Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!
Хьомсара Нохчийн Республикин бахархой!
Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн а, сайн а цIарах ас даггара декъалдо шу Нохчийн Республикин Конституцин денца!
Нохчийн халкъан керлачу исторехь уггаре а мехалчарах цхьа дезде ду хIара. ХIунда аьлча, Конституци уггаре а коьрта бакъонийн документ ду, юкъаралла шайца ехаш долчу дерриге а законийн маьIна а, чулацам а билгалбоккху цо.
14 шо хьалха Нохчийн Республикин халкъо гIолецира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолоран, юха цо юкъаяьккхинчу Конституцин проект тIеэцарехьа кхаж а тесира. Политикин оцу мехалчу гIулчо вай тIедалийра машар хиларна а, дуккха а къаьмнийн Россин Федерацина юкъахь кхиарна а, зазадаккхарна а. Билгалдаккха деза вайн халкъан оьмарехь республикин хиндерг дуьххьара дерриге а халкъан референдумехь къастийна хилла хилар.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ницкъ кхечира маьрша дахар дIахIотторна ондда бух билла. Оцу буха тIехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана, федеральни центро гIо а лоцуш, меттахIиттийра йохийна хилла ярташ, гIаланаш, бахархойн конституционни бакъонаш!
Билггал Нохчийн Республика Россин Федерацин бакъонийн хьаьрме юхаерзоро а, ткъа иштта маьрша дахар дIахIотторехь Кадыровн Командо гайтинчу даккхийчу хьуьнарша а коьрта маьIна лелийра регион социально-экономикин кхиорехь.
Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!
Хьомсара доттагIий!
Кхин цкъа а даггара декъалдо шу Нохчийн Республикин Конституцин денца! Лаьа шун ондда могашалла, ирс, аьтто хуьлийла.
№23, еара, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2017 шо