«Дагестанан мукъамаш» – вай долчохь

Бекарг (март) беттан 16-чу дийнахь А.-Хь.Кадыровн цIарахчу Сийлаллин комплекс-музейхь Дагестан Республикин хьакъволчу суьрт ашдахкархочун Магомедов Iамирханан суьртийн гайтам схьабиллира.

плда84п54па

Гайтаман «Дагестанан мукъамаш» цIе тIечIагIъеш санна комплексан гайтаман йоккхачу зала чохь лерсина аьхна схьахезаш бара Дагестанан халкъийн мукъамаш.

Гайтам схьабоьллуш дакъалецира Сийлаллин комплексан директора Ахмадов Iабдул-ВахIаба, Нохчийн Республикин хьакъволчу художника Асуханов Iамандис, Нохчийн Республикин Парламентан депутата Тагиев Мурада, студенташа, дешархоша, кегийрхойн организацийн декъашхоша.

Гайтам дIахьош йолчу музейн фонд Iалашъяран отделан Iилманан говзанчас Бекмурзаева Резедас йоцца доклад йира Магомедов Iамирханан дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзуьйтуш.

Хьалхара дош I.-В.Ахмадовс элира. Цо билгалдаьккхира Iамирхана 2010-чу шарахь А.-Хь.Кадыровн цIарах йолу комплекс схьайоьллуш гIо дина хилар, шен коллекцина юкъара ши сурт музейна делла хилар. Шен къам, мохк дукхабезаш воккха патриот ву Iамирхан, цундела шен лулахойн, вайн культура, мохк лара хууш ву иза».

Асуханов Iамандис хаийтира Iа.Магомедовн гайтаме баьхкина дуккха а кегийрхой хиларх ша воккхавеш хилар. Дукха хан ю Iамандина Iамирхан вевзаш волу. Гайтаман автор суртдилларан искусствон ерриге а жанрашкахь говза хилар а хьахийра цо. Парламентан депутата М.Тагиевс дийцарехь, лулахойн похIма долу нах – суьрташдахкархой, яздархой – вайн кегийрхошна бовзар дика ду.

– Культурехула мерза гергарлонаш тасало. МаьIне ду Даге станера суьрташдахкархо вайн республике вар, – билгалдаьккхира цо.

Гайтаман авторе делира тIаьххьара дош. Вайн республикехь шен гайтам вовшахтоха а, хьовсархошна иза дIагайта а шен аьтто хилла хазахета шена бохура Iамирхана. Нохчийн Республикин къоначу суьрташдахкархошна оьшучу хенахь шен хаарш довзийта, мастер-класс яла ша даима а кийча хилар хаийтира I.Магомедовс. «Нохчийн Республикин бахархоша дозалла дан деза шайн иштта хьуьнаре, дош лелаш, къоман культурица гIайгIа-бала болуш Куьйгалхо Кадыров Рамзан хиларх» – элира Iамирхана.

«Дагестанан мукъамаш» аьллачу суьртийн коллекцина юкъара цхьа сурт совгIатна музейна дитира I.Магомедовс.

Цул тIаьхьа цIен аса а хадош схьабиллира гайтам.

Суьрташ цхьаъ вукхул хаза, чулацаме, адаман дахарехь уггаре а маьIне дерг гойтуш дара. Царна юкъахь дара боданехь къуьдан серлонца Сийлахь Къуръан доьшуш Iачу воккхачу стеган сурт. Дагестанан лаьмнаш, шовданаш, Дагестанан культурин, Iилманан декъехула бевзаш болу нах. Iалам, бIаьсте исбаьхьа, хаза, говза гайтина автора.

Дерриге а 50 сурт ду гайтамехь. Гайтам оханан бутт юккъе баххалц лаьттар бу. Дагестанан Республикин хьакъволчу суьрташдахкархочун Магомедов Iамирханан гайтаме вогIург цхьа а дохковер вац. Керла чам, доккха похIма, хазалла ю цуьнан кхоллараллехь.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№23, еара, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: