Экологин шарахь Соьлжа-ГIалахь эзарнаш синтарш дугIур ду

Россин Федерацин Президента Путин Владимира 2016-чу шеран кхолламан (январь) беттан 5-чу дийнахь куьг яздинчу Указаца нийса а догIуш, карара 2017-гIа шо Экологин шо ду аьлла дIакхайкхийна Россехь. Оцу сацаман Iалашо ю экологин декъехь йолчу проблемашна тIе тидам бахийтар, мехкан экологин хьал тодар.

0_14cb08_7d0d31df_orig

Соьлжа-ГIалахь жигара дIахьош ду даккхий гIаш долу хьехаш догIар. Карарчу хенахь «Зеленстрой» комбинатан белхалой Сайхановн цIарахчу урамехь болх беш бу. Пачхьенан мэрис бечу хаамца, оцу декъа тIехь 40 сов дитт дугIур ду.

Комбинатан коьртачу агронома Орсаханов Рамзана дийцарехь, хIаваэхь йолу зене газаш а, ченаш а «чуузу» хьехо. Цул сов, гIовгIа лахъярца а къаьсташ ду иза. Синтарш дика дендалийтархьама цхьамогIа гIуллакхаш до. Масала, оьрнаш чу Iаьржа латта тосу, орамашна тIе синтарш даккхий хуьлуьйтуш йолу биостимулятор хьокху, ткъа хи тоьхначул тIаьхьа, хIора ши-кхо де моссазза долу, синтарш нисдийр ду, оьш-оьшучу агIор дIасаозош.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас, Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима дийцарехь, Россехь дIакхайкхийначу Экологин шеран гурашкахь Соьлжа-ГIалахь эзарнаш синтарш дугIур ду, царна юкъахь къахкан, муьшдечиган, ножан, хьехан синтарш хир ду. Кегий синтарш а, даккхий дитташ а цхьатерра дугIур ду. ХIокху шарахь хIинцале а 124 синтар доьгIна Митаевн цIарахчу урамехь а, Путинан цIарахчу проспектехь а, Ненан сийлаллин паркехь а. РогIехь ю Кадыровн цIарах йолу проспект а, Шериповн цIарах болу урам а, кхиберш а. Цуьнца цхьаьна Соьлжа-ГIалахь дIахьош бу диттийн генаш кхадаран муьран белхаш.

А.ВАХАЕВА

№23, еара, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: