Налогашкахула декхарш хила ца деза

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхеташо дIаяьхьира Правительствон декъашхошца, гIаланийн а, кIоштийн а администрацийн куьйгалхошца. Цигахь дийцаре дира налог тухуш болу бух тобаран а, налогашкахула долу декхар дIадаккхаран а хьокъехь долу гIуллакхаш.

Цкъа хьалха дийцира транспортан налогехула долу декхар тIера даккхарехь дан дезачух лаьцна. Россин налогийн федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалхочо Цамаев Мовсара дийцарехь, транспортан декхар вовшахкхетта вайн махкахь арахоьцуш йолчу автотранспортана налогаш яларехь гIоли яр 2016-чу шарахь дIадаккхар бахьана долуш. «Вайн махкахь арахецна машенаш йолчу 120 эзар стагана тухуш налогаш яцара. ДIадаханчу шарахь дIадаьккхина царна гIоленаш яр, Къилбаседа Кавказан федеральни округан юкъарчу гайтамашка хьаьжжина дIанисдира хьал. И бахьана долуш транспортан налогехула декхар кхолладелла. Декхар болчаьрга массаьрга а хаамаш бахьийтина оха», – элира цо.

Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара билгалдаьккхира, транспортан гIирсана регионехь тухуш йолу налог Россин кхечу субъекташкахь йолчул дикка лахара хилар. «Транспортан гIирсаш болчарна тIехь дерш кхин дIора даккхий декхарш а дац. Делахь-хIета, церан ницкъ кхочур боцург дац цаьрга доьхуш дерг. Вайн мехкан ерриге а регионашкахь йоллу налог ю иза. Ас ма-аллара, кхечу регионашкахь йолчул лахара ю иза», – бохура цо.

Кадыров Рамзана кхолладелла хьал шен тидамехь латтор тIедиллира М.Цамаевна. «Налогашкахула цхьана а тайпа декхарш хила ца деза вайн. Телевиденехь дийца деза, пайдаэца беза шуьйрачу хаамийн кхечу гIирсех. Адамаш кхеторан болх дIабахьа беза. И болх хаддаза дIахьош хила беза. Цул сов, налогийн органийн болх кхин а тобан беза», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Цо гIаланийн, кIоштийн администрацийн куьйгалхойн тидам тIебахийтира меттигашкахь налогийн органашна цу тIехь гIо дан дезаш хиларна. «КIоштийн куьйгалхоша а болх бан беза бахархошца. Уьш кхето беза налогаш дIаяла езаш хиларх. Иза вайн юкъара гIуллакх ду. Республика кхиарна, бахархойн дахарна-Iерна новкъарло хинйолу хIума нисдалийта ца деза вай», – тIечIагIдира Р.Кадыровс.

Республика кхидIа а кхиорна, цуьнга зазадаккхийтарна а закъалт ду налогаш схьагулъяран белхан эвсаралла. Иза билгал а доккхуш, Р.Кадыровс элира: «Налогаш схьагулъярехь ледарло яро тIедалор ду регионан бюджетехь дефицит хиларна. Некъаш дахка, школаш, берийн бошмаш, социальни хьаштийн кхин гIишлош ян аьтто хир бац вайн оцу гIуллакха тIехь мало йича».

С.ХАМЗАТОВ

№23, еара, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: