарчу гайтамех цхьаъ.
Тоам бина буй хьалхамартанхой оцу жамIех?
– ДIадаханчу шерашка диллича-м ледара ду олийла дац уьш, – гуш ду царах кхоччуш тоам цунна хилла цахилар. – Бакъду, бIаьста дина хилла хьесапаш данне а кхечу кепара дара. Ялта хьийкъина кхуьуш хиларо гойтура хIора гектара тIера 30–35 центнерал кIезиг доцуш иза чуэца таро хирг хилар. Амма эрна аьлла дац «воьдуш йинарг чот яц, вогIуш йинарг бен». Iаламо шен нисдарш юкъадалийра. Буьртиг бузучу хенахь чIогIа оьшуш хиллачу догIанан цхьа тIадам а ца буьйжира стиглара. И бахьанехь буьртиг хаъал худабелира, аренашлелорхошна дикка эшам а беш. ХIетте а таханлерчу жамIашка кхача таро хилла арахь белхаш дIабахьаран хенаш яцъяран, дараш цахилийтаран чоьтах.
Уггаре алсам хазна юкъайиллина оцу юкъарчу гайтамашна гIойтIархоша а, мичуринхоша а. Хьалхарчара 1900 гектар гергга йолчу майданашкахь кхиийра буьртиган ялташ, ткъа шолгIачохь 730 гектара тIехь. (Кхузахь билгалдаьккхича нийса хир ду аьлла хета ялта чудерзорца уьш арахьара хиндолчу гIоьне ца хьоьжуш шайн ницкъашца ларийна хилар.) Цхьабоссачу хьелашкахь болчу цигарчу шина бахамехь гайтамаш а бара цхьатерра – хIора гектара тIера чуийцира 28 центнер. Районан кхечу бахамашкахь мелла а лахара дара цуьнан хьекъар, гектарана леринчу барамехь иза гулдар. Делахь а, цуьнга хьаьжна доцуш, лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, юкъара гайтам республикехь уггаре лакхара хиларе кхаьчна цигара латталелорхой.
Ялтин дикаллин агIо а ледара ю олийла дац. Цу тIехь тIаьххьара дош лабораторехь бинчу талламех доьзна хир делахь а, бахамашкахь тешна бу шаьш кхиийначу ялтех доккхах долчу декъах кхачанан сурсатийн хьашташна пайдаэца таро хирг хиларх. Цуьнан коьрта бахьана лору оцу районехь йолчу секторан куьйгалхочо министерствехь хIуьнан гIуллакхана хьакъ боллу тидам тIебахийтина хилар. Оцу декъехь ведомствос дIаяханчу гурахь хIора бахамна билггал декхар хьалхахIоттийна хилла хилар бахьанехь лаккхарчу дикаллин хIу дIаден аьтто хилира.
Цуьнан тIаьхье яра республикехь шен хIу кхиоран а, цуьнца вайн бахамийн хьашташна буьззинчу барамехь кхачояран а гIуллакх юьхьарлаьцна хилар а. Хьалха-Мартан районехь, масала, «Алхан-Юртовский» бахамехь цхьа бIе гектара тIехь дIадийра шатайпа башхалла йолу (оригинальни) хIу. Тоам хилла бу цигахь шайн хьалхарчу жамIех а. ХIора гектара тIера чуэцна 33 центнер хIуьнна лерина долу ялта. Хаъал яккхийчу майданашкахь оццу Iалашонна суперэлита кхиийра «Гойта» ОПХ-хь а, Мичуринан цIарахчу бахамехь а.
– ТIейогIучу гурахь дуьйна дуьззина дIадаккха ницкъ кхочур бу республикал арахьара хIу эцар, – тешна ву Салавди. – Цкъа-делахь, чохь юьсур ю оцу гIуллакхана хIора шарахь еш хилла Iаламат яккхий харжаш, шолгIа-делахь, аьтто хир бу ялтин дикаллина тIехь таллам латто. Ткъа билггал тхан районах дерг аьлча, тIейогIучу гурахь коьртачу декъана тхешан бахамашкахь кхиийна хIу дIадуьйр ду оха. Мелла а тIеоьшуш меттиг хилахь, гена бац хIуьнан Iалашонна ялта кхиийна болу лулахой а. Кху шарахь дуьйна оцу гIуллакхо бахамийн куьйгалхойн а, говзанчийн а корта лазор бу аьлла ца хета суна. Къамел ца хьакхалуш ца дуьсу цкъачунна лазаме хилла дуьсуш долчу къинхьегамна ял яларх. С.Абдулкадировс дийцарехь, и гIуллакх а, тайп-тайпанчу фондашний, ЖКХ-ний хьалха долу декхар а хаддазчу тергамехь ду министерствон куьйгаллин. Ах гергга декхар дIатекхна бахамаша латталелорхошна къинхьегамна ял дIаяларехь. Иза елла ахчанца а, ялтица а, чаца а (бакъду, чах цхьа дакъа «Вектор» комбайнаша ата а отуш, ялтин арахь дIасадаржийра удобренин меттана). Буьззинчу барамехь тIера даьхна кхидолу такхарш а. Масала, дуьххьалдIа электроэнергех хилла декхар дIадалархьама 150 тонна ялта дохка дийзира.
Кху шарахь хьалхамартанхоша динчу гIуллакхийн хьесапаш деш гучудолу уьш ерриге а районашна коьртехь богIуш хилар: хуьлда иза ялтин хьекъар, иза гулдар (билгалдаккха деза рапс чуэцарехь а цигахь пачхьалкхан бахамашлахь тоьлла гайтам хилар – хIора гектара тIера итт центнер рапсан хIу чуэцна районехь), адамашна хьалха долу декхар дIатакхар. Ур-аттал тIейогIучу гурахь ялташ дIаден хIу а, латта а кечдар. Охана дарехь а республикехь уггаре лакхарчарах гайтам бу церан – 630 гектар. Тахана бахамашкахь долу хьал тидаме эцча и хьалхе шайгара дIахеца ойла йолуш болчух тера а дац уьш.
…Охана дечу готанийн бен кхин гIовгIа йоцуш тийналла хIоьттина тахана бахамийн аренашкахь. Арахь маьлхахIуш кхиъна довллалц садаIа шаьш гуттар а лаьтташ йолчу меттигашка дIахIиттина комбайнаш а. Амма еха лаьттар яц и тийналла. Дукха хан ялале чуэца йолор ю хьаьжкIаш, маьлхахIуш, шекаран буракаш, аьлча а, тIекхочур бу адамаш зеран рогIера мур. Даггара теша и белхаш дIабахьарехь а вайн латталелорхоша шайн хьуьнарш гойтург хиларх.
Л.МАГОМАЕВ